Урок №30 Дерзоран ц1ерметдашнаш

Вай кхин д1а а дуьйцур ду ц1ерметдешнех лаьцна
Урокан тема ю: Дерзоран ц1ерметдашнаш
Таханлерчу урокехь довзуьйтур ду, муха кхоллало дерзоран ц1ерметдешнаш. Иштта чолхе-дерзоран ц1ерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш а, церан легар а.
Дар я хилар муьлххачу а цхьана юьхьа т1ехь соцуш хилар гойтучу ц1ерметдешнех дерзоран ц1ерметдешнаш олу. Уьш яххьийн ц1ерметдешнех кхоллало. Дерзоран ц1ерметдешнаш  цхьалхе а, чолхе а хуьлу.
Масала:
Дерзоран:
1-ра юьхь   суо, со-суо,  тхо-тхаьш, вай-ваьш;
2-г1а юьхь  хьуо,  хьо-хьуо,  шу-шаьш;
3-г1а юьхь  и-ша, уьш-шаьш;
Вай тидам бан беза чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаш юккъе дефис юьллуш яздеш хиларна а, хьалхарчу декъехь яххьийн ц1ерметдешнаш леларна а. 
Кхин д1а вай дуьйцур ду дерзоран ц1ерметдешнийн легарх лаьцна. Чолхе-дерзоран ц1ерметдешнийн ший а дакъа хийцало дожаршца.
Масала:
Ц1. вай-ваьш, хьо-хьуо,  и-ша; 
Дл. вайн-вешан, хьан-хьайн, цуьнан-шен;
Л.   вайна-ваьшна, хьуна-хьайна, цунна-шена;
Др. вай-ваьш, ахьа-айхьа, цо-ша;
К.   вайца-ваьшца, хьоьца-хьайца, цуьнца-шеца;
Х.   вайх-вешах,  хьох-хьайх,  цунах-шех; 
М.  вайга-ваьшка, хьоьга-хьайга, цуьнга-шега;
Дс. вайл-вешал, хьол-хьайл, цул-шел;
Т1едиллар №1.
 
Предложенешкара дерзоран ц1ерметдешнаш схьаязде:
Вай- ваьш бехке дара хиллачунна. 
Шайца нах дика хуьлийла лаахь шу-шаьш цаьрца дика хила деза. 
И-ша вахара хьешашна дуьхьал.
Стага ша лоху шен ирс. 
Диканиг дуьйцучух  ахьа — хьайн дог тешадахь, даима а ахьа-айхьа вочух ларвеш, дикане кхочу хьо.
Со-суо яра бехке хиллачунна.
Х1окху урокехь вай шуна довзийти дерзоран ц1ерметдешнаш, уьш муха кхоллало а, иштта, чолхе- дерзоран ц1ерметдешнийн нийсаяздар а, церан легар а девзи вайна. 
Ц1ахь бан болх:
легаде: со-суо, уьш-шаьш боху дерзоран ц1ерметдешнаш.
Цу т1ехь вай вешан урок ерзор ю. 1одика йойла! Марша 1ойла шу!

Close
Яндекс.Метрика