Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Делан пурбанца вай д1айолор ю ненан маттах долу хаарш 1аморан, довзаран рог1ера урок. Дала х1ораннан сих, ойланах кхетайойла нохчийн ненан меттан хазалла, исбаьхьалла.
«Аганан иллица со вижош, нана
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь.
Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабаш кхана,
Хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь!»
(Юсупов 1аьзим)
-Лаьара-кх, Юсупов 1аьзима аьллачунна т1е а доьзна, т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана а, хьомсара вайн нохчийн мотт, даима бехийла!»
-Вайн урокан тема ю: Мотт а, цуьнан коьрта билгалонаш а, маь1на а.
Х1окху урокехь вай дуьйцур ду адамийн дахарехь а, юкъараллехь а мел доккха маь1на ду буьйцучу меттан а, вайна йовза езачу нохчийн литературни меттан норманех лаьцна а.
-Юкъараллин дахарехь меттан маь1на кхаа кепара ду.
-Хьалхарчу маь1ница аьлча, мотт адамийн уьйран г 1ирс бу, х1унда аьлча адамаш вовшашца г1иллакхе а, къинхетамеа, тарлуш вовшашца бертахь даха декхарийлахь ду, вовшашца шайн дагара нийсонца а дуьйцуш.
Шолг1ачу маь1ница аьлча, мотт кхиаран г1ирс бу, х1унда аьлча тахана цахиънарг кхана 1амош, кхана цахиънарг лама 1амош, адамаш кхеташ, кхуьуш хила дезаш ду.
Адаман дахар а, техника а, говзалла а, производство а, 1илма а кхиаре хьаьжжина, мотт а кхуьуш бу.
Кхоалг1ачу маь1ница аьлча, мотт къийсаман г1ирс бу, х1унда аьлча зуламаш деш, адамашна бохамаш, цатемаш, вонаш деш лелаш зуламхой а хуьлу.
Зуламхошна а, вочу х1умнашна а дуьхьал къийсам латто безаш хуьлу. И дерриге а маь1наш юкъалоцуш аьлча, мотт адамийн уьйран а, кхиаран а, къийсаман а г1ирс бу.
— Буьйцучу меттан ойланца а, кхетамца а, хьекъалца а, 1илманца а, говзаллица а, дерриге дахарца а ч1ог1а уьйр ю.
-Вайна х1уманан тидам бан хааре хьаьжжина бен, цуьнан ойла яр хир дац, ойла яре хьаьжжина бен, цунах кхетар а, цунах долу хьекъал а хир дац.
— Цундела боккхачу тидамца а, ладуг1уш а 1амо деза вай.
Мотт ойланан дег1 ду, х1унда аьлча вай вешан ойла хезаш д1ааьлча я йозанца д1аязйича, мотт, меттан дешнаш вайн ойла билгалъеш, гойтуш, цуьнан дег1 хуьлий д1ах1утту.
Ойла меттан а, кхетаман а сурт ду, х1унда аьлча вайн коьрте еанчу ойлано вайна х1уманан сурт х1оттадо.
— Моттий, ойлий ч1ог1а вовшех дозуш ду.
— Цхьа ойла хилчий бен, цхьа х1ума дагадеъчий бен,вай х1умма а ца олу.
— Ойла а, дагахь дерг а вай маттаца д1адуьйцу.
-Стеган коьрте йог1у муьлхха а ойла дешнашца а, предложенешкахь дешнийн цхьанакхетарца а билгалйолу.
-Дагалаьцначун сурт х1утту, юьхь сибат а, аз а девза.
Кхетам — иза х1ума хааран а, довзаран а, цунах кхетаран а ойла ю, х1унда аьлча х1ума евзаш а, цунах кхеташ а йолу ойла ца хилча, цуьнан кхетам ца хуьлу.
Хьекъал — адамийн дахарх а, къахьегарх а, 1аламах а болчу кхетамах олу, х1унда аьлча хьекъал адамийн дахарх а, къинхьегамах а, 1аламах а лаьцна болу кхетам бу, доцца аьлча хьекъал х1уманах вайн болу кхетам бу.
1илманчаша дерриге а дуьненчохь юьхьанца 2796 тайпа къаьмнийн меттанаш лерина, х1инца 3000 сов лору.
— Царна юкъарчу х1ора меттан а шен башхаллаш ю, кхечарех къаьсташ йолу меттан г1иллакхийн шатайпанара башхалла.
— Нохчийн мотт нохчийн къоман халкъан мотт бу.
Нохчийн къоман матта юкъахь ши дакъа къасто йиш хуьлу:
1) нохчийн халкъан мотт а, цу юкъахь диалекташ а (Шуьйта районехь, х1инца ца олуш, х1унца олу, аьккхаша, к1удал ца олуш, тарха олу, ч1ебарлоша, даь1ахк ца олуш, т1ехк олу);
2) литературни мотт а.
