Урок №28 Причастица легаран дакъалгаш ца,за нийсаяздар

Урокан ц1е: Причастица дацаран дакъалгаш нийсаязъяр ю.
Тахана вай дуьйцур ду причастица дацаран дакъалгаш  а,дацараллин маь1нехь лела суффикс а нийсаязъярх лаьцна.
Вай  урок д1айолор ю Саидов Билалан «Ненан мотт» байташ т1ера мог1анашца.
Ненан мотт
Хьох лаьцна яздина,
Дийца а дийцина.
«Хьайна безахь», бохуш,
Хьеха а хьо бина.
Хьехорах пайда буй,
Хьо хууш (ца)  хилча?
Хьо бийца хуур дуй,
Хьо безаш (ца) хилча?

Хьо бийца 1емар вац
Дагна хьо (ца) безарг.
Юьхьк1айн а лелар вац
Хьо бийца (ца) хуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.

Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
Доттаг1а варийлахь,
Цунах ма херлолахь,
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй хаалахь!
Къовларшна юкъахь долу дацаран дакъалг – ца дешнашца муха язйо?
Х1ун бакъонаш йовза еза и хаархьама?
Хандешнашца дацаран дакъалг —ца муха язйора?
Ткъа причастица муха язйо дацаран дакъалгаш 1аминий вай?
Тахана вай хьовсур ду ненан мотт вайх дозалла дийрриг, хастам бийрриг 1амо а, бийца а, цуьнан меттан бакъонаш йовза а.
Карладоккхур ду вай причастех 1амийнарг.
И карладаккхарца вай Бабин Ч1ирдиг х1урдал дехьа ваккха везаш ву. Иза 1илманан лакхе йовза араваьлла. Аш жоьпаш нийса даларе терра дехьа вер ву и.
Стенах олу причасти?
Хандешан а, билгалдешан а билгалонаш шеца йолчу хандешан шатайпанчу кепах причасти олу.
Х1ун грамматически билгалонаш ю цуьнан?
(Причасти, хандош санна, шеца долчу ц1ердаше хьаьжжина, классашца а, терахьашца а хийцало, билгалдашо санна,  билгало а гойту, дожаршца а хийцало).
Хенашца муха хийцало причастеш?
Причасти, хандешан кеп хиларе терра, хенашца хийцало. Цуьнан кхо хан ю: яхана хан, карара хан, йог1у хан.
Лаамаза причастеш муьлхарш ю, лааме муьлхарш ю?
Ц1ердешан билгало а гойтуш,  цуьнца йолчу причастех лаамаза причасти олу:
ловзу бераш, екхна стигал.
Лаамазчу причастина т1е  – рг, — рш- суффиксаш кхетарца лааме причасти кхоллало: екхнарг,ловзурш.
Предложенехь причастица нисло иза билгалъеш долу дешнаш. Цаьрца цхьаьна цунах причастин карчам олу:
Йоккха хорбаз, тхан вашас еана йолу, вуно мерза хиллера.
Синтаксически г1уллакх муха ду цуьнан?
Причастин карчам предложенехь къастам хуьлий лела.
Причастин карчамашкахь сацаран хьаьркаш х1итторан  х1ун бакъонаш евза вайна?
Ша билгалдечу  дашна т1ехьа лаьтташ белахь, причастин карчам шина аг1ор запятойш яхкарца къастабо:
1ожа говр, тхан лулахочо эцна ялийна йолу, ч1ог1а куьцехь яра.
Лаамаза причастеш дожаршца лаамаза билгалдешнаш санна хийцало. Лааме причастин легар лаамечу билгалдешнийн санна ду.
Дика ду. Вайн Ч1ирдиган х1урдакема дикачу хаарех дина ду. Оцу 1илмано мел к1оргачу х1урдах а дехьавоккхур ву и.
Вайгахь долчу хааршца кхин д1а некъ д1ахьур бу. Олуш ма хиллара, некъахо, ша стенга воьду хууш воцу, цкъа а д1акхочур вац, ткъа вай цхьана 1алашоне кхача  дезаш ду.
Дацаран дакъалг –ца лаамазчу причастех къаьстина яздо:
дешна кехат – ца дешна кехат, ловзу бераш – ца ловзу бераш.
Карарчуй, яханчуй хенашкахь йолчу лаамечу причастешца дацаран дакъалг – ца цхьаьна яздо:
цааьлларг, цагинарг, цавог1ург.
Йог1учу хенахь йолчу лаамечу причастица ца къаьстина яздо:
ца аьн дерг, ца гун дерг, ца вог1у верг.
Дацараллин маь1нехь йолу суффикс  —за лаамазчу, лаамечу причастешца даима цхьаьна яздо:
ахаза аре, даттаза бепиг, чекхбалаза болх.
Билгалдаккхар. Дацараллин маь1нехь йолу суффикс  –за  яханчу хенийн причастийн бен ца хуьлу.
Ойлае, — за суффикс хилча, и дешнашца муха язъян еза. Х1унда 1амош ду вай и дакъалгаца цхьаьна
(1амадо х1унда аьлча ,цуьнан дацаран маь1на ду)
