Урок №29 Деепричасти а,цуьнан граматически билгалонаш а

Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а  кхийолчу хандешнийн кепех къасто хаар.
Тахана вай рог1ера урок д1ахьур ю. Шен рог1ехь хийцалуш, го туьйсуш лела шеран заманаш. Делахь а даимна хазахеташ, шега сатуьйсуш йолу зама муьлха ю аьлла хета шуна?
И, шеко йоцуш, б1аьсте ю. Оцу б1аьстенах  лаьцна йолчу хазачу  байтаца  йолор ю вай урок.
Б1аьстенан 1уьйре.
Буьйсанан набарха йолий ,
Сирла б1аьрг дуьненчу боьллий,
Сахуьлий т1екхочу г1оттий
Эсалчу б1аьстенан 1уьйре.
Ц1ен зезаг гарманан арахь,
Бай кхолуш, т1амарца г1отту,
Тхи къиэгош, баьццарчу бай т1ехь
Кегийра седарчий х1уьтту.
1аьрби Мамакаев. 
Толлур вай и стихотворени.
Маса хаам бу оцу стихотворенехь?
Схьакарабе предложенийн грамматически бух.
Оцу предложенехь  кхо хаам бу (1уьйре т1екхочу, зезаг г1отту, седарчий х1уьтту).
Исбаьхьчу б1аьстенан сурт х1оттош, и стихотворени къагийна дешнаш: йолий, боьллий, г1оттий, кхолуш, къагош деепричастеш ю.
Тахана урокехь вай 1амор ю  деепричасти . Цуьнан грамматически билгалонех пайда а оьцуш,и кхийолчу   хандешнийн форманех къасто а 1амор ду.
Карладоккхур ду вай 1амийнарг.
Вайна девзина къамелан дакъош ду: ц1ердош, билгалдош, терахьдош, ц1ерметдош, хандош. Иштта  евзина причастин билгалонаш. Причасти хандешан шатайпа форма хилар а билгалддина .
Хьовсур ду вай деепричастих х1унда аьлла хандешан кеп.
Деепричасти бохучу дешан этимологи: Оьрсийн маттара т1еэцна дош ду. Оьрсийн маттахь деепричасти боху дош шина дашах кхолладелла чолхе дош ду. Дее (от деяти в значении делать) дар + причастие (ср. причастность) декъахь хилар.Функция  деепричастия в речи — дописывать, дорисовывать основное действие.  Термин юкъаялийна М. Смотрицкийс  ХVII- чу  б1ешарахь. Даран декъахь я г1оьналлин дар.
Деепричасти хийцалуш йоцу хандешан форма ю. Цо предложенехь д1акхоьхьург г1оьналлин дар ду.
Масала:
Бага а г1еттош, шен бен чохь 1аш яра хьозанан к1орни. 1аш яра — муха?- бага  а г1еттош.
Иза дег1ана партал велахь а, тоьлла хьуьнар долуш вара. муха вара?- хьуьнар долуш вара.  Майрра ког  а боккхуш, шен накъостана т1евахара Ахьъяд. муха вахара?- майрра ког а боккхуш.
Деепричасти предложенехь латтам я х1оттаман сказуеми хуьлий лела.
Масала: Къайлайолучу машенна т1аьхьахьожуш, лаьттара г1ашло. лаьттара муха?- т1аьхьахьоьжуш (латтам).
Хандешан а, куцдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан формех деепричасти олу.
Масала:
Ламанан хи, бурош хьийзош, дог1ура. х1ун дора?- дог1ура, муха дог1ура? – бурош хьийзош-деепричасти.
Машен соьцуш йоьдура.   машено х1ун дора? – йоьдура, муха? соьцуш -деепричасти
Хьовсур ду вай х1окху предложенешка:
Мохо схьалоьхку мархаш 1аь1аш яра.
Мохо мархаш, схьалоьхкуш, 1а1ош яра.
Х1ун башхалла го шуна оцу предложенешкахь?
хьалхарчу предложенехь муьлха мархаш яра?—  олий хаттар х1оттало,
шолг1ачу предложенехь 1а1ош яра муха?- схьалоьхкуш.
Мархаш 1а1аран г1оьналлин дар ду схьалахкар, цундела и деепричастии ю.
Х1инца таблици т1ехь болх бийр бу вай.
Деепричастино  муха? мича кепара?  мича бахьанина? х1ун деш? муьлхачу хьолехь? бохучу хаттаршна жоп ло.
Цхьаллин а дукхаллин а терахьехь:

Классашца хийцалуш:

Цхьаллин а дукхазаллин а кепаш йолуш:
Предложенехь латтам:

йодуш- йовдуш,
хьокхуш-хьоькхуш,
сацош-совцош,
волалуш-буьйлалуш
 
вешаш
бешаш
дешаш
йоьлуш…
 
лохуш-лоьхуш,
локхуш-лоькхуш, дуг1уш- дуьйг1уш
кхорзуш-кхоьрзуш
 
Текхаш, машенна юххера д1аваьллера дархо.
 
