Урок №20 Гулдаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнаш

Х1окху урокехь вай  дуьйцур ду, гулдаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнех лаьцна.
Терахьдешнех лаьцна вай 1амийнарг карладоккхур ду  вай.
Яханчу урокехь муьлха ши тайпа девзира вайна?
Вайна девзира декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш.
Х1окху терахьдешнийн тайпа билгалдоккхур ду вай.
Берх1итта — (масаллин),
уьтталг1а — (рог1аллин),
шишша, кхоккха, исс-исс, диъ-диъ — (декъаран),
диъ-пхоьалг1а, барх1-уьссалг1а (дакъойн).
Муьлхачу хаттаршна жоп ло дакъойн а, декъаран а терахьдешнаша?
Декъаран терахьдешнаша мас-маса? бохучу хаттарна жоп ло, дакъойн терахьдешнаша мас-мосалг1а? бохучу хаттарна жоп ло.
Урокан тема йийцаре еш, д1аязйийр ю вай иштта предложенеш.
1. Пхий а бера гонаха хьийзара шайн нанна.
2. Ший а кор ц1андина, д1аяхара Маликат.
3. Кхо-диъ де делира  малх ца хьожуш.
4. Пхи-ялх 1аж кховдийра дас к1анте.
5. Иттех стаг вара пхьоьг1анехь лаьтташ.
Хьалхарчу шина предложенехь пхий а, ший а — терахьдешнаш ду. Церан маь1на  гулдаран ду. Кхузара билгалдоккхур ду вай:
Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге  юкъа а лоцуш, хуттургаца лелаш долчу терахьдашах гулдаран терахьдош  олу.
Гулдаран — оьрсийн маттахь собирательные  бохург ду;
Кхоалг1ачуй, йоьалг1ачуй, пхоьалг1ачуй  предложенешкахь кхо -диъ,  пхи — ялх, иттех терахьдешнаш ду. Оцу терахьдешнаша х1ума билггал маса я мел ю ца гойту.
Билггал х1ума маса я мел ю ца гойтучух билгалза-масаллин терахьдош олу.
Билгалза-масаллин — оьрсийн маттахь  неопределенно-количественные бохург ду;
Т1едиллар №1.
Д1аязде  терахьдешнаш, церан тайпанаш билгалдаха:
Ворх1е а, ткъе пхийтте а, иссе а, ший а, итте а;
Пхи-ялх, исс-итт, кхо-виъ, ворх1-барх1, иттех, ткъех;
Т1едиллар №2.
Лакхахь далийна терахьдешнаш юкъа а далош, предложенеш язйе:
Вайна девзи  гулдаран а , билгалза-масаллин а терахьдешнаш.
Урокехь ладог1арна баркалла  шуна. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика