Урок №26 Ц1ерметдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а

Х1окху урокехь вай шуна довзуьйтур ду ц1ерметдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а, вай дечу къамелехь цуьнан  йолу  мехалла а.
Ц1ерметдош оьрсийн маттахь местоимение бохург ду.
Амма оцу къамелан декъах лаьцна дийцале, вай хьалха 1амийна къамелан дакъош карладохур ду вай.
Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?
Ц1ердош, билгалдош, терахьдош
Д1аязйийр ю вай шина б1ог1амалгехь иштта предложенеш:
Хьавас школехь т1ех дика доьшу.             
Цо олимпиадехь хьалхара меттиг яьккхира.
Тахана хаза де ду арахь.                            
Иштта денош 1ай к1езиг хуьлу. 
Эсилас барх1 тетрадь ийцира.                  
Оццул тетрадаш ийцира Селимас а
Хьовса  вай хьалхарчу б1ог1амалгерчу  предложенешкахь билгалдина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду.
Хьавас-ц1ердош ду;
хаза – билгалдош
барх1 — терахьдош ду;
Шолг1ачу б1ог1амалгехь вай билгалдина дешнаш: цо, иштта, оццул  —  Хьавас, хаза, барх1 — бохучу дешнийн метта яздина ц1ерметдешнаш ду.
Ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан меттана лелачу къамелан декъах  ц1ерметдош олу.
Ц1ерметдашо ц1е а ца йоккхуш, х1ума а гойту, иштта х1уманан билгало а, терахьан барам а гойту.
Х1инца х1окху дийцарехь коьрта дакъалацархочун (проверить) метта ц1ерметдешнаш юкъадалор ду вай.
Ж1аьлин къоналла
Къона долуш ж1аьла хилла бацалахь дижина 1уьллуш. Иштта ж1аьла дижина 1уьллуш, шен мозашна з1ок етташ дог1у лекъ мерк1ела деъна ж1аьлина. Меттах а ца долуш, 1аш долу ж1аьла ца гуш, шен мозех 1ехаделла дог1у лекъ, дикка улле дахана ж1аьлина. Д1а-а т1екхетта ж1аьло схьалаьцна лекъ.
Вайна ма-гарра, кхузахь дуьцуш дерш ж1аьла а ду, лекъ а ду. Амма вай церан ц1ерш юх-юха а аларо дийцаран хазалла йойу. Цундела вай х1инца ц1ерметдешнаш далош д1аяздийр ду иза.
Ж1аьлин къоналла
Къона долуш ж1аьла хилла бацалахь дижина 1уьллуш. Иштта и дижина 1уьллуш, шен мозашна з1ок етташ дог1у лекъ мерк1ела деъна цунна. Меттах а ца долуш, 1аш долу иза ца гуш, шен мозех 1ехаделла дог1у лекъ, дикка улле дахана цунна. Д1а-а т1екхетта цо схьалаьцна лекъ.
И, цунна, иза, цо — ц1ерметдешнаш ду.
Къамелан дакъош ца эшош,
Ду со церан метта лелаш,
Со, хьо, иза, дилла аш,
Хир ду т1аккха…(ц1ерметдош)
Ц1ерметдешнаш вай ма-аллара, лела ц1ердешан, билгалдешан, терахьдешан метта.
Кху т1ехь вай урок чекхйолу, 1одика йойла шун!

Close
Яндекс.Метрика