Вай кхин д1а а дуьйцур ду терахьдешнийн тайпанех лаьцна (разряды числительных). Х1окху урокехь довзуьйтур ду дакъойн а, декъаран а терахьдешнаш.
Оьрсийн маттахь «декъаран»-разделительные бохург ду,
«дакъойн» — дробные бохург ду.
Декъаран маь1на а долуш, мас-маса? бохучу хаттарна жоп лучух декъаран терахьдош олу.
Масала: шишша, пхиппа ялх-ялх, исс-исс.
Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо.
Мас-мосалг1а бохучу хаттарна жоп лучарах дакъойн терахьдешнаш олу.
Масала: пхиъ-уьтталг1а (пять- десятых), цхьаъ-шолг1а (одна-вторая).
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш.
Тхан нанас берашна пхиппа ц1азам белира.
Оцу хаттарна жоп пхиъ-уьтталг1а хир ду.
Хьалхарчу предложехь пхиппа терахьдош ду, цо мас-маса? бохучу хаттарна жоп ло — иза декъаран терахьдош ду.
Шолг1ачу предложенехь пхиъ-уьтталг1а терахьдош ду, цо мас-мосалг1а? бохучу хаттарна жоп ло — иза дакъойн терахьдош ду.
Т1едиллар №1.
Т1адамийн меттана маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш яздеш, декъаран терахьдешнаш билгалдаха.
Биъ… мерцира, ткъа… еттира, б1е…кечвира, йиъ…тийгира, везткъа…
язвира, ейтта эзар… йоьттира, диъ-диъ…делира, шишша… ийцира.
Г1оьнна ц1ердешнаш: котам, сом, ког, салти, коч, стаг, кибарчиг, тетрадь
Вай ма-аллара декъаран терахьдешнаша мас-маса? бохучу хаттарна жоп ло.
Билгалдаккха мегар ду: терахьдешнашца лелаш долу дерриге ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь лела, ткъа цхьадолу ц1ердешнаш терахьдешнашца ца лела. Масала: т1уо, моз, шура.
Вайн урок ерзош, кхин цкъаъ вайна девзинарг билгалдаккха лаьа суна:
Вайна х1окху урокехь терахьдешнийн ши тайпа девзи: декъаран, дакъойн.
Ц1ердешнаш терахьдешнашца цхьаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь лела а хии, терахьдешнашца лелаш доцу ц1ердешнаш а девзи: моз, шура, т1уо.
Уроке ладог1арна баркалла шуна. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.