Урок №21 Рог1аллин терахьдешнаш

Х1окху урокехь кхид1а  а дуьйцур   ду  вай   терахьдешнийн   тайпанех лаьцна.
Вай  къаьсттина  тидам  т1ебохуьйтур  бу  рог1аллин   терахьдешнашна.
Оьрсийн  маттахь  «Порядковые  числительные «олу царах. 
Иштта  1емар  ду  вайна  лаамечу  рог1аллин  терахьдешнийн  дожарийн  чаккхенаш  нийса  муха  ала  еза.
Х1уманийн  рог1алла  а  гойтуш, мосалг1а?  бохучу  хаттарна  жоп  лучу  дашах  рог1аллин  терахьдош  олу.  Масала:  шолг1а,  ворх1алг1а, цхьайтталг1а.
Уьш  кхоллало  масаллин  терахьдашна  т1е -алг1а, -лг1а  суффиксаш  кхетарца.
Х1инца  хьовсур  ду  вай  х1окху  масаллин терахьдешнех  рог1аллинаш  дан.
б1е
кхоъ
эзар
ткъа
исс
кхойтта
пхиъ
шовзткъа
б1е — б1олг1а,
кхоъ-кхоалг1а,
эзар — эзарлаг1а,  
ткъа — ткъолг1а,      
исс-уьссалг1а, 
кхойтта — кхойтталг1а,  
пхиъ — пхоьалг1а,
шовзткъа — шовзткъалг1а
Рог1аллин  терахьдешнаш  лааме  а,  лаамаза  а  хуьлу.  Рог1аллин  лааме  терахьдешнаш  лаамазчарна  т1е  суффикс  -ниг  кхетарца  кхоллало. Масала:  доьалг1а  синтар —  доьалг1аниг,    шолг1а   шо — шолг1аниг, йолхалг1а  класс  —  йолхалг1аниг.
Лаамаза  рог1аллин  терахьдешнаш  лаамаза  мухаллин  билгалдешнаш  санна 
дожаршца  хийцало,  ткъа  лааме  рог1аллин  терахьдешнаш  лааме   билгалдешнаш  санна   хийцало.
Лааме  мухалл. билгалдош                    Лааме  рог1аллин терахьдош
Ц1. хазаниг                                              доьалг1аниг      
Дл. хазачун                                              доьалг1ачун
Л. хазачунна                                            доьалг1ачунна
Др. хазачо                                                доьалг1ачо
К. хазачуьнца                                          доьалг1ачуьнца
Х. хазачух                                                доьалг1ачух
М. хазачуьнга                                         доьалг1ачуьнга
Дс. хазачул                                             доьалг1ачул
Кхузахь вайна ма-гарра лаамечу рог1аллин терахьдешнийн чаккхенаш, лааме мухаллин билгалдешнийн санна хуьлу: -ниг, -чун, -чунна, -чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул;
Т1едиллар №1.
Терахьдош — борх1алг1а легаде.
Урок ерзош терахьдашах вай 1амийнчун жам1 дийр ду вай:  
Терахьдош – иза къамелан дакъа ду. Коьртачу шина декъе декъало иза: масаллин, рог1аллин. Масаллин терахьдешнаш пхеа тайпана хуьлу: декъаран, гулдаран,  дакъойн, эцаран, билгалза – масаллин. Рог1аллин терахьдешнаш кхоллало суффиксаш  -алг1а,  -лг1а кхетарца. Терахьдош лааме а, лаамаза а хуьлу.
Ц1ахь бан болх:
Вай 1амийначух пайда а оьцуш ц1ахь, дуьззина жоьпаш дала хьовса иштта хаттаршна:
Муьлхачу  шарахь  вина  хьо?
Муьлхачу  шарахь  вахара  хьо  школе?
Маса шо  дара  хьан  деша  воьдуш ?
Муьлхачу  школехь, мосалг1ачу классехь доьшуш ву хьо?
Маса дешархо  ву  шун  классехь?
Урок   цу  т1ехь  ерзор  ю  вай. 1одика  йойла  шун, марша 1ойла!           
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика