Урок №36 Ц1ерметдешнийн нийсаяздар

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду «Ц1ерметдешнийн нийсаяздарх лаьцна», цул совнаха ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш, предложенеш х1итто а 1амор ду вай шу.
Яханчу урокашкахь 1амийна шуна хууш ду шайн ц1ерметдешнаш маь1ане хьаьжжина, тайпанашка декъалуш хилар. Дерриге а ц1ерметдешнаш итт тайпана хуьлу.
Шайн тайпанашка хьаьжжина цхьадолчу ц1ерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш иштта ю:
Чолхе ц1ерметдешнаш юккъе сизалг хьокхуш яздо: со-суо, ша-шега, айса-сайх, церан-шайн;
Яххьийн ц1ерметдешнаш со, тхо, хьо, шу — хотталург, дустург дожаршкахь, орамера аьзнаш лардеш яздо: со-сол, тхох-тхол, хьох-хьол, шух-шул (церан орамехь оь, уь яздар нийса дац);
Шу боху ц1ерметдош коьчалниг, меттигниг дожаршкахь — шуьца, шуьга аьлла яздан деза (шоьца, шоьга нийса дац);
Цуьнан, шун бохучу доладерзоран ц1ерметдешнийн лаамечу кепехь шина а терахьехь ц1ерниг дожарехь орамера аз – н – шалха долу: цуьнниг – цуьннаш, шуьниг – шуьннаш. Амма лач дожаршкахь – н – цхьаъ бен ца яздо: цуьнчун – цуьнчеран, шуьнчун – шуьнчеран.
Лаамечу доладерзоран ц1ерметдешнийн ц1ерниг дожарехь орамехь  -н – делахь, иза лач дожарийн орамехь а яздо: цуьнниг – цуьнчун – цуьнчунна, шуьнниг – шуьнчун – шуьнчунна, амма: цераниг – церачун – церачунна, хьайниг – хьайчун – хьайчунна.
Предложенехь ц1ерметдешнаш нийсаяздан вайна хуур ду и ц1ерметдешнаш дожаршца легадан хаахь.  Цундела вай шуьца легор ду: иза, вай-ваьш, х1орш, цхьаверг, ишттаннаш боху ц1ерметдешнаш.
 
Ц1. иза              вай-ваьш             х1орш              цхьаверг                   ишттанаш
Дл. оцуьнан      вайн-вешан         х1окхеран         цхьаволчун            ишттачеран
Л. оцунна          вайна-ваьшна       х1окхарна         цхьаволчунна      ишттачарна
Др. оцо             вай-ваьш             х1окхара           цхьаволчо             ишттачара
К. оцуьнца        вайца- ваьшца       х1окхаьрца      цхьаволчуьнца     ишттачаьрца
Х. оцунах         вайх-вешах          х1окхарех         цхьаволчух          ишттачарах
М. оцуьнга        вайга-ваьшка       х1окхаьрга       цхьаволчуьнга      ишттачаьрга
Дс. оцул            вайл-вешал          х1окхарел        цхьаволчул           ишттачарал
Х1инца, хьоме дешархой, вай 1амийнарг т1е а ч1аг1деш, х1ора тайпанах цхьацца ц1ерметдош юкъа а далош, предложенеш х1иттор ю вай шуьца.
Масала: со, тхаьш, ша-шен, вайн, хьан-хьайниг, х1ара, оццул, масех, муха, маца.
Х1иттийна предложенеш х1окху кепара хила тарло:
Со къинт1ера ели хьуна, сан к1ант!
Кхузахь дерг яххьийн ц1ерметдош ду.
Тхо-тхаьш ц1ера Шелара ду.
Тхо-тхаьш – дерзоран ц1ерметдош.
Гуттар а ша-шен хесто лууш волчу цо, шен «майраллех» лаьцна дукха дуьйцура.
ша-шен — чолхе-дерзоран ц1ерметдош ду.
Таханлерачу вайн газета т1ехь зорбатоьхна тайп-тайпанчу хиламашна.
вайн – доладерзоран – доладерзоран ц1ерметдош ду.
Хьан-хьайчунна а дац дан х1ума, дерриге а Делан карахь ма ду вай.
Хьан-хьайчунна — дерзоран-доладерзоран ду.
Х1ара цхьа т1оьрмиг бу-кх 1уьллуш.
Х1ара – гайтаран ду
Эскинойхь шаьш 1аш долчу хенахь а дара кхеран оццул даьхни.
оццул – къастаман.
Масех уьстаг1 а, ши етт а бара Тавсолтин. (къастамза)
Масех – къастамза ду.
Т1е муха оьцур ву техьа вайшиъ кхара? (хаттаран)
Муха – хаттаран ду
Вайшиъ юха вовшах маца кхетар а хаац.
маца – юкъаметтигаллин ц1ерметдош ду.
Х1окху урокехь вайн таро хили ц1ерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш шуна йовзийта а, иштта ц1ерметдешнаш юкъахь долуш предложенеш х1итто а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.
 1одика йойла шун! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика