Урок №16 Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а

Вай д1ахьур ю рог1ера  нохчийн меттан урок.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий цадечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт цахаар
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар —
Маьттаза вахар ду.
(Б. Саидов)
Вайна вешан кхерчан сий лардан лаьа, маьттаза даха а ца лаьа. Цундела, Дала мукълахь, вай дика 1амор бу ненан мотт.
Х1окху  урокан ц1е ю: «Терахьдош а, цуьнан маь1на а, морфологически билгалонаш а»
Маса сахьт даьлла?  — Нохчийн мотт мосалг1а урок ю?  — Шун классехь маса дешархо ву?— оцу тайпанчу хаттаршна жоьпаш дала вайна оьшу терахьдош.    Оьрсийн маттахь «числительное» олу цунах.
Терахьдош — терахь бохучу дашах кхолладелла. Терахь оьрсийн матте даьккхича «число» бохург ду.
Иза  цхьа билгалъяьккхина хан а ю.
Математикехь-грамматически терахьаш а ду.
Цхьана х1уманан лоьмар а ю.
Терахьех, дукхахьолахь, вай пайдаоьцу математика урокехь хьесап деш. Масала:  3х3=9 (кхузза кхоъ — исс).
Терахьдешнех пайдаоьцу вай  х1уманийн масалла я рог1алла гойтуш: маса? — цхьаъ, цхьа де; ткъе итт, ткъе итт шо.
Мосалг1а? —  кхоалг1а, ткъе шолг1а;  уьтталг1а класс, ткъе кхойтталг1а ц1а.
Къамелехь  терахьдешан  маь1на мел мехала ду хаархьама, жима диалог ялор ю вай, терахьдешнаш а ца олуш:
 Хьан маса шо ду? 
 Сан ……….  шо ду.
 Шун доьзалехь маса бер ду?
Тхан доьзалехь …. бер ду.
Доьзалехь мосалг1а бер ду хьо?
Тхан дозалехь со …… бер ду
Хьо мосалг1ачу классехь доьшуш ву?
Со ………. классехь доьшуш ву.
Муха хийти шуна диалог? Дуьззина дуй жоьпаш? Жоьпийн маь1наш кхачаме хилийтархьама, оцу хаттаршна дуьззина жоьпаш лур ду вай:
Хьан маса шо ду? 
Сан шийтта шо ду.
Шун доьзалехь маса бер ду?
Тхан доьзалехь диъ бер ду.
Доьзалехь мосалг1а бер ду хьо?
Тхан дозалехь со кхоалг1а бер ду.
Хьо мосалг1ачу классехь доьшуш ву?
Со йолхалг1ачу классехь доьшуш ву.
Х1ун гойту билгалдаьхначу дешнаша?
Цара х1уманийн масалла а, рог1алла а гойту.
Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара?
Маса? Мосалг1а? бохучу хаттаршна жоьпаш ло цара.
Х1инца алалур дарий вайга, муьлхачу къамелан декъах олу терахьдош?
Х1уманан масалла я рог1алла гойтуш, маса? мосалг1а? бохучу хаттаршна жоп луш долчу къамелан декъах терахьдош олу.
Терахьдешнаш коьртачу шина декъе декъало.
Масаллин — (Маса?) – ворх1, кхойтта, ткъе итт.
Рог1аллин — (Мосалг1а?) —   ворх1алг1а, кхойтталг1а, ткъе уьтталг1а.  
Масаллин терахьдешнашна юкъадог1у:
декъаран: цхьацца, пхиппа, диъ – диъ;
дакъойн (дробные): шиъ-кхоалг1а, диъ-ворх1алг1а, итт-пхоьалг1а;
гулдаран:  ший а, ткъе иссе а; вейтте а, вуьрх1итте а;
билгалза-масаллин: цхьа-шиъ, пхи-ялх,  иттех;
Рог1аллин терахьдешнаша х1уманийн рог1алла гойту
Цара мосалг1а? бохучу хаттарна жоп ло:
Мосалг1а? — шолг1а, пхоьалг1а, ворх1алг1а;
Терахьдешнаш лаамаза а, лааме а хуьлу.
Ц1ердашца цхьаьна долчух лаамаза терахьдош олу:
пхи ламаз, ткъе уьтталг1а дешархо.
Ц1ердашца а доцуш, ша лелачу терахьдашах лааме терахьдош олу:   
цхьаъ, берх1итта, б1е;
Рог1аллин лааме терахьдош лаамазчарна т1е суффикс –ниг- кхетарца кхоллало: йолхалг1а- йолхалг1аниг, ткъе шолг1а — ткъе шолг1аниг.
Лаамаза а, лааме а рог1аллин а терахьдешнаш дожаршца хийцало  мухаллин лаамаза а, лааме а билгалдешнаш санна:
(шолг1а  кор, шолг1ачу коран, шолг1ачу корана, шолг1ачу коро и.д1.кх.);
(шолг1аниг, шолг1ачун, шолг1ачунна, шолг1ачо и.д1.кх.;
Т1едиллар №1.
Х1ара байт д1а а еший, кху юкъара терахьдешнаш къастаде:
К1ира
К1ира – иза ду цхьа ц1енош,
Цу чохь хаза деха денош.
ду оршот де,
Цунна уллохь шинарде.
ду юккъехь дехаш,
К1ира декъар – цуьнан декхар.
Еари де уллохь ду
Еза суьйре цуьнца ю.
Оцу сарахь луш ду саг1а,
Мискачарна кхачош дакъа.
Деза де ду п1ераска
Баккхийчарна, берашна.
Йолхалг1а чоь д1а а лаьцна, 
де ду ирсе кхаьчна.
ду к1иранде —
Вай уьш дерриш тергалди
(М. Ахмадов)
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 
Марша 1ойла! 1одика йойла шун!
 
Пайдаэцна литератур:
 В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУП «Книжное издательство» 2011 шо.
Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум».   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс». 2011 шо.
З. Д. Джамалханов  «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам»    ГУП «Книжное издательство». 2009 шо.
З. Д. Джамалханов, М. Ю. Мачигов «Нохчийн  мотт» I-ра дакъа. Грозный.   «Книжное издательство». 1985 шо.
А.Г.Мациев «Нохчийн-оьрсийн словарь».Москва-1961 шо.
Джамбеков Ш.А. «Нохчийн фольклор» .  Грозный. «Книга» 1990 шо.
Журнал «Стела1ад». №2, 2006 шо.

Close
Яндекс.Метрика