Юххедиллар къастаман ша-тайпа форма ю. Иза ц1ердашах кхолладелла. Юххедилларо гойту адамийн говзалла, тайпа, корматалла, гергарло, къам. Ц1ердешнаш кхетаме а, кхетамза хуьлу. Адамех лаьцна долу ц1ердешнаш кхетаме лору:йо1,да,нус,ваша,лулахой.
Кхидолу ц1ердешнаш кхетамза ду:стигал, лаам,дикалла,вахар, аре, лам,етт,эмкал.
Масала:
халкъ— турпалхо
йо1-дешархо,
к1ант-бено,
лор Малика,
хи Соьлжа.
Юххедиллар ша билгалдечу дашна хьалха а, т1ехьа а лаьтташ хила тарло.
Масала:
Шела-г1ала (дуста: г1ала Шела).
Газет «Даймохк», Муса-хьехархо.
Юххедиллар газетийн, журналийн, предприятийн, исбаьхьа произведенийн и. д1.кх. ц1ерш елахь, уьш даккхийчу элпашца яздо, кавычкаш юккъе а оьцу.
Масала:
журнал «Орга»,
газета «Васт»,
роман «Лаьмнашкахь ткъес».
цхьаьнакхетарралла «Нурэнерго»
Юххедиллар долаххьий, юкъарий х1уманийн ц1ерах лаьтташ делахь (адам доцчу кхечу х1уманийн ц1ерш) долахь долу дош юххедиллар лору. Юкъара ц1е юххедиллар лору, нагахь санна цуьнца адамийн ц1е (фамили) елахь.
Масала:
Котар-юрт,
журнал «Стела1ад».
к1ант Рустам,
нус Элина,
марда Муса,
марнана 1айнаъ.
Юххедилларехь долахь ц1е хьалхаpa елахь, царна юккъе дефис юьллу:
Терк-хи Казань-г1ала, Назрань-г1ала (дуста: хи Терк, г1ала Казань, г1ала Назрань)
Юххедилларехь ший а дош юкъара делахъ, царна юккъе дефис юьллу:
йо1-хьехархо,
нийсархой-мехкарий,
к1ант-белхало,
седарчий-планеташ,
зударий— къинхьегамхой.
Амма хаа деза юкъарчу дешнех хилла юххедиллар а, билгалден дош а нисделча,хьалха лаьтташ дерг юххедиллар хилар, цул т1аьхьа дерг цо билгалден дош хилар:
йо1-дешархо
дешархо-йо1
француз-хьехархо
хьехархо — француз
Билгалдаккхар. Юххедиллар а, шишша цхьаьна лела ц1ердешнаш а вовшех къасто хаа деза.Уьш вовшех къаьста, юххедилларо шеца долчу ц1ердешан билгало гайтарций, ткъа шишша цхьаьналелачу ц1ердешнаша, цхьаммо вукхуьнан билгало ца гойтуш, шина а декъан дагардар гайтарций.
Масала:
зуда-хьехархо,нана-борз, буц-аре, дин-бекъа(юххедилларш);
да-нана (да а, нана а), кад-1айг (кад а,1айг а), тай-маха (тай а, маха а), де- буьйса (де а, буьйса а) и. д1. кх. шишша цхьаьналела ц1ердешнаш ду.
Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш болх бийр бу вай.
1.Билгалдохур ду вай юххедилларш, оьшуш йолу хьаьркаш х1иттош:
Амма нана г1аз шен к1орни а йитина т1аьхьра яла дагахь яцара.
Нохчаша т1емалоша дерриг а дуьненна а д1агайтина шайгара хьуьнарш а, турпалалла а, доьналла а.
Керлачу шарца бераш декъалдан баьхкира майданаГ1ура дада а,Лайн аьзни а.
Бераша дешархоша даима а доьшу газета Даймохк, журнал Стела1ад.
Дог1анаш иштта саццаза эхахь, Терк хи т1едала кхерам бу.
Т1едиллар нийса иштта хир ду:
Амма нана-г1аз, шен к1орни а йитина, т1аьхьара яла дагахь яцара.
Нохчаша -т1емалоша дерриге дуьненна а д1агайтина шайгара хьуьнарш а, турпалалла а, доьналла а.
Бераша-дешархоша даима а доьшу газета «Даймохк» , журнал «Стела1ад»
Дог1анаш иштта саццаза эхахь, Терк -хи т1едала кхерам бу.
Тахана вайна девзи юххедиллар –иза ц1ердашах кхолладелла хилар а,ша билгалдечу дашна хьалха а, т1ехьа а лаьтташ хилар, иштта юххедилларехь сацаран хьаьркаш х1итторан бакъонаша евзи .
Цу т1ехь вай урок ерзор ю .
Тест
1.Поэта Х. Эдиловс цхьаьнакхетарехь шен стихаш йийшира. Кху предложенехь юххедиллар:
1) Х.Эдиловс
2) стихаш
3) поэта
2. Юххедиллар ду:
1) ч1ир-гамо
2) зуда-хьехархо
3) тай-маха
3.Дефис юьллу:
1) нийсархой мехкарий
2) хи Соьлжа
3 )журнал «Орга»
Пайдаэцна литература
1. З.Д Джамалханов, Т.М. Вагапова, Я.У. Эсхаджиев «Нохчийн мотт 8-9 классашна. Соьлжа-г1ала ГУП «Книжное издательство» 2007г.
2.Эдилов С.Э. Самукъане грамматика 5-11 классана дешаран пособиГрозный«Арфа-Пресс» 2010г.
3.Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2012г.
4.Эсхаджиев Я.У. «Юккъерчу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор». Грозный «Альфа-Пресс» 2010г.