Урокан тема:
Масаллин, рог1аллин терахьдешнаш, карладаккхар.
Тахана вай карладоккхур ду масаллин, рог1аллин терахьдешнех а, иштта терахьдешнийн чаккхенаш нийсаязъярх а лаьцна долу хаарш.
Оьрсийн маттахь «имя числительное» олу терахьдашах.
Масаллин терахьдешнех- количественные, рог1аллин терахьдешнех — порядковые числительные олу царах.
Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
Х1уманан масалла а гойтуш, маса? бохучу хаттарна жоп луш дерш масаллин терахьдешнаш ду.
Масала: маса? — итт, пхиъ, ялх, ткъа, шиъ.
Х1уманан рог1алла а гойтуш, мосалг1а? мосазлаг1а? бохучу хаттаршна жоп луш дерш рог1аллин терахьдешнаш ду. Масала: уьтталга, пхоьалг1а, йолхалг1а, ткъолг1а, шолг1а, шозлаг1а, пхоьазлаг1а.
Т1едиллар №1.
Х1окху предложенешкара терахьдешнаш, къовларшна юкъахь йозанца д1аязде:
Шеран 12 (…) бутт бу. Июль шеран 7г1а (…) бутт бу. Тхан заводехь 15 (…) машен ю. 9чу (…) классехь 23(…) дешархо ву. Митингехь 13 (…) эзар стаг вара. Стоьла т1ехь 28(…) тетрадь 1уьллу. Тахана кемано йинарг 5г1а (…) рейс яра. 40 (…) шо а долуш, лекха дег1 а долуш вара сан ваша. 6 (…) стаг д1аволавелира, биснарш царна т1аьхьах1иттира. 10 (…) сахьт даьлча ц1а кхечира экскурсе бахнарш. Вевзаш волу нохчийн яздархо Бадуев Саь1ид вина 1903 (…) чу шарахь. 16 –чу (…) дийнахь д1акхечира тхо йиллинчу метте.
Масаллин терахьдешнаш дукхахьолахь шаьш масалла гойтуш долчу ц1ердешнашца цхьаьна лела, цхьадолу ц1ердешнаш терахьдешнашца ца лела. Масала:
Биъ ког, ткъа котам, б1е стаг, шийтта юрт, исс коч — масаллин терахьдешнаш шаьш масалла гойтуш долчу ц1ердешнашца цхьаьна лела.
Шура, моз, ц1оз, т1уо, даьтта — х1ара ц1ердешнаш терахьдешнашца ца лела.
Диъ а, деаннах схьадевлла а терахьдешнаш классашца хийцало.
Масала:
Дейтта б1ар, безткъа ког, диъ б1е туьма, ейтта эзар кибарчиг, везткъа стаг – х1ара терахьдешнаш шайца классан гайтам болуш ду: Ду, Бу, Ю (йу) Ву
Терахьдешнашца лелаш долу дерриге а ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь лела. Масала:
Пхи коч, шийтта туьма, ворх1 шо, ялх куй, пхийтта дитт — терахьдешнашца лелаш долу ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь, ц1ерниг дожарехь лела.
Рог1аллин терахьдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу. Ц1ердашна хьалха а лаьтташ, цуьнан рог1алла гойтучу терахьдашах лаамаза рог1аллин терахьдош олу.
Ткъа рог1аллин лааме терахьдош лаамазчарна т1е суффикс -ниг кхетарца кхоллало.
Масала:
Уьссалг1а-уьссалг1аниг, кхоалг1а-кхоалг1аниг, шиъ-шолг1аниг лааме рог1аллин терахьдешнаш ду.
Берх1итталг1а шо, ворх1алг1а де, ткъе цхьайтталг1а ц1а лаамаза рог1аллин терахьдешнаш ду.
Предложенехь лаамаза рог1аллин терахьдош дукхахьолахь къастам хуьлий лела.
Лааме рог1аллин терахьдешнаш предложенехь, маь1не хьаьжжина, подлежащи, т1едерзар я нийса кхачам хуьлий лела.
Масала:
1аббаз пхоьалг1ачу классехь доьшуш ву. Доьшуш ву (мосалг1ачу?) пхоьалг1ачу — къастам бу. Кхоалг1аниг массарел а лакха кхоссавелира. Кхоссавелира (мила?) кхоалг1аниг — подлежащи ду. Мог1ара д1ах1иттинчу берашна юкъара хьехархочо уьссалг1аниг билгалваьккхира. Билгаваьккхира (хьан?) — хьехархочо, билгаваьккхира (мила?) — уьссалг1аниг — нийса кхачам бу.
Хаа деза, терахьдешнийн чаккхенаш муха кхоллало а, уьш нийса ала а.
Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш лаамаза мухаллин билгалдешнаш санна дожаршца хийцало, ткъа лааме рог1аллин терахьдешнаш лааме билгадешнаш санна хийцало, церан чаккхенаш цхьатера хуьлу.
Масала:
Лаамаза мухалин билгалдешнаш Лаамаза рог1аллин терахьдешнаш
Ц1 мерза 1аж кхоалг1а де
Дл мерзачу 1ежан кхоалг1ачу дийнан
Л мерзачу 1ежана кхоалг1ачу денна
Др мерзачу 1ежо кхоалг1ачу дийно
К мерзачу 1ежаца кхоалг1ачу дийнаца
Х мерзачу 1ежах кхоалг1ачу дийнах
М мерзачу 1еже кхоалг1ачу дийне
Дс мерзачу 1ежал кхоалг1ачу дийнал
Лааме мухаллин билгалдешнаш Лааме рог1аллин терахьдешнаш
Ц1. сирланиг пхоьалг1аниг
Дл. сирлачун пхоьалг1ачун
Л. сирлачунна пхоьалг1ачунна
Др. сирлачо пхоьалг1ачо
К. сирлачуьнца пхоьалгачуьнца
Х. сирлачух пхоьалг1ачух
М. сирлачуьнга пхоьалг1ачуьнга
Дс. сирлачул пхоьалг1ачул
Цхьалхе а, чолхе а терахьдешнийн дожаршца хийцадалар ц1ердешнийн санна хуьлу, ткъа х1оттаман терахьдешнийн т1аьххьара дош бен ца хийцало дожаршца.
Масала:
Цхьалхе терахьдош — пхиъ. Чолхе терахьдош — кхойтта. Х1оттаман терахьдош — ялх эзар дейтта.
Ц1. пхиъ кхойтта ялх эзар дейтта
Дл. пхеаннан кхойттаннан ялх эзар дейттаннан
Л. пхеанна кхойттанна ялх эзар дейттанна
Др. пхеанно (мма) кхойттанно(мма) ялх эзар дейттанно
К. пхеанца кхойттанца ялх эзар дейттанца
Х. пхеаннах кхойттаннах ялх эзар дейттаннах
М. пхеанне кхойттанне ялх эзар дейттанне
Дс. пхеаннал кхойттаннал ялх эзар дейтаннал
Ц1ахь бан болх:
Масаллин терахьдешнаш йозанца д1а а яздеш царех рог1аллин терахьдешнаш кхолла:
2, 3, 4, 5, 11, 12, 23, 105, 1812.
Х1окху урокехь вай карладехи масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш а, церан чаккхенаш нийса язъяр а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.