Урок №30 Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр

Вайн таханлера урок д1айолор хир ду Апти  Бисултановн  «Грамматикех лаьцна…» ц1е йолчу стихотворени т1ера. Дикка тидам  беш, ладог1а .
Грамматикех лаьцна…
Дерриг а сан д1адаьлларг яхана хан ю.
Ас дахаре салам луш кховдийначу куьйган пхи п1елг санна, пхи кеп ю цуьнан:
Х1инцца яхана сан хан – т1аьххьара илли.
Гуш яханарг – сан т1аьххьара безам.
Яханарг – бералла.
Хьалха яханарг – сан дуьххьара безам.
Ихнарг – сан ненан б1аьрхиш.
Долуш долчуьнга ас салам кховдийна  а дац – иза билгалза кеп ю.
Ткъа сан хиндерг суна дуьхьалх1оьттина дац – иза йог1у хан ю. Ас, ойлаеш, д1ахьаббо ши б1аьрг санна, ши кеп ю цуьнан:
    1. Йог1уерг – сох поэт хир ву.
    2. Ян мегарг – со ирсе хир ву.
Мичхьа ю хьо, карара хан?…
                                                       (Апти Бисултанов)
Оцу стихотворенино вай 1амийна  хандешан  хенаш дагаяхкийти.
Коьрта кхо хан ю: яхана хан, карара хан, йог1у хан.
Яханчу хенан кепаш автора юьстина салам луш д1акховдийначу куьйган  пхеа п1елгаца.
Йог1учу хенан кепаш юьстина д1ахьаббечу шина б1аьргаца.
Адамийн дахаран хенех уггаре а коьрта хан лерина карара хан, х1унда аьлча  яханчу хена чохь дерг д1адаьлла, иза хийцалур долуш дац, йог1у хан хир ю я яц хууш дац, ткъа карачу хенах ахь дика пайдаэцахь, иза яханчу хене  яьлча а, хьуна дика дагалацам хир бу. Цундела вай х1инца карарчу хенах х1окху урокехь мелла а пайдаэца хьовсур ду. Меттан бакъонаш йовзаро бен таро ца ло мотт кхио а, и ц1ена бийца а.
Вайн урокан ц1е ю: Деепричастин хенаш , церан нийсаязъяр а.
Вай тахана хьовсур ду:  деепричастин хан билгалъяккха а, и муьлхачу дашах йозуш ю хаа;  деепричасти нийсаязъян 1ама а, уьш юкъахь йолу предложенеш талла  а.
Вай болх д1ахьур бу ялийначу кепа т1ехь.
Кхузахь гайтина ду деепричастин хенаш муха кхоллало а, уьш причастех а,хандешнех а къасто хаа дезар а, х1унда аьлча яханчу хенан хандашний , деепричастиний , карарчу хенан хандашний, причастиний, деепричастиний а юкъахь йозанехь башхаллаш  яц. Уьш шайн уьйрашца а, маь1ница а вовшех къасто хаа деза.  (Причастин ц1ердашца уьйр хуьлу, деепричастин хандашца уьйр хуьлу, ткъа хандош предложенехь сказуеми хуьлий лела)
                       Деепричастин хенашца хийцаялар
Яхана хан
Карара хан
Йог1у хан
Яханчу хенан хандашний, причастиний, деепричастиний юкъахь йозанехь а, аларехь а башхо ца хуьлу. Уьш предложенехь дешнийн уьйраца къастайо вовшех.
 
 
Карарчу хенан хандашна т1е –ш  кхетча, цунах карарчу хенан деепричасти хуьлу .
Ловзу-ловзуш
Локху-локхуш соцу-соцуш
Го-гуш
Ло-луш
Зоь-зуьйш
Хандешан йог1учу хенан хин йолчу кепера г1оьналлин хандош деепричастин форме дерзарца кхоллало.
Ловзур ву-ловзур волуш, доьшур ду-доьшур долуш.
 
хандош
причасти
деепричасти
аьхна
 
 
К1а ден латта аьхна.
аьхна
 
 
Аьхна латта цхьа хаза гора.
 
аьхна
 
 
Латта аьхна тодинера тракторо.
 
