Урок №58 Ц1ердош морфологически къастор

Х1окху урокехь вайна хуур ду  ц1ердош морфологически къасто. 
Амма и  къасто, вайна хаьа еза цуьнан  грамматически билгалонаш. Цундела вай  ц1ердашах 1амийнарг карладаьккхича, дика хир ду.
Х1ума билгал а еш, мила? муьлш? х1ун? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах ц1ердош олу
1. Ц1ердешнаш терахьашца хийцало. Масала:
зезаг-зезагаш, легар- легарш, дожар-дожарш.
2. Ц1ердешнийн 6 грамматически класс ю. Масала:
да (ву) — дай (бу) (1кл.)
нана (ю) — наной (бу) (2кл.)
не1 (ю) — не1арш (ю) (3 кл.)
кор (ду) – кораш (ду) (4кл.)
толам (бу) – толамаш (бу) (5кл.)
уьстаг1 (бу) — уьстаг1ий (ду) (6кл.)
3. Ц1ердешнаш дожаршца а хийцало.
Нохчийн маттахь 8 дожар ду, х1ора дожаран ше-шен хаттарш а долуш:
1. Ц1ерниг дожар     мила? муьлш? х1ун?
2. Доланиг дожар     хьенан? стенан?
3. Лург дожар            хьанна? стенна?
4. Дийриг дожар       хьан? стен?
5. Коьчалниг дожар   хьаьнца? стенца?
6. Хотталург дожар   хьанах? стенах?
7. Меттигниг дожар   хьаьнга? стенга?
8. Дустург дожар       хьанал? стенал?
4. Ц1ердешнийн диъ легар ду. Уьш къастадо цхьаллин терахьехь  коьчалниг дожарехь йолчу чаккхенашка хьаьжжина:
1–ра легар  (-ца,-аца): собарца, говраца;
2-г1а легар (-нца,-арца): гатанца, набарца;
3-г1а легар (-ица): йишица, вешица;
4-г1а легар (-чуьнца): хехочуьнца, доттаг1чуьнца.
5. Ц1ердош  предложенехь подлежащи, кхачам, латтам, къастам, сказуеми, т1едерзар хуьлий лела. Масала: 
К1анта сарахь говрана хи малийра.
малийра – сказуеми
к1анта — подлежащи
хи — нийса кхачам
говрана — лач кхачам
сарахь — латтам
6. Схьадевлла ц1ердешнаш кхоллало дешхьалхенийн, суффиксийн г1оьнца а, иштта дешнаш вовшахкхетарца а.
Вай карлаехи ц1ердешан грамматически билгалонаш.
Ткъа х1инца, ц1ердош морфологически къастор муха хуьлу, хьовсур ду вай.
Масала схьаоьцур ду вай шовда боху дош.
Иза морфологически къастош вай  дуьххьара ала деза 
1. Муьлха къамелан дакъа  ду иза?
— шовда –ц1ердош ду;
2.  Шолг1а, вай хьовса деза, муха ю цуьнан юьхьанцара кеп:
— шовда, иза оцу дешан юьхьанцара кеп ю;
3. Кхоалг1а, долахь я юкъара ц1е ю иза къасто деза:
— шовда юкъара ц1е ю.
4. Доьалг1а, оцу дешан терахь хьовса деза вай:
Иза цхьаллин терахьехь ду.
5. Пхьоьалг1а цуьнан грамматический класс къасто еза:
— Шовда (ду) – шовданаш (ду) – 4 классан юкъадог1у х1ара дош;
6. Цул т1аьхьа вай дожар билгалдаккха деза.
— (х1ун?) шовда – ц1ерниг дожарехь ду.
7. Т1аккха легар къастор ду вай. 
— Шовда боху дош коьчалниг дожаре даьккхича чаккхе –нца нисло, (стенца?) – шовданца – шолг1ачу легарна чу дог1у и дош.
8. Цул т1аьхьа схьадаьлла я схьадалаза дош ду хьовса деза вай.
— Шовда схьадалаза дош ду.
9. Уьссалг1а, нагахь санна и схьадаьлла делахь муха кхолладелла ала деза вай. Ткъа дош вай ма-аллара схьадалаза делахь х1умма язъян ца оьшу кхузахь (схьадаьлла делахь).
10. Т1аьхььара, и дош предложенехь къастош делахь иза предложенин муьлха меже ю ала а деза вай.
Х1инца хьвсур ду вай предложенера ц1ердешнаш морфологически къасто.
К1анта дега кехат яздира.
Кху предложенехь кхоъ ц1ердош ду: к1анта, дега, кехат.
Церан морфологически къастам иштта хила беза:
        К1анта                 дега                            кехат
1)    Ц1ердош           1) Ц1ердош              1) Ц1ердош
2)    К1ант                  2) Да                           2) Кехат
3)    Юкъара              3)Юкъара                 3)Юкъара
4)    Цхь.т.                  4)Цхь.т.                      4)Цхь.т.
5)    1кл.                      5)1кл.                         5)4кл.
6)    Др.д.                    6)М.д.                         6)Ц1.д.
7)    1л.                       7)1л.                           7)1л.
8)    Схьадалаза       8)Схьадалаза          8)Схьадалаза
9)    —                            9)-                               9)-
10)  Подлежащи     10) Лач кхачам         10) Нийса кхачам
Х1инца 1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса деза шу. Предложени д1а а еший, цу юкъара ц1ердашна морфологически къастам бе.
Аса селхана  диг ийцира. 
Предложенера  ц1ердош -диг  морфологически талла деза аш.
1)    Ц1ердош ду.
2)    Юьхьанцара кеп — Диг
3)    Юкъара дош ду
4)    Цхьаллин терахьехь ду.
5)    4 грамматически класс.
6)    Ц1ерниг дожар.
7)    2 легар.
8)    Схьадалаза
9)    –
10)    Нийса кхачам.
Ц1ахь морфологически къастаде предложенера ц1ердешнаш:
Малхо дохдинера латта.

Close