Урок №51. Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легар.

Д1аяханчу урокехь вай дийцира цхьаллин терахьан ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъярх лаьцна. 
Тахана дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легарх лаьцна дуьйцуш урок д1ахьур ю вай.
Дагадаийта деза вай, х1ун чаккхенаш хуьлу деа а легарехь цхьаллин терахьан ц1ердешнийн. 
Хьалхара легар чу дог1учу цхьаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш: –ан; -на, -ана; -о; -ца, -аца; -х, -ах; -е; -ал. 
Шолг1ачу легаран чаккхенаш:  –нан, -аран; -нна, -арна; -но, -аро; -нца, -арца; -нах, -арх
(-арах); -не, -аре; -нал, арал. 
Кхоалг1а легаран: -ин; -ина; -о, -но, -с, -ас; -ица; -ех; -е, -ига; -ел.
Доьалг1ачун:  –чуьнца  -чуьнга; чун; -чунна; -чо; -чух; -чул.
Х1инца хьовсур ду вай дукхаллин терахьехь ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш муха хуьлу. Х1ора легар чу дог1у цхьацца ц1ердош  легор ду вай.
Масала: лаьмнаш, зурманаш, вежарий, дешархой.
1л.                
Ц1. лаьмнаш       
Дл. лаьмнийн
Л.  лаьмнашна
Др. лаьмнаша    
К.  лаьмнашца    
Х.  лаьмнех                
М.  лаьмнашка    
Дс. лаьмнел         
2л.
зурманаш 
зурманийн 
зурманашна
зурманаша    
зурманашца
зурманех  
зурманел  
зурманашка
3л.
вежарий
вежарийн
вежаршна 
вежарша    
вежаршца
вежарех  
вежарел  
вежаршка
4л.
дешархой
дешархойн
дешархошна 
дешархоша
дешархошца
дешархойх   
дешархойл
дешархошка

Тидамбе вай билгалъяьхначу чаккхенийн. 
Х1ун башхалла ю аьлла хета шуна дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легаран?
Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легар цхьана кепара нислуш ду, церан дожарийн чаккхенаш, дукхачу хьолахь, цхьатерра нислуш ю.
Ткъа х1инца  хьовсур ду вай х1окху таблице.
Дожарш
     1 легар
    2 легар          
    3 легар
     4 легар
                       Дукхаллин  терахь
Ц1.
———
———
———-
———
Дл.
-ийн
-нийн,-арийн
-ийн,-н

Л.
-на,-ашна
-на,-аршна
-на,-шна
-шна
Др.
-а,-ша,-аша
-а,-арша
-а,-ша
-ша
К.
-ца,-шца,
-ца,-аршца
-ца
-шца
Х.
-ех,-х
-ех,-арех
-ех

М.
-ка,-шка,-ашка
-ка,-аршка
-ка
-шка
Дс.
-л,-ел
-ел,-арел
-ел

Кхузахь  ц1ердешнийн дукхаллин терахьан дожарийн чаккхенаш гайтина деа а легарехь. Х1ара таблица шайна дагахь латто еза аш.
Кхочушде  цхьа т1едиллар: легаде ши ц1ердош: тептар-тептарш, церан чаккхенаш билгалъяха.

Ц1. тептар       тептарш
Дл. тептаран     тептарийн
Л.  тептарна     тептаршна
Др. тептаро      тептарша
К.  тептарца     тептаршца
Х.  тептарх      тептарех
М.  тептаре      тептаршка 
Дс. тептарал     тептарел
Х1инца 1амийнарг т1е а ч1аг1деш кхочушдан  хьовса кхин цхьа т1едиллар а:
цхьаллин терахьер ц1ердешнаш дукхаллин терахье а дерзош, д1аязде. Церан чаккхенаш билгалъяха, легарш къаста а де.
Ц1ердешнаш: Белхалочо, юьртан-, кехате-, седанал-, б1аьрго-, яздархочуьнга-, зезагах-, йишица-, шакарна-.
Т1едилларца шу ларийнехь, иза иштта хила деза:
Белхалочо-белхалоша (4л.), юьртан- яртийн( 1л.), кехате-кехаташка(1л.), седанал-седарчел(2л.), б1аьрго-б1аьргаша( 1л.), яздархочуьнга-яздархошка(4л.), зезагах-зезагех(1л.),йишица-йижаршца(3л.), шакарна-шакаршна(2л.).
Ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъян 1ама, оьшучохь таблицех пайда эца беза аш.
1амийнарг ц1ахь карладаккха, 3-чуй,4-чуй легаршна чу дог1у цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь 4 ц1ердош легаде.
 
Урок кечйинарш:
Магомадова Банат  Ибрагимовна
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close