Вайн таханлерчу урокехь предложенин цхьанатайпанарчу меженех 1амийнарг карладоккхур ду.
Цхьана предложенехь хила тарло шиъ я цул сов подлежащи, сказуеми, кхачам, къастам, латтам.
Цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш йолчу меженех предложенин цхьанатайпанара меженаш олу. Уьш вовшех запятойшца къастайо.
Масала:
Схьакхечи сирла, цIена бIаьсте.
Кху предложенехь сирла, ц1ена цхьанатайпанара меженаш ю. Цара жоп ло муха? бохучу хаттарна. Предложенехь уьш къастамаш бу.
Синтаксически толлур ю вай цхьа предложени:
Шен мерза са а, дог а, дахар а Даймахкана дIаделира турпалхочо.
(Х1ун дира?) ДIаделира – сказуеми ду;
ДIаделира (хьан?) турпалхочо – подлежащи;
(Х1ун?) Са, дог, дахар- уьш нийса кхачамаш бу.
(Хьенан?) шен- къастам бу.
(Муха?) мерза – къастам;
(Стенна?) Даймахкана — лач кхачам бу;
Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца, уьш ерриш а юкъа а лоцуш, дош хуьлу, цунах юкъара дош олу.
Нагахь санна юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха хилахь, цунна тIехьа шитIадам буьллу.
Нагахь санна иза цхьанатайпанарчу меженашна тIехьа хилахь, цунна хьалха тире юьллу. Масала:
1а, б1аьсте, аьхке — шеран хенаш хазахетара йоккхачу стагана.
Йоккхачу стагана хазахетара шеран хенаш: 1а, б1аьсте, аьхке.
Предложенин цхьанатайпанарчу меженашца а, амма, бакъду, иштта кхийолу хуттургаш а хуьлу. Амма, бакъду бохучу хуттургашна хьалха запятой юьллу. Хуттург а даима цхьанатайпанарчу меженашна тIехьа я царна уллохь лела, запятой а цунна тIехьа юьллу.
Масала:
Де аьхкачул сирла а, довха а дара.
Цо дуьйцура г1ийла, амма хьекъале.
Х1инца, цхьанатайпанара меженаш юккъахь йолуш, олхазарех, дийнатех, диттех лаьцна предложенеш язъян хьовсур ду вай.
Тхан юьртарчу хьуьнхахь тайп-тайпана олхазарш ду: хенакIур, зарзар, буппалг, чIоб, бухIа, леча, алкханч, хаьшталг.
Суна дуккха а хьуьнан дийнаташ девза: лом, борз, ча, цхьогал ,сай,цIокъ.
Тхан школан кертахь дуккха а дитташ ду: маьлказ, бага, талл, поп, наж, маъ, дак, мах.
Вай карладехи предложенин цхьанатайпанарчу меженех долу хаарш.
Т1ейог1учу урокехь лексиках долу хаарш карладохур ду вай.
Кху т1ехь вай урок чекхйолу.
Пайдаэцна литература:
1.Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна дешаран пособи
г.Грозный, 2010 г.
2.С -М. Гелагаев «Олхазарийн дуьне – сан дуьне» Нальчик -2007г.
3.В. А. Янгульбаев, С. В. Янгульбаева «5-чу классехь нохчий мотт хьехар» г. Грозный, 2003 г.
4.А. Исмаилов «Дош» г. Грозный , 2005 г.
5.В. А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт» 5 –чу классан учебник г. Грозный, 2011 г.