— Литературни мотт — иза халкъан мотт бу, амма иза говзанчаша: 1илманчаша а, яздархоша а, литераторша а, критикаша а, хьехархоша а, журналисташа а, артисташа а шарбеш, нисбеш, тобеш, хазбеш, норманашка берзош, кхочушбина исбаьхьаллин а, 1илманан а мотт бу.
Нохчийн литературни меттан шен законаш а, норманаш а ю, 1амо а, хаа а, йовза а, ларъян а езаш йолу.
Масала:
1) фонетически норманаш (къамелан аьзнаш нийса алар хила дезаш);
2) морфологически норманаш (дешнийн морфологически норманаш а, кепаш а ларъян хаа дезаш);
3) синтаксически (предложенеш хила ма — еззара нийса х1итто езаш);
4) орфоэпически (дешнаш нийса ала дезаш);
5) орфографически (дешнаш йозанехь нийса яздан хаа дезаш);
6) пунктуационни (йозанехь сацаран хьаьркаш нийса х1отто хаа дезаш);
7) стилистически (литературниметтан хат1, стиль нийса ларъяр ца хилча ца торуш, предложенешкахь ойланаш юьззина нийса а, хаза а, дика а билгалъяха хаа дезаш).
— 1амийнарг т1еч1аг1дар
1. Шайна евзачу поэтийн стихашкахь схьакарае «Уггаре мерза а, къаьхьа а ерг х1ун ю те?» бохучу х1етал-металан маь1на довзуьйтуш йолу меттиг.
Ас кхиийна и хьан деган зезаг
Лиънера сайн иллехь 1алашдан,
Шовда санна, и вайн ц1ена безам,
Т1ехь ша боцуш, даим сирла ган!
(Сулейманов Ахьмад)
Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,
Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!
Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,
Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,
Дуьненан хазахетар, адаман мотт!
(Яндиев Джамалди)
Лакхахь далийначу мог1анашкахь го вайна уггаре мерзаниг адаман мотт хилар.
Ткъа лахахь далийначу дешнаша меттан къаьхалла а гойту вайна.
Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,
Мел сийсаза бу-кха хьо, адаман мотт!
Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,
Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,
Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!
(Яндиев Джамалди)
Муха лору оьрсийн поэташа вайн нохчийн мотт?
«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
(Л.Н.Толстой)
«Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржошберш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».
(П.К.Услар)
Х1окху урокехь вай дийцира нохчий меттан коьртачу билгалонех а, маь1нех а, лаьцна.
Х1инца вай билгалбоккхур бу ц1ахь бан болх.
Мотт, ойла, дахар — бохучу ц1ердешнашна синквейн х1оттае.
Вай урок ерзор ю, шун 1одика йойла, марша 1ойла.
Жам1 дар
Мотт ойлаяран а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а йоккхахазна ю, х1унда аьлча адамийн дахарехь а, юкъараллехь а буьйцучу матто дакъа ца лоцуш цхьа а х1ума дац. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехькхоллабелла а,кхуьуш а схьабеанабу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, 1илма а, культура а-адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио г1одинарг а мотт бу.
________________________________
Мотт-
г1иллакхе, оьзда.
Велаво, велхаво, вожаво.
Адамийн дахаран маь1на до.
Хьекъал.
___________________________
Ойла-
сирла, ц1ена.
Кхетаво, самавоккху, юхатуху
Ойла меттан а, дахаран а сурт.
Кхетам.
________________________
Дахар.
Ирсе, токхе.
Вазво, айво, лакхавоккху.
Дуьненах 1ехаелла йог1у зама.
Ирс.
————-
Дала ненан мотт безарна т1ехь ч1аг1дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда мадойлацхьанна а нохчочунна! И 1омо, таллаДала хьуьнарлойла вайна массарна.
Цу т1ехь вай урок ерзор ю. Т1ейог1учу урокашкахь шун кхиамашкхин а совбохуш, вайн меттан хазаллех, цуьнан исбаьхаллех лаьцна дуьйцур ду вай. 1одика йойла шун, марша 1ойла!
————-
Пайдаэцна литература:
1. Джамалханов З.Д., Вагвпова Т.М., Эсхаджиев Я.У. «Нохчийн мотт-8-9 класс» Грозный ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2013 шо
2. Джамалханов З.Д., Мачигов М.Ю. «Нохчийн мотт» педучилищан 1-2-чуй курсийнстуденташна учебник. Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1985 шо.
3. Джамалханов З.Д. «7-чу классехь нохчийн меттан синтаксис хьехар» Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1982 шо.
4. Эсхаджиев Я.У. «4-8-чуй классашкахь нохчийн мотт хьехаран методика»Грозный, Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1987 шо.5. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-Г1ала 2012 шо.
6. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум». Соьлжа-Г1ала Издательство «Альфа-Пресс», 2011 шо.
7. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.
8. Ирсаханов И. «Х1инцалера нохчийн мотт» Нохч-Г1алг1айн книжни издательство, 1965 шо.