Урок №60 Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш. Iамийнарг карладаккхар.

Тахана вай карлайоккхур ю тема: «Предложенин коьрта а, коьртаза а меженаш».
Вайна ма-хаьара, предложенин меженаш шина тобане екъало: коьрта а, коьртаза а
Сказуеми, подлежащи предложенин коьрта меженаш ю. Дагайоуьйтур ю вай уьш.
Подлежащих лаьцна  дуьйцу
Коьрта меже  ма ю со.
Х1ун до? Дина? Я дийр ду?
Хаттаршна аса жоьпаш ло.
(Эдилов С.Э.)
Предложенехь подлежащих лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах сказуеми олу.
Сказуемино сайх лаьцна дуьйцу
Коьрта меже  со ма ю. 
Мила? Х1ун? Я хьанна? Стенна? 
Хаттаршна со жоп луш ду. 
Хьан? Я стен? Я хьаьнга? Стенга?
Боху хаттарш а диц ца до.
Предложенехь муьлха меже 
Хир ю т1аккха, дийца со? 
(Эдилов С.Э.)
Предложенехь сказуемино шех лаьцна дуьйцучу коьртачу меженах подлежащи олу. Иза Ц1ерниг, Доланиг, Дийриг, Лург, Меттигниг дожаршкахь хуьлу.
Х1инца, х1окху предложенешкара  коьрта меженаш билгал а йохуш, жима болх бийр бу вай.    
1. Б1аьста бовхачу махкара олхазарш схьадог1у.
2.Оха классехь хаза дийцар дийшира.
3. Малхо къагийнера жима к1отар.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Предложенин коьтаза меженаш ю:
Кхачам, къастам, латтам. 
Дожарийн хаттаршна жоп ло
Коьртаза меже ю со.
Хаттаре хьаьжжина, лач а
Я нийса хила  тарло.
Меже йовза хьекъал кхачахь,
Хуур хьуна буй и… (кхачам)
(Эдилов С.Э.)
Дожарийн хаттаршна жоп а луш, х1ума билгалъеш йолчу коьртазчу меженах кхачам олу.
Х1уманан билгало гойту
Коьртаза меже  ю со.
Муха ю? Мичара? Хьенан? 
Хаттаршна а жоьпаш ло. 
Хала дац кхечарах къасто
Юьйцург хилча меже… (къастам)
(Эдилов С.Э.)
Х1уманан билгало гойтучу коьртазчу меженах къастам олу.
Дар я хилар мича хьолехь,
Маца, муха, муьлха меттехь,
Х1унда, мича 1алашонца
Кхочушхуьлу гойту ас.
Шаьш ца тешахь, де аша хаттар-
Гучубер бу т1аккха… (латтам).
(Эдилов С.Э.)
Г1уллакх маца, мичахь, муха я мича кепара, мича 1алашонца, х1унда я мича бахьаница кхочушхуьлу гойтучу коьртазчу меженах латтам олу.
Вай дийцинарг т1еч1аг1деш, х1окху предложенешкахь коьрта а, коьртаза а
меженаш билгалъяха хьовсур ду вай.
1. Бирланта дешархошка сочинени язъяйтира. 2. Суна хаза коч тегна бабас. 3.  Гурахь бешара стоьмаш чуберзийра оха.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Вай х1окху урокехь карлаехира коьрта а, коьртаза а меженаш.
Дийцинарг кхин цкъа карла а доккхуш, ц1ахь б1аьстенах лаций жима дийцар язде.
Кху т1ехь вай урок ерзор ю. 1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.

Close