Урок №13 Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш

Вайн урокан тема ю «Билгалдешнийн кхолладалар, церан суффиксаш».
Х1окху урокехь вай  шуна довзуьйтур  ду билгалдешнийн кхолладаларан некъаш  а, муьлхачу суффиксийн г1оьнца уьш кхоллало а.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш.
Арахь кхуьуш зезагаш ду.
Арахь кхуьуш хаза, бес-бесара  зезагаш  ду.
— Шолг1ачу предложенера  хаза, бес-бесара бохучу билгалдешнаша вайна йовзуьйту оцу зезагийн  хазалла а, башхалла а.
Х1инца вай Хатуев 1абдулхьамида язйина байт д1айоьшур ю.
Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,
Мел лекха ду церан сий!
Дерриге дуьне ду яхьйолчун меха:
Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.    
 (1.Хатуев)
-Билгалдешнаш къастаде вай оцу байта юкъара. Уьш х1орш ду:
Ламанийн, лаьмнийн
Цаьрга хьаьжча гуш ду, царна юккъера ламанийн, лаьмнийн боху билгалдешнаш ц1ердешнех кхолладелла хилар.
Тидам бе вай, муьлхачу некъашца кхоллало ц1ердешнех  билгалдешнаш: 
Билгалдешнийн  кхолладалар суффиксийн г1оьнца хуьлу.
Цуьнан кхоъ некъ бу:
1) Цхьадолу ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лела. Уьш кхоллало –ан, -нан, -анан, -ран,  суффиксийн г1оьнца.
Масала:
Ломан басе,1аьнан зама, не1аран т1ам, дог1анан т1адамаш , ламанан шовда.
2) Ц1ердешнех –ар-ер суффиксийн г1оьнца а  кхоллало билгалдешнаш.
Масала:
йистера кор, махкара кхаъ,1умарера кехат.
Дацаран маь1на долу билгалдешнаш –за, -аз суффиксийн г1оьнца кхоллало. Уьш дацаран маь1на долуш хуьлу.
Масала: чаьмза, бертаза, кхетамза
Т1едиллар №1
Ц1ердешнех, суффиксийн г1оьнца, билгалдешнаш кхолла:
Масала: коч ц1ердашан т1е суффикс –ан тоьхча, цунах билгалдош хуьлу – кучан –
Болат + 
Урам+
дог+
ц1а+
дечиг+
Т1едиллар №2
Лакхахь далийна  билгалдешнаш юкъахь а долш, предложенеш х1иттае.
———-
Х1окху урокехь вай довзийтира шуна, вайн нохчийн мотт хазбеш долу билгалдешнаш  кхолладаларан некъаш, иштта суффиксийн г1оьнца кхечу къамелан декъах (ц1ердашах) билгалдешнаш кхолладалар а.
Кху т1ехь урок ерзор ю вай. 1одика йойла шун!

Close
Яндекс.Метрика