Урок №21 Бараман латтамаш

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду бараман  латтамах лаьцна .
Дар я хилар мича хьолехь,
Маца, муха, муьлхачу меттехь,
Х1унда, мича 1алашонца
Кхочушхуьлу гойту ас.
Шаьш ца тешахь, де аша хаттар-
Гучубер бу т1аккха…. Латтам
Бараман латтамаша  гойту сказуемин дар, хилар муьлхачу барамехь, даржехь кхочушхуьлу. Цу латтамаша жоп ло : мел? муьлхачу барамехь? бохучу хаттаршна.
Бараман латтам дукхахьолахь куцдешнех кхоллало: дукха , к1езиг, шорта, алсам
Хийла сатийсина б1аьстенан суьйренга.(сатийсина мел? –хийла- бараман латтам-кхоллабелла куцдашах).
Бараман латтам хила тарло деепричастих а, дустаран карчамах а.
Цхьанхьа а вахалур воцуш,цомгуш  вара иза.(цхьанхьа а вахалур  воцуш-бараман латтам, кхоллабелла деепричастин карчамах).\
Т1е дама хьаьрсича санна, к1айн яра хьархочун юьхь.  (к1айн яра мел? т1е дама хьаьрсича санна –бараман латтам, дустаран карчамах кхоллабелла).
Оьрсийн маттара  бараман латтамах лаьцна  бакъо дагайоуьйтур вай:
Вернулись слишком (как?) поздно.
(Обстоятельство меры и степени – обстоятельство, называющее степень наличия признака и поясняющее составное именное сказуемое или другое обстоятельство.)
Х1инца вай шун хаарш т1еч1аг1деш ,болх д1ахьур бу.
Схьалаха латтамаш:
К1ант 1аламат дукха ладуг1уш вара эшаршка.
Шен да велла шортта ю базарахь хьуна езза мачаш.
Д1адевллачу шераша дуккха а хийцамаш беана адамийн дахаре.
Ведар дуьззина ц1азамаш гулдина вог1ура 1алсолта.
Нийса жоп иштта хир ду:
К1ант 1аламат дукха ладуг1уш вара эшаршка. (мел дукха? 1аламат дукха –бараман латтам)
Шен да велла шортта ю базарахь хьуна езза мачаш. ( мел ?да велла шортта –бараман латтам.)
Д1адевллачу шераша дуккха а хийцамаш беана адамийн дахаре. (мел ? дуккха а –бараман латтам)
Ведар дуьззина ц1азамаш гулдина вог1ура 1алсолта. (муьлхачу барамехь? ведар дуьззина – бараман латтам)
1амийнарг карла а доккхуш , т1еч1аг1дийр ду вай,бараман латтамаш билгалбохуш.
Кхан дохалла майда яра адамаша д1алаьцнарг.
Хаъал серлабовлура цуьнан б1аьргаш, хеталора дег1е керла ницкъ беъча санна,
Пхи-ялх километр д1авахара со.
Меллаша малх хьулло, суьйре т1еюлу, лаьтта со, генарчу хьох ойла йоьзна.
Шен ницкъ ма-ббу д1аг1ертара иза.
Тамарас книгаш дукха йоьшу. 
кхан дохалла, хаъал,пхи-ялх.меллаша,ницкъ ма-ббу, дукха-бараман латтамаш.
Х1окху урокехь вай шуьца 1амийра бараман латтамех лаьцна. Цунах долу хаарш т1еч1аг1деш, болх бира вай.
Нохчийн мотт беза а, хаа а, 1амо а  беза. Мотт ца хилча къам хир дац. Шен меттан сий ца дечо, мехкан сий  дийр дац. Бовза, хаа, беза вай мотт  Дала ницкъ, хьуьнар лойла вайна!
Пайдаэцна литература:
1.З.Д. Джамалханов, Т.М.Вагапова, Я.У.Эсхаджиев  «Нохчийн мотт 8-9класс» Грозный ГУ  « Книжное издательство»2011 шо.
2. С.Э.Эдилов  « Самукъане грамматика»5-11 классашна . Соьлжа- г1ала Издательство «Альфа-Пресс» 2010 шо.
3. Методически пособи 8 классана лерина йолу.
4. А.Г. Мациев  «Нохчийн- оьрсийн словарь»   Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК» Грозненский рабочий» 2010 шо.

Close
Яндекс.Метрика