Х1окху урокехь вай дуьйцур ду хандешнийн цхьаллин а, дукхазаллин а кепех лаьцна. Оьрсийн маттахь «форма глаголов единственного и множественного числа»
Дар я хилар цкъа кхочушхилар гойтучу хандешнех цхьаллин кеп олу.
Масала:
Суьрте хьожу, го тосу, к1ант воду, ижу лоху, ж1аьла лета.
Дар я хилар дукхаза (я хаддаза ) кхочушхилар гойтучу хандешнех дукхазаллин кеп олу.
Масала:
Суьрте хьоьжу, го туьйсу, к1ант уьду, ижу лоьху, ж1аьла лиэта.
Ткъа х1инца, х1окху дешнийн цхьаьнакхетаршна юкъара цхьаллин кепехь долчу хандешнашна к1ел цхьа сиз а, дукхазаллин кепехь долчу хандешнашна ши сиз а хьокхуш, болх бийр бу вай.
Нуй хьокху, бакъо лоьху, к1анте хотту, дада дехьаволу, юьртахо цецвуьйлу, не1 етта, эшар локху, дог1а дог1у.
Нийса х1окху кепара хир ду
Цхьаллин кепера хандешнаш:
хьокху
хотту
дехьаволу
локху
дог1у
Дукхазаллин кепера хандешнаш:
лоьху
цецвуьйлу
етта
Т1едиллар №1.
Шаьш схьаяздина цхьаллин кепера хандешнаш дукхазаллин кепе а дохуш, дукхазаллин кепера хандешнаш цхьаллин кепе даха.
Вайна х1окху урокехь хии, дар я хилар цкъа кхочушхилар гойтучу хандешнех цхьаллин кеп олий а, дар я хилар дукхазза кхочушхилар гойтучу хандешнех дукхазаллин кеп олий а.
Ц1ахь бан болх.
Арсанукаев Шайхин стихотворени юкъара цхьаллин а, дукхазаллин а кепара хандешнаш.
Гуьйренца дужу г1а санна,
Оьгу вайн дахаран денош,
Цхьаъ доьду кийрахь дог делош,
Ткъа важа-моьттура хьанна?
Чекхдолу б1аьргех хиш ледош!
Вай урок цу т1ехь ерзор ю вай. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.
Параграфы