Вай кхид1а а дуьйцур ду хандашах лаьцна.
Таханлера вайн тема ю «Хандешан билгалза кеп». (Оьрсийн маттахь – неопределенная форма глагола)
Хандош, вайна ма- хаъара, коьртачех къамелан дакъа ду. Цо гойту х1уманан дар я хилар. Х1ун дан? х1ун хила? х1ун до? х1ун хуьлу? бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу а хаттаршна жоьпаш ло.
Масала: эца, сенъяла, 1ема, йохло и.д1.кх.
Хандешан цхьа а хан билгал ца еш кеп ю. Цунах билгалза кеп олу. Цо цхьа а хан билгал а ца еш, дуьххьар-д1а г1уллакхан дар гойту.
Цхьа а хан билгал ца еш, дуьххьар-д1а дар я хилар гойтучу хандешан кепах билгалза кеп олу. Цунна х1иттадо х1ун дан? х1ун хила? боху хаттарш.
Масала:
Х1ун дан? хьалавала, хатта, деша, ала.
Х1ун хила? малъяла, шелъяла, йохъяла, ц1анъяла.
Цхьадолу хандешнаш терахьашца а, классашца а хийцало:
Масала:
Дилла — дахка, лалла — лахка
Вада – яда — бовда, вига — йига – бига.
Билгалдаккха деза цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенга меран аз билгалдеш долу -н яздар
Масала
Ган, ван, дан, зиэн, лан, тан и.д1.кх.
Т1едиллар №1.
Предложенешна юкъара билгалзачу кепехь долу хандешнаш схьаязде:
Ведда, юха а ловза вахара Майрбек. Дукха хан ца ийшира йо1ана кехат деша. Воккха стаг ц1еххьана цхьаьнга ладег1а х1оьттира. Тоьар ду велха, ваха веза хьа. Сацо ца хуучун багахь мотт герзал а зуламе бу.
Т1едиллар №2.
Лахахь далийна хандешнаш билгалзачу кепе а даха:
Хьахий —
Листира —
Дийци —
Марздира —
Тов —
Деара —
Зоь —
Т1едиллар №3.
Х1окху т1едилларехь, дага а лоцуш, билгалзачу кепан хандешнаш язде т1адамийн метта:
Хьажк1ашна (х1ун дан?)………..; арахь (х1ун хила?)………..; говрана (х1ун дан?)………; ялта (х1ун дан?)…….; пондар(х1ун дан?)………….; суьйре (х1ун хила?)…………; поппар (х1ун дан?)
Г1оьнна дешнаш: асар дан, шелъяла, х1оъ бала, д1аден, лакха, т1еян, хьаха.
Тахана вайна девзи билгалзачу кепан хандешнаш, хии цара цхьа а хан билгал а ца еш, дуьххьал-д1а г1уллакхан дар хилар гайтар.
Вай урок кху т1ехь чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.