Урок №9 Билгалдешан терахьашца хийцадалар

Вай кхин д1а а дуьйцур ду билгадашах лаьцна.
Билгалдош — х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха ? хьенан ? стенан ? мацалера ? мичара ? бохучу хаттаршна жоп луш долу къамелан дакъа ду.
Хьовсур ду вай билгалдешнаш терахьашца муха хийцало.
Тидам бе х1окху лаамазчу билгалдешнийн терахьашца хийцадаларан
Масала:
беха некъ-(бу) – деха некъаш-(ду) 
Йоккха г1ала (ю) – яккхий г1аланаш (ю)
Жима к1ант (ву) – кегий к1ентий (бу)                           
Жима йо1 (ю) – кегий мехкарий (бу)
Х1ун башхалла го вайна х1ара лаамаза билгалдешнаш терахьашца хийцича?
Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар церан лаамаза,лааме хиларе хьаьжжина хуьлу. Цу т1е доьг1на вайн ала таро ю:
йоккхаллий, жиммаллий,бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш терахьашца хийцало! Уьш цхьаллин терахьера дукхаллин терахье довлуш церан чаккхе хийцаелла ца 1аш, классан гайтам, орамера аз хийцадала тарло.
Д1аяздийр ду вай кхин цхьа масалш а:
Нохчийн мотт, хьаьжк1ийн аре, къаьмнийн доттаг1алла.
Дашо сахьташ, болатан арсаш.
Муьлха билгалдешнаш ду вай д1аяздинарш? Х1ун эр дара вай кхарех лаьцна? 
Нохчийн мотт — нохчийн — (хьенан?) — билгалдош ду, дукх. терахьехь а ду; мотт — (х1ун?) — ц1ердош цхьаллин терахьехь ду.
Хьаьжк1ийн аре – хьаьжк1ийн (стенан?) билгалдош ду, дукх. терахьехь а ду; аре (х1ун?) ц1ердош — цхьаллин.терахь ду.
Къаьмнийн доттаг1алла — къаьмнийн — (хьенан?)-билгалдош ду, дукхаллин терахьехь ду; доттаг1алла — (х1ун?) — ц1ердош, цхьаллин терахьехь.
нохчийн мотт — нохчийн — (хьенан?) — билгалдош ду, дукх. терахьехь а ду; мотт — (х1ун?) — ц1ердош цхьаллин терахьехь ду.
Хьаьжк1ийн аре – хьаьжк1ийн (стенан?) билгалдош ду, дукх. терахьехь а ду; аре (х1ун?) ц1ердош — цхьаллин.терахь ду.
Дашо сахьташ — дашо (муха?) бил. цхьаллин терахь. Сахьташ (х1ун?) ц1ердош дуккхаллин терахь
Болатан арсаш — болатан (стенан?) билгалдош — цхьаллин.терахь, арсаш (х1ун?) дуккхаллин терахь.
Бинчу  белхан жам1 дича, вайна билгалдолу  уьш юкъаметтигаллин билгалдешнаш хилар. Вайна ма-гарра, уьш хила тарло цхьаъ цхьана терахьехь, важа вукху терахьехь а долуш.
1. Ц1ердош цхьаллин терахьехь а долуш, билгалдош дукхаллин терахьехь а долуш.
Масала:
Нохчийн мотт, хьаьжк1ийн аре, къаьмнийн доттаг1алла.
2. Ц1ердош дуккхаллин терахьехь а долуш, билгалдош,цхьаллин терахьехь а долуш хила а тарло.
Масала:
Дашо сахьташ, болатан арсаш.
Баьллийн бошмаш – баьллийн (стенан?) бил.дуккхал. терахьехь, бошмаш(х1ун?) дуккхаллин терахь .
Кегий к1ентий – кегий (муха?) билгалдош дуккхаллин терахь, к1ентий,(муьлш?) — дукхаллин терахь.
Кхузахь вайна билгалдолу  лаамаза билгалдешнаш — ц1ердош а, билгалдош цхьана терахьехь  долуш   хила а тарлуш хилар
Х1инца хьовсур ду вай лаамечу билгалдешнийн терахьашца хийцадаларе
Масала
 Цхьаллин терахь    —      дуккхаллин.терахь
Муханиг?                             Муьлхарш?
лекханиг                               лекханаш 
мерзаниг                               мерзанаш 
Баьццарниг                         баьццарнаш
Лааме билгалдешнаш дерриге а терахьашца хийцало.
Т1едиллар №1.
Текст д1а а йоьшуш, цу юккъера билгалдешнаш схьа а яздина, церан терахьаш билгалдаха хьовса:
Пенах тоьхначу  жимчу  уьнна т1е  х1оттийна  мехкадаьттанца баго эчиган чиркх, г1ийла серло луш богура, х1етте а шена т1ера исхаран г1овтал, лаьстиган хеча, когара т1ерг1ан пазаташ д1а ца йохура.  Шийла 1а чекхдели, т1екхечи дог1ане б1аьсте.
Т1едиллар №2.
Х1ара билгалдешнаш дукхаллин терахье даха деза:
Лаамаза билгалдешнаш
Дуткъа аз
Йоккха х1усам
Жима к1орни
Стомма муш
Лааменаш
Дуткъаниг
Йоккханиг
Жиманиг
Стомманиг
Шу тахана дийцинчух дика кхетта хир ду аьлла хета суна
Вай дийцинарг т1е а ч1аг1деш 6-чу классан  учебник т1ера 5-г1а бакъо 1амае; билгалдешнаш юкъахь а долуш 5- предложени х1оттае; билгалдешнийн терахьаш а билгалдаха.
1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт — 6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика