Вайн рог1ерчу урокан тема ю:
Билгалдешан синтаксически билгалонаш ю.
Лаамечу а, лаамазчу а билгалдешнийн предложенехь синтаксически г1уллакх муха ду хьовсур ду вай.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш:
Масала:
Хаза туьйранаш дуьйцура бабас тхуна. (хаза – къастам бу).
Б1аьстенан де суьйренга лестинера. (б1аьстенан – къастам бу).
Х1окху предложенешкахь билгалдели лаамаза билгалдош предложенехь къастам хилар.
Х1инца хьовсур вай предложенехь лаамечу билгалдашах, маь1не хьаьжжина, подлежащи, кхачам я т1едерзар муха хуьлу.
Масала:
Асхьабг1еран кертахь воккханиг вацара.
Марета тетрадех ц1енаниг юьстах диллира.
Хьомениг, ас декъал йо хьо йинчу денца!
1-рчу предложенехь- воккханиг— подлежащи ду.
2-чу предложенехь- ц1енаниг-кхачам бу.
3-чу предложенехь- хьомениг – т1едерзар ду.
Т1едиллар №1
Билгалдаха, х1окху предложенешкара билгалдешнаш лааме ду я лаамаза ду.
Масала:
К1айчу лайно, куйнаш техкинера дитташна а, тхевнашна а.
Аьстамарниг т1ех маса говр яра.
Масане тамашийна сурт х1оьттина хир ду тхан юьртах.
Хьехархочо дуккха а керланиг довзийтира тхуна.
Т1едиллар №2
Дийца, предложенин муьлха меженаш ю билгалдешнаш кхузахь:
Йоккхачу ц1арна гонаха хевшина 1ара бераш
Диканиг, бинерий ахь аьхка болх?
Лекханиг не1арехь лаьтташ вара.
Тахана урокехь вайна хии, лааме билгалдош предложенехь, шен маь1не хьаьжжина, подлежащи, кхачам я т1едерзар хуьлий лелий
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.