 
Лахахь ялийначу иллин кийсак т1ера  деепричастеш схьа а карош,  билгалйохур ю  вай х1инцца йийцина грамматически билгалонаш.
Ва, сарахь суьйренца, бузучу малхаца,
Туька юллал ва дари шен дег1а дерзийна,
Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,
Чилхьесан бухкарца, цу ц1естан к1удалца,
Цу х1урдан ва мохо ездари ловзадеш,
Эсаран ва мохо кисин т1ам ловзабеш,
Хит1а яха ма елира ворх1 вешин ва йиша
дари дег1а дерзийна – цхьаллин терахь, кхийолчу х1уманийн класс,яхана хан;
дети некхе дерзийна – цхьаллин терахь, кхийолчу х1уманийн  класс, яхана хан;
ездари  ловзадеш — цхьаллин терахь, кхийолчу х1уманийн  класс, яхана хан;
т1ам  ловзабеш –цхьаллин терахь, кхийолчу х1уманийн класс, карара хан.
Вайн ала йиш  ю, хит1а  яха яьллачу ворх1 вешин йишин исбаьхьа сурт гайтинарш деепричастеш ю. Шеко йоцуш, даран куц гойту цо, г1оьналлин дар гайтарца.
Хьовсур ду вай билгалдаьхначу дешнийн башхаллашка.
Сийначу стиглахь хьийза олхазар.
Сийначу стиглахь хьийзаш лела олхазар.
Сийначу стиглахь хьийзаш лела олхазар, ц1еххьана чухецаделира.
Хьалхарчу предложенехь  х1ун до? хьийза (хьийза сказуеми ду, хандош ду).
Шолг1ачу предложенехь х1ун до?  лела,  муха? хьийзаш лела— деепричастии ю, цуьнан уьйр хандашца ю.
Кхоалг1ачу предложенехь муха олхазар?- хьийзаш лела олхазар— причасти ю, цуьнан ц1ердашца уьйр ю.
Тахана вайна евзина деепричастин билгалонаш:
цо гойту г1оьналлин дар;
хандешан форма хилар;
хенашца хийцаялар;
классашца хийцаялар;
хандашца уьйр хилар;
цуьнан хаттарш ду: муха? мича кепара?  мича бахьанина? х1ун деш? муьлхачу хьолехь?
цуьнан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш хуьлу;
предложенехь латтам я х1оттаман сказуемин дакъа хуьлий лела
Х1инца бинчу белхан жам1аш деш, хьовсур вай деепричастин гергарлонашка. Лакхахь ялийна билгалонаш шина тобане йоькъур ю вай: 
хандешан билгалонаш
куцдешан билгалонаш   
 
хандешан форма хилар
хандашца уьйр хилар
хенашца хийцаялар
цуьнан хаттарш ду: муха? мича кепара?  мича бахьанина? х1ун деш? муьлхачу хьолехь?
 классашца хийцаялар
и предложенехь латтам я х1оттаман сказуемин дакъа хуьлий лела
цуьнан цхьаллин а, дукхазаллин а кепаш хуьлу
 
Ц1ахь бан болх а бу шуна иштта.
Х1окху хандешнех деепричастеш  а еш, предложенеш х1иттае :
кхио, лардан, хаздан, самадала, 1алашдан.
Кеп: Бер кхиош дукха къахьоьгу наноша. къахьоьгу муха?- кхиош  деепричасти.
Шайн хаарш ц1ахь т1еч1аг1де.
Олуш ма-хиллара, жимчохь 1амийнарг т1улга т1е яздина йоза ду.
Иштта ч1ог1а шун иэсехь дисина, беркате т1е1аткъам болуш хуьлда шуна керла хаарш.
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт – 7 класс». Грозный: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочи», 2013.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2010.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум». Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2011.
Исмаилов Абу. «Дош». Соьлжа-Г1ала. 2005.

Close
Яндекс.Метрика