Дагадаийта,  дацараллин маь1нехь йолу терминаш.
Билгалза  (хан билгала ца йо, билгала дац)
Лаамаза  (коьртачу дашо шен лаамехь ца дуьту, лааме дац)
Коьртаза (коьрта яц)
Х1инца вай дуьххьара ешначу стихотворени т1ехь, бакъонца ч1аг1 а деш, дийца, муха яздо оцу дешнашца дацаран дакъалг :
(ца) хилча, (ца) безарг, (ца) хуург.
ца хилча- (ца хандашца къаьстина яздо)
цабезарг, цахуург-(лааме причастица цхьаьна яздо)
Т1едиллар:  Къовларшкара дацаран дакъалгаш яздан ма-деззара а яздеш, д1аязде кицанаш. Къовларш ма яхка.
Хьаша (ца) вог1учу х1усаме беркат ца дог1у. Борз дуьхьал (ца) кхетта газа Хьаьж ц1а яхана. Къаьхьаниг (ца) кхаьллинчунна мерзачун чам ца хиъна. Даггара (ца) аьлла дош дагах ца лета. (Ца) лозу корта ма бехка. Нехан воне (ца) хьийзинарг шен вонехь ша висна. Дега ла (ца) дийг1инчу во1ах шен доьзална да  хир вац. Хьаша ца (везачу) х1усамненан бераш доьлхуш хуьлу. Дуьме (ца) кхаьчначу цициго, марха ду шен аьлла. (Кицанаш)
Хьаша ца вог1учу х1усаме беркат ца дог1у. Борз дуьхьал ца кхетта газа Хьаьж ц1а яхана. Къаьхьаниг цакхаьллинчунна мерзачун чам ца хиъна. Даггара ца аьлла дош дагах ца лета. Ца лозу корта ма бехка. Нехан воне цахьийзинарг шен вонехь ша висна. Дега ла ца дийг1инчу во1ах шен доьзална да  хир вац. Хьаша ца везачу х1усамненан бераш доьлхуш хуьлу. Дуьме ца кхаьчначу цициго, марха ду шен аьлла. (Кицанаш)
Кхин цхьа т1едиллар а кхочушдийр ду вай
Т1едиллар: къовларшна юкъахь суффиксан метта дакъалг ца а дуьллуш, д1аязъе причасти.
Кеп: йовлаза (ца евлла).
Шена ца девзачу цу адамех х1ораннан тидам боккхура Салахьа.2. Шкафа чуьра сайн тишъелла йовлаза бедарш схьа а эцна, д1авахара со. 3.Х1инца а ойла йо ас, цо ешаза книга, 1амоза х1ума хиллий те олий. 4.Дела яла хьан нанас ца йина йиша! 5.Т1ера чим бегош, яйна ялаза йолчу ц1арна гонаха хевшина 1ачу бераша ладоьг1ура воккхачу стеган дийцаре. 6. Бена чохь цунна гира т1е чо а балаза, беллаза б1аьргаш а болуш пхи к1орни.
Т1едиллар иштта кхочушдина хила деза.  
Шена ца девзачу цу адамех х1ораннан тидам боккхура Салахьа.2. Шкафа чуьра сайн тишъелла йовлаза (ца евлла) бедарш схьа а эцна, д1авахара со. 3.Х1инца а ойла йо ас, цо ешаза (ца ешна) книга, 1амоза (ца 1амийна) х1ума хиллий те олий. 4.Дела яла хьан нанас ца йина йиша! 5.Т1ера чим бегош, яйна ялаза (ца яьлла)  йолчу ц1арна гонаха хевшина 1ачу бераша ладоьг1ура воккхачу стеган дийцаре. 6. Бена чохь цунна гира т1е чо а балаза, (ца баьлла), беллаза (ца биллина)б1аьргаш а болуш пхи к1орни.
Вайн Ч1ирдиган хьал муха ду аьлла хета шуна?
(Керла девзинчу хаарша дикка аьтту бина цуьнан).
Х1урдах чекхваьлча саца везий и? Х1ун аьлла хета шуна?
1илма даимна т1елохуш хила дезаш ду, цундела цуьнан кхин д1а а хир бу некъ. Делахь а, муьлхха а некъахо ша бинчу некъе юха а хьожуш ,жам1аш дан декхар ву. Вай а хьовсур ду вайн белхан жам1е.
МАРЗО…
Дуьненан аганахь техкийна йолу хьо,
Б1ешерийн кохкаршца къийлина йолу хьо,
Ирс хила хьан бохуш, ларйина йолу хьо, МАРЗО…
И марзо латторан цхьа бехкам бу т1едиллина г1уллакх кхочушдар. Ас шуна т1едуьллу,ц1ахь причастих пайда а оьцуш, жима сочинени язъяр х1окху темина «Денъелла Нохчийчоь».

Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж.М. Махмаев «Нохчийн мотт – 7 класс». Грозный: ФГУП «Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочи», 2013.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2010.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан практикум». Соьлжа-Г1ала. Издательство «Арфа-Пресс» 2011.
Исмаилов Абу. «Дош». Соьлжа-Г1ала. 2005.
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Абдулмежидова Марет Нажаевна.

Close
Яндекс.Метрика