Урок №36 Масдаран карчамаш ,синтаксически г1уллакх

Масдаран карчамаш.
Д1айолор ю вай вешан рог1ера урок.
Гоьваьллачу оьрсийн, воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла:
«Нохчийн мотт уггаре  хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Иза иштта хилар ч1аг1деш, меттан бакъонаш 1амош къахьега деза вай. Ца тоьа нохчийн мотт беза бахарх, иза 1амо а беза, замане терра карлабаккха а беза.
Хьалхарчу урокехь вай дийцира дацаран дакъалг – ца муха яздо. Дагадаийта, муха яздо дакъалг —ца масдарца.
Масдарца дацаран дакъалг  —ца даима а  цхьаьна яздо.
Масала: цавашар, цатешар, схьацаалар.
1амийнарг карладаккхарца доьзна долу т1едиллар кхочушде вай.
Схьаелла къовларш. Масдар юкъа а далош, ши предложени х1оттае, д1аязъе уьш. Цхьанна бе синтаксически къастам.
(Ца)вашар, т1ех(ца)дийцар, схьа(ца)ваийтар, юха(ца)далар, д1а(ца)эцар.
Хьовсур ду вай х1ун нисдели.
Цавашар, т1ехцадийцар, схьацаваийтар, юхацадалар, д1ацаэцар .
Шена делла совг1ат д1ацаэцар новкъа деанера к1антана.
Адамех цавашар  жайнахь а вон дуьйцу.
х1ун до? дуьйцу – сказуеми
дуьйцу х1ун? цавашар – нийса кхачам
дуьйцу мичахь? – жайнахь –  латтам
дуьйцу муха? – вон –  латтам
хьанах цавашар? – адамех – лач кхачам
Дацаран дакъалг —ца юкъа а далош х1окху хандешнех масдарш кхолла хьовса:
аха,    вада,  дийца,  ласта, 
Нийса жоп:
аха-ахар-цаахар,
вада-вадар-цавадар
дийца-дийцар-цадийцар                                               
ласта-ластар-цаластар.
Вайна тахана девзар ду   масдар   предложенин муьлха меже хуьлий лела а, стенах олу масдаран карчам а.
Дукхахьолахь масдарца нисло муха? бохучу хаттарна жоп луш долу дош.
Дика тарвалар мехала г1уллакх ду.
Дика тарвалар – масдаран карчам бу
Масдаран карчам предложенехь х1оттаман сказуеми хуьлий а, подлежащи хуьлий  а лела.
Х1окху предложенехь  лохур вай подлежащи а, сказуеми а.
Дикавахар — нах дика бовзар.
дикавахар– подлежащи,  дика бовзар –  х1оттаман сказуеми.
Масдар предложенехь нийса кхачам, къастам хуьлий а лела.
Х1окху предложенешкахь лохур вай нийса кхачам а, къастам а.
Цуьнан велар ца лалора  цуьнга.
Велар-нийса кхачам.
Инзарваларан  билгалонаш  гора  цунна.
Инзарваларан–къастам
Вай 1амийнарг  т1еч1аг1деш,  х1окху предложенешкарчу  масдаран  карчамийн терахь а, дожар а билгалдийр ду вай.
Г1иллакхе дагавалар  хьекъале  х1ума  ду.
Доцца хаттар дича  жоп  нийса  далалур ду.
Дукха дезаро к1езиг хилийтина.
Атта кхеравалар  майра цахиларан билгало ю.
Т1едиллар нийса иштта хир ду:
Г1иллакхе дагавалар -масдаран карчам бу,цхьаллин терахьехь, ц1ерниг дожарехь
Доцца хаттар-масдаран карчам бу, цхьаллин терахь , ц1ерниг дожар.
Дукха дезаро –масдаран карчам ,цхьаллин терахь ,дийриг дожар.
Атта кхеравалар –масдаран карчам, цхьаллин терахь ц1ерниг  дожар.
Х1инца интонацица д1айоьшур ю вай Сулаев  Мохьмадан  «Х1орде»  байт:
Х1орде!
Х1ай, сацар дайна х1орд,
Хьо стенах тера бу?
Суна-м хьо адаман
Дахарх тера хета:
Дог санна, йист йоцуш,
Бух боцуш хьо бу,
Дог санна, тем боцуш
Цу бердах лета!
Стиглара боьлу малх
Хьайна т1ехьаьжча,
Эзар малх латабой,
Хьо серлаболу.
Муха кхета шу , х1орд  бохучу дашах?
Иза хи ду, оьрсийн маттахь – море.
Оцу байтан коьрта ойла муха ю аьлла хета шуна?
Даима лехамехь долчу адаман дахарх тера хета  авторна и х1орд.
Исбаьхьаллин стилехь язйина ю иза.
Цу байта  юкъахь  сацар – масдар ду .
Тахана вай дийцира  масдарх а, масдаран карчамах а,церан  синтаксически г1уллакхах а  лаьцна.
Масдар предложенехь х1оттаман сказуемин дакъа хуьлий а, нийса кхачам а, къастам а хуьлий лелар а девзи .
Цу т1ехь вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла марша 1ойла.
1. Билгалбаха масдаран карчамаш. Г1алат караде.
а) ц1ена 1ар;
б) къинхьегамах цавашар;
в) оьзда хилар;
г) хаза дийцар.
2. Масдар предложенехь ца хуьлу:
а) подлежащи;
б) нийса кхачам;
в) латтам;
г) къастам.
3. Масдар кхоллало:
а) хандашах;
б) причастих;
в) билгалдашах;
г) куцдашах.
4. Г1алат караде. Масдарийн классни гайтам бу:
а) варстар;
б) азъялар;
в) кхайкхар;
г) дийцар
Пайдаэцна литература:
С.Э.Эдилов «Самукъане грамматика» Соьлжа-г1ала.Издательство «Арфа-Пресс»
В.А.Янгульбаев, Ж.М.Махмаев «Нохчийн мотт-7 класс»
В.А.Янгульбаев, С.В.Янгульбаев « 7 классехь нохчийн мотт хьехар»
А.Т.Карасаев,А.Г.Мациев «Русско-Чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 1978г.
 
 
МБОУ  «СОШ Комсомольского с.п.» Гудермесский район
Таибова Лариса Омаровна.

Close
Яндекс.Метрика