Урок №45 Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш

Ц1ердешнех  лаьцна кхид1а а дуьйцур  ду вай. Урокан тема: Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш».
Ц1ердешнаш хуьлу юкъара а, долахь а.
Масала:
Юкъара       Долахь 
юрт              Шуьйта
г1ала           Хьалха-Марта
лор              1умар
йо1              Малика
журнал        «Стела1ад»
дийцар        «Борз»
хи                Терк
Хьалхарчу б1ог1амалгехь долчу ц1ердешнаша х1уманийн юкъара ц1е билгалйоккху:
юрт бохучу  ц1ердашо массо а ярташ юкъалоцу,  амма х1ора юьртан ц1е яккха дезча, цуьнан долахь ц1е йоккхур ю, масала: Шуьйта, Ведана, Атаг1а. 
Г1ала, масала: Хьалха-Марта, Шела;
Лор, масала: 1умар, Ахьмад;
Йо1  — Малика, Хьава, Асет;
Журнал, масала «Стела1ад», «Нана»;
Дийцар: «Борз», «Доттаг1алла»;
Хи, масала: Терк.
Ша санна йолчу х1уманах къасто тиллинчу ц1арах долахь ц1ердош олу.    
Долахь  ц1ердешнаш – даима доккхачу элпаца яздо.
Долахь ц1ердешнаша билгалъеш хила тарло:
Адамийн ц1ерш – Мовлди, Айзан, Лайлаъ, Алихан;
Фамилеш – Сулаев, Мамакаев, Бадуев;
Яртийн ц1ерш – Мартан-Чу, Рошни-Чу, Шалажи;
Г1аланийн ц1ерш – Шела, Соьлжа-Г1ала, Москва;
Хин ц1ерш – Марта, Орга, Г1ой, 1асс;
Произведенийн ц1ерш – «Майра к1ант Сулима», « Баьпкан юьхк», «Зайнди»;
Газетийн а, журналийн а ц1ерш – «Даймохк», «Хьехархо», «Орга», «Нана»; 
!  Тидаме эца деза: произведенийн, газетийн, журналийн, книгийн ц1ерш кавычкаш юккъахь язйо.
Х1уманийн юкъара ц1е билгалйоккхуш долчу ц1ердашах  юкъара ц1ердош олу.
Юкъара ц1ердешнаш  жимачу элпаца яздо.
Вайн маттахь долахь  я юкъара ду ца къасталуш, шеко кхоллалуш ц1ердешнаш ду. 
Масала:
Долахь ц1ерш                          Юкъара ц1ерш            
Куьйра — к1ентан ц1е                  куьйра — олхазар; 
Аьрзу — к1ентан ц1е;                   аьрзу — олхазар;
Кхокха — йоь1ан ц1е;                  кхокха олхазар;
Марха — йоь1ан ц1е;                   марха — стиглахь лелаш йолу марха;
Седа — йоь1ан ц1е;                     седа — стиглахь схьакхета седа;
И тайпа ц1ердешнаш долахь я юкъара  ду   хаархьама  вай   хьовса  деза  уьш  адамийн ц1ерш  ю  я яц. Т1аккха  вай  г1алат дийр  дац  уьш  яздеш.  Нагахь  санна  уьш  адамийн ц1ерш елахь,  доккхачу элпаца язйо, юкъара ц1ерш елахь,  жимачу элпаца  язйо.  
Масала:
1. Стиглахь гуш цхьа а седа бацара. 2.Седа, дешна яьлча, юьрта балха яхара. 3. Къилбехьара цхьа к1айн марха гучуелира. 4.Мархина бедарш тегаран говзалла карайирзинера.
Хьалхарчу предложенехь седа боху ц1ердош – юкъара ц1ердош ду, х1унда аьлча кхузахь буьйцуш болу седа, стиглара седа бу, иза  долахь ц1е яц. 
Шолг1ачу предложенехь — Седа — долахь ц1е ю. 
Кхоалг1ачу предложенехь марха боху ц1ердош юкъара ц1е ю, кхузахь юьйцург стиглара марха ю. 
Йоьалг1ачу предложенехь — Марха долахь ц1е ю.
Х1окху урокехь юкъара а, долахь а ц1ердешнех лаьцна дийцира вай. Уьш къасто а, нийса яздан а хаа деза. 
Ц1ахь юкъара а, долахь а ц1ердешнаш юккъахь долуш ялх предложени х1оттае.
Вайн урок кху т1ехь чекхъйолу.1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Бопаева Сацита Моулдыевна
Алиханова Малика Лечаевна

Close
Яндекс.Метрика