Урок №62 Карладаккхар. Лексика.

Вай дIахьур ю  лексиках 1амийнарг карладаккхарна лерина урок. 
Къамел дешнех лаьтта. 
Меттан дерриге а дешнех лексика олу. 
Дешнаш нийсачу маьIнехь а, тардинчу маьIнехь а лела. 
Дешнаш хуьлу: омонимаш, синонимаш, антонимаш.   
Алар а, яздар а цхьатера а долуш, маьIна тайп-тайпана долчу дешнех омонимаш олу
Масала: нIаьна боргIал ю (петух), нIаьна сагалмат ю. (червь).  
ХIетал-металшца омонимаш билгалйохур ю вай: 
Бежанан цIе – стоьман цIе. Х1ун ю иза?
Бежана хьайба ду, хьайба дитт а, цу т1ера стом а бу.              
Докъар – экха.  
Докъар ча ду, ча хьуьнан экха ду.                                                       
Олхазар – сагалмат.
Н1аьна   олхазарийн тайпа а ду, лаьттахула лелаш берг а н1аьна бу.                        
Iаламан хийцам – цIийнан хехо.
Дог1а иза 1аламан хийцам бу, дог1а ц1ийнан не1арн тухуш дерг ду.        
Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маьIна гергара долчу дешнех синонимаш олу. Масала: йиш — аз, дера — оьгIазе.
Х1инца, синонимаш а ялош, хIокху хаттаршна жоьпаш дала  хьовсур ду вай: 
Лаьтта бухара хьаладолуш долу хи? Х1ун олу цунах?
Буса чохь сагайта латош ерг? Х1ун ю иза? 
Адам чохь дехаш — Iаш йолу хIусам?                                           
ЦIахь кхобучу хьайбанашна яа хьалха тосург? Х1ун ю иза? 
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
МаьIница дуьхь-дуьхьал долчу дешнех антонимаш олу.
Масала: сиха-паргIат, доггаха-дегаза.  
ХIокху дешнашна антонимаш ялае:
Тахана, Iуьйре  аьхке , де, к1айн, теза, дика, комаьрша, йоккха, лекха, еха, юткъа.  
Цхьа а мотт бац беккъа шен къоман дешнех лаьтташ. Кхечу меттанашкара дешнаш тIеоьцуш, кхуьу  меттан лексика. 
Иштта, нохчийн маттахь а ду кхечу меттанашкара тIеэцна дешнаш: оьрсийн, Iаьрбойн, туркойн …
Масала: Iаьрбойн маттера вайн матте тIеэцна дешнаш ду: еса, шапаIат, Салават, КъурIан, хьаьрк, и. дI. кх. а.
Кху т1ехь вай Лексиках долу хаарш карладахаран болх чекхболу. 
 
Пайдаэцна литература: 
1.Эдилов С. Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна дешаран пособи
г. Грозный, 2010 г. 
2. В. А. Янгульбаев, С. В. Янгульбаева «5-чу классехь нохчий мотт  хьехар» г. Грозный, 2003 г.
4. В. А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт» 5 –чу классан учебник   г. Грозный, 2011 г.
5. З. Д. Джамалханов, М. Ю. Мачигов «Нохчийн мотт» г. Грозный, 1964 г.
6. А. Исмаилов «Дош» г. Грозный , 2005 г.

Close
Яндекс.Метрика