Урок №44 Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр

Таханлерчу урокехь вай дуьйцур ду яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъярх лаьцна.
Вайна ма-хаъара, нохчийн меттан урокашкахь вай мел 1амош йолу бакъо къамел нийса дан а, йоза г1алаташ доцуш хилийтарна а т1ейоьг1на  ю. Мотт хаар дац, нагахь вайна кехат нийса, г1алаташ доцуш, яздан ца хаахь. Ткъа вайна вешан мотт а, цуьнан грамматика а  ца йовзахь,  кхечу къаьмнашна  хьалха а иза кхардаме хир ду.
Ткъа х1инца вешан  урокан  коьртачу коьчална т1едахкале, карлайохур ю вай хандешан яханчу хенан кепаш.
Яханчу хенан хандешнийн кепаш:
Х1инцца яхана хан: х1ун дин? Х1ун хили?- эли, язди, кхеби.
Гуш яхана хан: х1ун дира? х1ун хилира?- элира, яздира, кхебира.
Яхана яьлла хан: х1ун дина? х1ун хилла? – аьлла, яздина, кхаьбба.
Хьалха яхана хан: Х1ун динера? х1ун хиллера?- аьллера, яздинера, кхаьббера.
Яхана ялаза хан: х1ун дора? х1ун хуьлура?- олура, яздора, кхобура.
Х1инца хьовсур ду вай яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийса язъярхьама, уьш муха  кхоллало.
Х1инцца яхана хан кхоллало билгалзачу кепан хандешнийн орамера аз хийца а луш, т1е –и, -ий  кхетарца:  къада- къеди, сацо- саций, ала- эли.
Гуш яхана хан кхоллало х1инцца яханчу хенан хандешнашна т1е  -ра кхетарца: къеди- къедира, саций-сацийра, эли- элира.
Яхана яьлла хан кхоллало х1инцца  яханчу  хенан хандешнашна т1е  -на кхетарца а,  орамера мукъаза аз  шалхадаларца а: къеди- къедда, саций- сецца, эли- аьлла. ( хаьтти- хаьттина).
Хьалха яхана хан кхоллало яхана яьллачу хенан хандешнийн чаккхенгара –а  д1а а долуш, цуьнан меттана – ера х1оттарца: къедда— къеддера, сецца- сеццера, аьлла- аьллера.
Яхана ялаза хан кхоллало карарчу хенан хандешнашна т1е – ра кхетарца: къеда- къедара, соцу- соцура, олу- олура.
Т1едиллар №1.
Ялийначу байташкара яханчу хенан хандешнаш схьа а карадай, билгалдаккха уьш муьлхачу кепехь ду а, иштта дийца церан  кхолладаларх а лаций.
Буьйсанан бода д1акъахкош,
1уьйрено кор диллина.
Батто шен дашо ч1уг хьовзош,
Малхе раж д1акховдийна.
Сахиллалц буьйса хазйина,
Седарчий къайладевлла,
Шен хаза т1емаш даржийна,
Полла а самабаьлла.
(Закриева Пет1амат)
Кеп: диллина- дилли+ на (яхана яьлла хан).     
Хьоме дешархой, таханлера урок кху т1ехь ерзор ю вай. Со тешна ю, х1окху уроках аша пайда эцна хир бу аьлла.
1одика йойла шун. Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика