Маршалла ду шуьга хьоме дешархой.
Вайн урокан тема ю- хандешан цхьалхе сказуеми.
Карладаккхий вай стенах олу сказуеми.
Подлежащих лаьцна дуьйцучу, подлежащин дар я хилар гойтучу коьртачу меженах сказуеми олу. Цо жоп ло х1ун до? х1ун хуьлу? х1ума х1ун ю? мила ву? муха ю? маса ю?хьенан ю хаттаршна.
Сказуеми хуьлу хандешан цхьалхе а,ц1еран х1оттаман а,хандешан х1оттаман а.
Дукхахьолахь сказуеми хандашах хуьлу.Деккъачу хандашах хилла сказуеми хандешан цхьалхе сказуеми ду.
Сказуеми шех хуьлучу хандешан кепах (форманах) хандешан саттам олу. Хандешан цхьалхе сказуеми хуьлу билгалчу а,лааран а,т1едожаран а,бехкаман а саттамийн хандешнех.
Саттам оьрсийн маттахь наклонение бохург ду.
Масала:
Дешархой аьхка сада1а лагере бахара. (бахара –билгала саттам-хандешан цхьалхе сказуеми)
Ас машарх лаьцна стихаш язйийр яра. (язйийр яра-бехкаман саттам- хандешан цхьалхе сказуеми)
Де дика хуьлда хьан,нана! (хуьлда-лааран саттам)
Хьажахьа хьайга х1ун дало. (хьажахьа –т1едожоран саттам)
1амийнарг т1еч1аг1деш иштта болх бийр бу вай.
Ялийначу предлорженешкара хандешан цхьалхе сказуемеш схьа а лохуш, церан саттамаш билгалбаха.
Дошлойн тобано говраш сецайора.
Марша г1олда хьо, т1ам сийна кхокха!
Г1алат ма волийла хьо, жима стаг!
Накъост, дитал и хабарш.
Нийса жоп иштта хила деза:
Сецайора — хандешан цхьалхе сказуеми, билгала саттам.
Г1олда – хандешан цхьалхе сказуеми –лааран саттам.
Ма волийла –хандешан цхьалхе сказуеми, лааран саттам.
Дитал –хандешан цхьалхе сказуеми, т1едожоран саттам.
Тахана вайна девзира хандешан цхьалхе сказуеми а,иза муьлхачу саттамийн хандешнех хуьлу а.
Кху т1ехь вай урок ерзайо.
1одика йойла .Марша 1ойла.