Урокан тема ю «Т1еэцна билгалдешнаш. Церан легар а, суффиксийн нийсаязъяр а.»
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду т1еэцна билгалдешнаш муьлхарш ду а, церан суффиксийн нийсаязъяран бакъонаш муха ю а.
Оьрсийн маттахь т1еэцна билгалдешнаш «заимствованные прилагательные» бохург ду. Массо а меттанашкахь хуьлу т1еэцна дешнаш, иштта вайн маттахь а ду уьш.
Урок д1айолош, х1ара оьрсийн маттера билгалдешнаш нохчийн матте муха девлла тидам байта лаьа суна шуьга:
Инновационный проект – инновационни проект,
технологическая карта – технологически карта,
английский язык – английски мотт,
элетрическая лампа- электрически лампа,
географические карты – географически картанаш.
Аш тидам бинехь, оьрсийн маттахь чаккхенгахь -ый(-ий), -ая(-яя),-ое(-ее), -ие долу билгалдешнаш нохчийн матте доьрзуш, церан чаккхенгахь –и -яздеш хуьлу.
Т1еэцначу билгалдешнийн суффиксаш ю -ни, -ски, -чески.
Т1еэцна билгалдешнаш а хуьлу лааме а, лаамаза а. Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш дожаршца хийцалуш дац, ткъа цаьрца уьйр йолу ц1ердешнаш хийцало.
Ц1. инновационни проект
Дл. инновационни проектан
Л. инновационни проектана
Др. инновационни проекто
К. инновационни проектаца
Х. инновационни проектах
М. инновационни проекте
Дс. инновационни проектал
Т1еэцна лааме билгалдешнаш дожаршца хийцало.
Ц1. гимназиниг
Дл.гимназичун
Л.гимназичунна
Др. гимназичо
К. гимназичуьнца
Х.гимназичух
М. гимнзичуьнга
Дс. гимназичул
Т1едиллар №1
Девзинчух пайда а оьцуш, х1ара т1еэцна билгалдешнаш, т1адамийн метта оьшуш долу элпаш а дохкуш д1аяздан хьовса деза шу:
Информационн… хаам, революционн… толам, экономическ… дахар, компьютерн..класс, агрономическ… хьехамаш.
Т1едиллар №2
Х1ара т1еэцна билгалдешнаш легаде:
электрически лампа, белорусскиниг
Урок ерзош вай иштта жам1 дийр ду: вайна тахана евзи т1еэцначу билглдешнийн суффиксаш;
иштта девзи церан дожаршца хийцадалар муха хуьлу: т1еэцна лааме билгалдешнаш дерриге а дожаршца хийцало;
т1еэцна лаамаза билгалдешнаш дожаршца ца хийцало, хийцалуш дерг цуьнца уьйр йолу ц1ердош ду
Вайн урок кху т1ехь чекхйолу. 1одика йойла шу, марша 1ойла!
Пайдаэцна литератур:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.