Толлур ду вай вешан  хаарш.
Къовларшна  юккъехь долу хандешнаш карарчу хенан деепричастешка а дерзош, д1адеша мог1анаш. Дийца, муха хийцало хандешнаш деепричастешка дохуш.
  Дарц ду (ловзу) курадаьлла
  Бен-башха а (дац), цо
 Туьнталг лоькху, тхов т1е даьлла,
 Т1аккха корехь мукъам бо
 Диттийн генех хилла мерзаш,
 Дарцо говза декадо.
 Дерриг дуьне ду цо (хаздо),
 Дарцо шен гуо ша ларбо.
илла яха, шело (ч1аг1ло),
Лай т1ехь к1айн седарчий го,.
Дарцо иштта кхин  лаг1 ца (ло),
Кху вайн махкахь г1уллакх до.
Ткъа и дарц цу арахь (ловзу),
 Со-м дайн кхерчахь парг1ат 1а,
 Анайисте б1аьргаш (хьовсадо),
 Ойлано г1аттийна 1ай…
(И.Гараев)
 
Хьовса, нийса муха хир ду.
Дарц ду  ловзуш курадаьлла
Бен-башха а доцуш, цо
Туьнталг  лоькху, тхов т1е даьлла,
Т1аккха  корехь  мукъам бо
Диттийн генех хилла  мерзаш,
Дарцо говза  декадо.
Дерриг  дуьне  ду  цо хаздеш,
Дарцо шен гуо ша ларбо.
Чилла яха, шело ч1аг1луш,
Лай т1ехь к1айн седарчий го.
Дарцо иштта кхин  лаг1 ца луш,
Кху вайн махкахь г1уллакх до.
Ткъа и дарц цу арахь  ловзуш,
Со-м дайн кхерчахь парг1ат 1а,
Анайисте б1аьргаш  хьовсуш,
Ойлано г1аттийна 1ай…
(  И.Гараев)
 
Вайна кхузахь гуш ду карачу хенан хандешнашна т1е суффикс -ш  кхетарца карарчу хенан деепричасти кхоллаялар.
Кхин  цхьа т1едиллар  а кхочушдийр ду вай. Х1окху илли юкъара  г1оьналлин дар гойтуш долу дешнаш билгалдаха хьовса.
 
                            Сай
Ламанах бухдуьйлу  шал шийла шовданаш
Шен бекъачу кийранна 1аббалац ца молуш,
Варша йисте ва йолу и марг1ал сийна буц
Шен оьздачу зоьрханна буззалц ца юуш,
Цу хьуьнан хотешкахь берзан йорт ва етташ,
1инан к1орге ва буьйлуш, мела муж ва муьйлуш,
Дукъ лакха ва буьйлуш, сема ла ва доьг1уш,
Иччархочун ва тоьпо лацарна ва кхоьруш,
Цу попан орамах торг1ал т1а ва детташ,
Лергаш дуьхьал ва туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,
Орцал лакха ва буьйлуш, г1елашка  ва г1ерг1аш,
Масане сай лела г1елашца ва боцуш,
Вай бен дац, ва к1ентий, бохуриг ца хуьлуш!  
                                                                        (нохчийн фольклор)
 
Нийса жоп иштта  ду:
Ца молуш,
ца юуш,
етташ,
муьйлуш,
сема ла ва доьг1уш,
лацарна ва кхоьруш,
т1а ва детташ,
туьйсуш, кур аркъал сеттабеш,
ва г1ерг1аш,
ва боцуш,
ца хуьлуш!
 
Дацаран дакъалг ца муха яздина дешнашца? (дацаран дакъалг ца деепричастица къаьстина язйина) .
Оьрсийн маттахь муха ю бакъо? (отрицательная частица –не— с деепричастием пишется раздельно)
Муьлхачу хенахь ю деепричастеш, уьш муха кхоллаелла? (уьш карарчу хенахь лелаш ю, суффикс –ш т1екхетарца кхоллаелла ю ).
Дешнаш т1ехь болх.
(варш-лесные дебри,
зорх-желудок,
йорт-рысь мелкая,
муж – горячий источник,
торг1а — рябой,
кур- рог,
г1ала — олень).
Дагахь латтаде оцу дешнийн маь1наш.
Ц1ахь бан болх иштта хир бу.
Хьовса Дикаев Мохьмадан «Даймохк» стихотворени  юкъара причасти а, деепричасти  а каро.
Нанас берахь дуьйна, суна хьо марзбина,
Хьоьга дагара дуьйцуш, хийла ойла йина.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк,
Ахь кхиийна, ахь стаг вина со новкъа велира.
 
Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча
Даго лоькху зурма суна хьо хетара
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк,
Малх бицбина, нур къагийна, хьо суна лепара
 
 Х1ора йог1у кхане, хьоьца йоккхур бохуш
 Винчу махка кхача ас сатийсинера
 Сай дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
 Хьох къаьстина, дог диллина 1алург ца хиллера.
Вайна тахана хии деепричасти муха кхоллало а, уьш предложенехь дешнийн уьйраца вовшех къасто а,церан хенашца хийцадалар а.
 
Пайдаэцна литература:
1) В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт – 7 класс». Грозный: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочи», 2013.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2010.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум». Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2011.
Исмаилов Абу. «Дош». Соьлжа-Г1ала. 2005.

Close
Яндекс.Метрика