Урок №41 Хандешан билгалзачу кепан нийсаязъяр, цуьнан чаккхенгахь «Н» яздар

Хьалхарчу урокехь вайна девзира билгалзачу кепан хандешнаш.
Тахана вайн  цхьаьнакхетарехь  дуьйцур ду церан нийсаяздарх лаьцна.
Вайн урокан тема ю «Билгалзачу кепан хандешнаш нийсаяздар».
Карладоккхур ду вай  хьалхарчу урокехь хандашах лаьцна 1амийнарг.
Хандош  — х1уманан дар я хилар гойту къамелан дакъа ду.
Цо жоп ло х1ун дан? х1ун хила? бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу  а  хаттаршна.
Цхьа а хан билгал ца еш кеп ю хандешан. Цунах  хандешан билгалза кеп олу.
Иза хандешан юьхьанцара кеп ю, инфинитив а олу цунах.
Цхьа а хан билгал ца еш, дуьххьал-д1а г1уллакхан дар я хилар гойтучу хандешан кепах хандешан билгалза кеп олу. (инфинитив)
Билгалзачу  кепан хандешнийн чаккхенгахь  дукхахьолахь  хезаш хуьлу меран  аз –н.  Амма иза цхьаьна дешдекъах лаьттачу хандешнашкахь бен ца яздо.
Масала:
Бан, лан, ган, ван, дан.
Нагахь  оцу меран озана хьалха элпаш  -о, -е  нислахь, уьш дифтонгаш хуьлу:
Сацо – сацуо ; зен – зиэн ; хьен – хьиэн; ден – диэн.
Билгалзачу  кепан хандешнийн суффиксаш ю:
 -а; -о (-он); -ан; -ен.
Харца, ида, сатта, хьага.
Кхачо, лато, ядо, маго, яго, хадо (хадон)
Яздан, хаздан, 1амаван
Т1едиллар №1.
Х1окху байташна юкъахь билгалзачу кепан хандешнаш  билгал а дохуш, церан суффиксаш  къастае:                                                          
Со сутара 1амаван  г1ерташ,
Ахь суна барт бетта эшац,
Сан бахам: т1орказахь деши дац,
Ц1естачу тхевнаца г1ала яц.
Сан б1аьргех к1айн туьха даккха
Г1ерта хьо, къаналла, алал?
Сан къона диэка аз кагдан,
Со тишчу ворданах тарван?
Ма г1ерта хьо зама сецо,
Вахийта айвелла воьдург.
Вайн дайша ,1ожаллех леташ
Лехна некъ серлонга боьдург.
(Мамакаев М.)
Вай шуна довзийти билгалзачу кепан хандешнаш  нийсаяздар, хандешнийн чаккхенгахь  меран аз–н маца дуьллу а хаийти. Билгалзачу кепан хандешнийн суффиксаш а евзи вайна.
Кху т1ехь вайн  урок чекхйолу. Шу марша 1ойла! 1одика йойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика