Урок №25 Лааме а лаамаза а причастеш. уьш вовше къасто хаар.

Лааме а лаамаза причастеш.
Хандешан а,билгалдешан а билгалонаш шеца йолу хандешан шатайпа кеп ю причасти .
Шеца долчу ц1ердаше хьаьжжина причасти,хандош санна классашца а, терахьашца а хийцало.
Причасти, хандешан кеп хиларе терра, хенашца  а хийцало.
Цуьнан кхоъ хан ю: яхана хан, карара хан,йог1у хан.
Причасти билгалдош санна лааме  а, лаамаза а хуьлу.
Масала:
1уьллу ло- 1уьллург,
туху вота —   тухург,
лозу корта-лозург
Ц1ердешан билгало а гойтуш, цуьнца йолчу причастех лаамаза причасти олу.
Масала: ловзу бераш,язден долу кехат ,локхур йолу йиш,лаьтта  стаг,лета ж1аьлеш.
Лаамазчу причастина т1е—рг-рш-суффиксаш кхетарца лааме  причасти кхоллало.
Масала: ловзу бераш-ловзурш,
язден долу кехат-язден дерг,
локхур йолу йиш-локхург,
лаьтта стаг-лаьттарг,
лета ж1аьлеш-летарш.
Дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш,хандош а, причасти а хенашца муха хийцало  тидам бе вай:
Хенаш                             хандош                                     причасти
карара хан                   латта хьоьшу                               хьоьшу латта
яхана хан                    латта хьешна                               хьешна латта
йог1у хан                    латта хьоьшур ду                         хьоьшур долу латта
Цу т1ехь вайна билгалдолу причасти хандош санна хенашца хийцаялар.
Х1инца лааме билгалдешнаш а,лааме причастиш вовшех муха къасталур яра шуьга, хьовсур ду вай.Лахахь далийна дешнаш  лааме причасти а, лааме билгалдешнаш а шайн-шайн б1ог1амалгашка д1аяздан хьовса,лааме причастин суффиксаш билгалъяха:
Хьаьрсаниг, вевзарг, лазийнарг, хазаниг, кхоьрург, онданиг, буьрсаниг, веддарг  воккханиг, лекхнарг
Шу  т1едилларца нийса ларийнехь  иза иштта хир ду:
Лааме билгалдешнаш                                   лааме причастеш
 
Хьаьрсаниг                                                            вевзарг  
Хазаниг                                                                 лазийнарг
Онданиг                                                                 кхоьрург
Буьрсаниг                                                              веддарг
Воккханиг                                                              лекхнарг     
Причастих девзинарг т1еч1аг1деш,лахахь ялийначу текстехь долу причастеш схьалаха хьовса:
Х1етахь 1ела къона волчу хенахь,х1ора стеган шен-шен меттиг яра оцу майданахь.Х1етахь ца хьоьжура стеган хьоле,тайпанан доккхалле.Хан а, хьекъал а, къонахалла а лорий дора стеган сий.Баккхийнаш болчохь охьа ца ховшура къонанаш,цаьргара пурба доцуш бист ца хуьлура.Цхьаммо къамел деш юкъа ца г1уртура цхьа а.Амма баккхийчу нахана а хаьара шайн къаналлин сий деш т1ех1иттина лаьттачарлахь хьекъална а,хьуьнаршна а,къонахаллина а шайл ца оьшурш буй а, шайл  т1аьхьа цара оцу майданахь шайн меттиг д1алаца езийла а.  Цундела баккхийчу наха сий а, т1алам а бора т1екхуьучу къоначийн.Царалахь къастабой шайна т1еийзабора  хьекъале,хьунаре кегийрхой.Царна хьоьхура дуьнен чохь яьккхинчу хенахь шайна 1еминарг,зеделларг дерриге а.
(А.Айдамиров «Маршонан к1ентий» повеста т1ера)
Предложенешкара причастеш : т1ех1иттина лаьттачарлахь (лаьттарш),т1екхуьучу къоначийн (къонанаш),яьккхинчу хенахь,1еминарг,зеделларг.
Тахана вайна девзи лааме а, лаамаза а причастеш, церан хенашца  хийцадалар а, церан суффиксаш а. Иштта лааме билгалдешнаш а, лаамаза причастеш а вовшех къасто  1емина  аьлла хета суна .  

Close
Яндекс.Метрика