Урок 18. Хандешнийн хенийн чаккхенаш нийсаязъяр

Маршалла  ду шуьга хьоме дешархой.
Х1окху  урокехь вай дуьйцур ду: хандешнийн хенийн чаккхенаш нийсаязъярх лаьцна.
Х1уманан дар, хилар гойту
Къамелан дакъа ду со
Х1ун дина? Дийр ду? Я до?
Хаттаршна жоьпаш а ло.
-Х1инца вай, цкъа хьалха хандашах лаьцна дуьйцур  ду:
-Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъах хандош олу.
Цо жоп ло: х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу?
-Оьрсийн маттахь цунах глагол олу.
-Глагол — часть речи, которая обозначает действие предмета и отвечает на вопросы: что делать? что сделать?
-Хандешан кхоъ хан ю: карара хан, яхана хан, йог1у хан.
-Яханчу  хенан хандешнаш  пхеа кепара  хуьлу:
1. Дар я хилар къамел дечу хенахь хуьлуш хилар гойтучу хенах карара хан олу.
Масала: доьшу, яздо,шелло,йохло.
2. Дар я хилар х1инцца дукха хан йоццуш хилла  хилар гойтучу хенах х1инцца яхана хан олу.
Масала: х1инц  эли, дийци, хези.
3. Дар я хилар дуьйцуш волчунна гуш я хезаш хилла хилар гойтучу хенах гуш яхана хан олу.
Цунна хьалха маь1ница суна а гуш, суна а хезаш боху дешнаш ала мега.
Масала: Суна а гуш, суна а хезаш, элира, яздира, дийцира цо: арахь шелъелира, малъелира.
4. Дар я хилар къамел дале хьалха хилла хилар гойтучу хенах яхана хан олу.
Масала: яздина, дешна, шелъелла, малъелла.
5. Дар я хилар хьалххе хилла хилар гойтучу хенах хьалха яхана хан олу.
Масала: яздинера, дешнера, шелъеллера, йохъеллера.
6. Дар я хилар дукхазза а хилла хилар гойтуш, хан хаьдда чекхъяьлла йоцуш, хан еха д1аоьхуш хилла хилар гойтучу хенах ихна хан олу.
Цу хенан хандашна хьалха маь1ница -хийлазза, дукхазза а- боху дешнаш х1итто мега.
Масала: Дукхазза а гора, яздора, хийлазза дуьйцура.
7. Цхьана дашах лаьтташ а, хила а, ца хила а мегаш долу шеконан маь1на луш а йог1учу хенах хила мега хан олу.
Масала: Тахана ца воьдуш, кхана г1ор со цига.
8. Шина дашах лаьтташ а, шеко йоццуш хила дезаш лору дар я хилар гойтуш а йолчу йог1учу хенах хин йолу хан олу.
Масала: Со кхана билггал вог1ур ву цига.
Хандешан хенийн чаккхенаш кху кепара язйо:
1. Карарчу хенан –у,-а.
Масала: вог1у, доьшу,лаьтта,хеза.
2. Х1инц яханчу хенан –и,-ий.
Масала: 1еми, 1амий, хези, хазий.
3. Гуш яханчухенах –ира,-ийра.
Масала: 1емира, 1амийра, хезира, хазийра.
4. Яханчу хенан -ина, -ийна, -на, -ла, -да, -та, -т1а.
Масала: 1емина, 1амийна, керчина, керчийна, дешна, аьлла, едда, аьтта, яьтт1а.
5. Хьалха яханчу хенан –инера, -ийнера, -нера, -лера, -дера, -тера, -т1ера.
Масала: 1еминера, 1амийнера, дешнера, аьллера, хаьддера, еддера, аьттера, яьтт1ера.
6. Ихначу хенан -ура, -ара, -ора.
Масала: Вог1ура, дуьйцура, 1емара, лаьттара, гора, яздора, шеллора, йохлора.
7. Йог1у хан, хин йолу хан хила мегачу ханна г1оьнан хандош т1екхетарца хуьлу.
Масала: вог1ур, вог1ур ву, хезар, хезар ду.
