Вайна тахана хандашах лаьцна кхиъ керланиг девзар ду.
Урокан тема ю «Хандешан хенаш. Карара хан».
Оьрсийн маттахь аьлча «Времена глагола. Настоящее время».
Д1айоьшур ю вай х1ара байт.
Буьйсано хьаьстина набарна вижаво,
Дахарах дуьстина, г1ан-хаамаш карайо.
Б1аьргаш схьадиллича беттаса делало,
Вайн къоман дика к1ентий дахаро хестабо.
Дерриге а дуьне ахьа серладоккху,
Халкъана ло хьайгара серло.
Хьан серлоно дог парг1атдоккху,
Хилахьа гуттара, беттаса, лепаш.
(«Беттаса». В.Умалатов)
— Кхузахь дуй дар я хилар гойту дешнаш?
— Делахь, билгалдохур ду вай уьш:
вижаво, карайо, делало, хестабо, ло, серладоккху, парг1атдоккху
Оцу дешнаша х1ун гойту?
Цара гойту дар я хилар къамел дечу хенахь чекхдалаза хилар. Царна х1ун до? Х1ун хуьлу? боху хаттарш х1иттадо.
Масала: (х1ун до?) – вижаво, карайо, делало, хестабо, серладоккху парг1адоккху и.д1.кх.
Вайна хаа деза хандешнийн коьрта кхо хан хилар:
карара хан (х1ун до? х1ун хуьлу?) – яздо, йоьшу
яхана хан (х1ун дина? х1ун хилла?) – яздина, ешна
йог1у хан (х1ун дийр ду? х1ун хир ду?) – яздийр ду, йоьшур ю
Т1едиллар №1.
Билгалзачу кепан хандешнаш карарчу хене даха:
ала
хьажа
деша
кхосса
ган
ван
г1овтта
кхайкха
къовла
совца
Т1едиллар №2.
Шолг1а т1едиллар иштта хир ду.
Т1адамийн метта дог1у хандешнаш х1итто деза.
Ас г1улчаш…. К1адвелла, сих-сиха…. Вота хилла…. дог.
… кхо эзар г1улч. Дикка ….. аьхкенан де.
Х1ора шарахь зезагаш … ас.
Г1оьнна дешнаш: кхиадо, ягарйо, деттало, садо1у, д1айолу, дохло.
Т1едиллар №3.
Х1ара хандешнаш карарчу хене а дохуш, предложенеш х1иттае кхаьрца.
Яьхна, лецира, дийшира, кечдинера.
Т1едиллар №4.
Х1инца х1окху байтехь схьакаро деза карарчу хенан хандешнаш, царна буха сиз а хьокхуш, хаттарш а х1иттош, билгалдаха уьш:
Мерза дош аларо
Ненан дог деладо.
Там ч1ог1а хиларо
Оьг1азениг велаво.
(В.Умалатов)
Вайна тахана хандешан карара хан евзи. Карарчу хенан хандешнашна х1ун до? х1ун хуьлу? боху хаттарш х1иттадой а хии.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.