Вайн урокан ц 1е ю: Билгалдош, цуьнан синтаксически г1уллакх.
Къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаар.
Тахана вай дуьйцур ду билгалдашах а, цуьнан синтаксически г1уллакхех лаьцна а, иштта къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаарх лаьцна а.
Урок д1айолош Мамакаев 1аьрбин «Б1аьстенан 1уьйре» стихотворени а ешна, цу юкъара билгалдешнаш шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца схьа а яздеш, билгалдешнех 1амийнарг карладоккхур ду вай.
Б1аьстенан 1уьйре
Буьйсанна набарха йолий,
Сирла б1аьрг дуьнен чу боьллий
Сахуьлий т1екхочу г1оттий,
Эсалчу б1аьстенан 1уьйре.
Стиглахь малхбалехьа серло,
Мархийн бос дашо беш, кхерста,
Баххьашца къегачу малхо,
З1аьнаршца бода д1атоьтту.
Ц1ен зезаг гарманан арахь,
Бай кхолуш, т1амаршца г1отту,
Тхи къегаш баьццарчу бай т1ехь
Кегийра седарчий х1уьтту.
Боьллий (х1ун?)-б1аьрг, б1аьрг (муха?)-сирла
Г1оттий (х1ун?) – 1уьйре, 1уьйре (стенан?) – б1аьстенан, б1аьстенан (муьлхачу?) – эсалчу.
Бос (стенан?) — мархийн
Г1отту ( х1ун?) – зезаг, зезаг (муха?) – ц1ен
Х1уьтту (х1ун?) – седарчий, седарчий (муха?) – кегийра, бай т1ехь (мухачу?) – баьццарчу.
Билгалдош (имя прилагательное)- къамелан дакъойх коьртачех цхьаъ ду.
Билгалдош олу х1уманан билгало а гойтуш, муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп луш долчу къамелан декъах.
Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу, цо ц1ердешан билгало гойту.
Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало.
Билгалдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу. Лаамаза билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела.
Масала:
Малхбалехьара схьаевлира 1аьржа мархаш.
(х1ун дира?) – схьаевлира, схьаевлира (х1ун?) – мархаш, мархаш (муха?) – 1аьржа. Кхузахь- 1аьржа къастам бу.
Лааме билгалдешнаш предложенехь, шайн маь1не хьаьжжина, подлежащи, нийса кхачам я т1едерзар хуьлий лела.
Масала:
Царах жиманиг бухависира.
(х1ун дира?) – бухависира, бухависира (мила?) – жиманиг. Жиманиг – подлежащи ду.
Зайнапис т1оьрмигех боккханиг д1абийхира.
(х1ун дира?) – д1абийхира, д1абийхира (хьан?) – Зайнапис, д1абийхира (х1ун?) – боккханиг. Боккханиг – нийса кхачам бу.
Хьомениг, бинерий ахь аьхка болх?
Бинерий (хьан?) – ахь, бинерий (х1ун?) – болх, бинерий (маца?) – аьхка.
Хьомениг – т1едерзар ду.
Нохчийн мотт исбаьхьа, хаза, хьалдолуш мотт бу. Дог – ойла ма-ярра ц1ена, нийса, юьззина д1айийца, билгалъяккха йиш ю вайн маттахь.
Билгалдешнаша предложенехь д1алоцуш йолу меттиг йоккха ю. Билгалдешнаша вайн къамел хаздо, тодо, вайн меттан хьал совдоккху,цуьнан г1оьнца къамелан чулацам а толо. Цундела вайна билгалдешнех нийса пайда эца хаа деза.
Исбаьхьа суртх1отточу билгалдешнех хуьлуш йолу эпитеташ сов хаза нисло нохчийн маттахь.
Масала:
Барзах – гила борз, бацах-сийна буц, шовданах-шийла шовда, сих – мерза са, малхах – дошо малх, туьрах – дуткъа тур, терсмаймал дуткъа тур, ткъа Саь1ид Бадуевс шен «1имран» ц1е йолчу дийцарехь «дуьненна а исбаьхьалла латтош болу сийлахь дашо малх» аьлла.
Къамелехь билгалдешнех – синонимех а нийса пайда эца хаа деза вайна.
Маь1на гергара долчу дешнех олу синонимаш
Масала:
Гуш яра цуьнан буьрса, оьг1азе юьхь. Ц1еххьана туьйхира сиха, чехка дог1а. Каде а, т1ахъаьлла а т1емало вара 1усман. Цуьнца цхьаьна г1иллаккхе а, к1еда- мерза а вара.
Х1окху предложенешкахь синонимаш ю:
буьрса, оьг1азе
сиха , чехка
каде, т1ахъаьлла
г1иллаккхе,к1еда- мерза.
Т1едиллар №1.
Оьшучохь билгалдешнаш юкъа а далош, т1еюза х1ара предложенеш:
Т1екхечи гуьйре. Малхо хьалха санна ца дохдо дуьне. Дитташ т1ехь гуш дара 1ежаш. Бераша ца 1ебаш дуура уьш.
Г1оьнна дешнаш:
Дашо, токхе, бовхачу, лекхачу, стоьмийн , мерза, ц1ен, кегийчу.
Х1окху урокехь вайн таро хили билгалдашах 1амийнарг карладаккха, иштта цуьнан синтаксически г1уллакх девзи,къамелехь цунах нийса пайда эца йиш хир ю шун аьлла а хета суна.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.