1. Карарчу хенан орамехь балдийн мукъаниг (о, оь, у, уь, ю, юь, ой, ов) хилахь, цуьнан чаккхенга балдийн мукъа элп –у яздо.
Масала: доьшу,узу.
2. Карарчу хенан орамехь балдийн доцу мукъаниг (аь, е, из, ий, ев, аьв) хилахь цуьнан чаккхенга балдийн доцу мукъа элп -а яздо.
Масала: Хаьа, лаьа, 1ема, ц1ийза, вевза.
-Х1инца вай 1амийнарг  т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовсур ду .
-Лахара хандешнаш массо а хенашкахь д1аяздеш, церан чаккхенаш билгалъяха.
хьожу, локху, хеза.
Кеп: 1ема, 1амадо, 1еми, 1емира, 1емина, 1еминера, 1амор, 1амор ду.
-Нийса жоп иштта хир ду:
хьожу, хьаьжи, хьаьжира, хьаьжна, хьаьжнера, хьожура, хьожур ю
локху, лекхи, лекхира, лекхна, лекхнера, локхура, локхур ю
хеза, хези, хезира,  хезна, хезнера, хезара, хезар ю
-Х1инца шуьга кхочушдайта хьовсур ду вай цхьа т1едиллар, билгалдаьхна хандешнаш хенашца а хуьйцуш, т1адамийн метта дилла деза элп а дуьллуш.
Деттара дог1а, хьоькхура мох, г1ерг1ара Терк. Воккха стаг цигахь иштта хиъна 1аш, буьйса а дикка к1аргъелира, мох а мелла а г1елбел…ра, цул т1аьхьа дукха хан ялале, дуьне эккхийта санна, ч1ог1а стигал а къевкъина, дог1а а ц1еххьана сец…ра. 1овраш а екара, Терк а уг1ура. Иштта д1аел…ра
кхин а к1езиг зама. Воккхастаг г1аьтт…ра. Иза берда йистехула хьалатекх…ра.  
Жоп:
Деттара дог1а, хьоькхура мох, г1ерг1ара Терк. Воккхастаг цигахь иштта хиъна 1аш, буьйса а дикка к1аргъелира, мох а мелла а г1елбелира, цул т1аьхьа дукха хан ялале, дуьне эккхийта санна, ч1ог1а стигал а къевкъина, дог1а а ц1еххьана сецира. 1овраш а екара, Терк а уг1ура. Иштта д1аелира
кхин а к1езиг зама. Воккхастаг г1аьттира. Иза берда йистехула хьалатекхира.
-Х1инца урок ерзош, ас шуна Эдиловс яздина мог1анаш доьшур ду, хандешнаш  билгалдохур ду вай.
Сихалло садоккху боху.
Собаро, боху лам боккху
И кица ширделла ч1ог1а
Маь1на а дац цуьнан доккха.
Тахана вайна  хандешнийн хенаш а, яханчу хенан кепаш а, церан  чаккхенаш нийсаязъяр а девзи.
Ц1ахь бан болх а лур бу вай шуна, сочинени миниатюра язъе гуьйренах лаций.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Нохчийнмотт 6 класс. Дешаранпособи. Москва «Русское слово» 2014 год. Янгульбаев В.А., Махмаев Ж.М.
Нохчийнмотт (орфографи а, пунктуаци а). 10-11 классаш. Дешаранпособи. Москва «Русское слово» 2014 год. Джамалханов З.Д., Чинхоева Т.Н.
Нохчийнметтаннийсаяздарандошам. Грозный книга 1992.Джамалханов З.Д., Алироев И.Ю.
Истории и проблемы формирования чеченского литературного языка. Институт развития образования Чеченской Республики. Грозный 2010 год. Гиреев.В.Ю.
Самукъане грамматика. Дешаран пособи.Соьжа-г1ала. Издательство «Арфа-Пресс»2010. Эдилов.С.Э.
5-6 классашна нохчийн меттан дидактически материал. Нохч –г1аг1айн книжни издательство. 1984 Я.1. Эсхаджиев, Э.Хь. Солтаханов.

Close
Яндекс.Метрика