Урок №50 Цхьаллин терахьан ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду цхьаллин терахьарчу ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъярх лаьцна.
Тема д1айолош вай дагадаийта деза, муьлхачу къамелан декъах олу ц1ердош, х1ун грамматически билгалонаш ю цуьнан. 
Адамаш а, х1уманаш а билгалъечу къамелан декъах ц1ердош олу.
Цо жоп ло Мила? Муьлш? Х1ун? бохучу хаттаршна.
Ц1ердош терахьашца а, дожаршца а хийцало.
Дош дожаршца хийцадаларх легар олу. 
Ц1ердешнийн диъ легар а ду. 
Цхьаллин терахьан коьчалниг дожаран чаккхенашка хьаьжжина къастадо уьш.
1-рчу легаран чаккхенаш (-ца, -аца )
2-г1ачу легаран (-нца,-арца )
3-г1ачу легаран (-ица)
4-г1ачу легаран (-чуьнца)
Масала:
мотт-маттаца, олхазар-олхазарца — 1-рчу легаран дешнаш ду;  
гуьйре-гуьйренца, т1ум-т1амарца — 2-г1ачу легаран;
деваша-девешица, йиша-йишица — 3-г1ачу легаран;
хьархо- хьархочуьнца, хьуьнхо-хьуьнхочуьнца  -4-г1ачу легаран;
Х1ора легарна чу дог1учу ц1ердешнийн  дожарийн чаккхенаш тайп-тайпана ю, шайн башхо йолуш ю. Вайн уьш нийса язъян 1ама деза. 
Чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа ду. Цо дешнийн тайп-тайпана кепаш кхуллу. 
Вайн къамелехь чаккхено дешнийн вовшашца уьйр тосуш, ладуг1ург дуьйцучунах нийса кхетош йоккха меттиг д1алоцу. Нагахь дешнийн чаккхе нийса ца ялаяхь, къамел галдолу, маь1на духу. 
Тидаме эца деза ц1ердешнийн деа а легарехь цхьаллин терахьехь лач  дожарийн чаккхенийн нийсаяздар.
Легор ду вай, х1ора легарна чу дог1уш долу цхьацца ц1ердош, масала:
говр, шок, йиша, лулахо.  
           1л.                 2л.                  3л.                  4л.
Ц1.    говр              шок                йиша              лулахо
Дл.    говран        шакаран         йишин            лулахочун
Л.      говрана      шакарна         йишина         лулахочунна
Др.    говро          шакаро          йишас            лулахочо
К.       говраца    шакарца         йишица         лулахочуьнца
Х.      говрах       шакарх            йишех           лулахочух
М.      говре        шакаре           йишига          лулахочуьнга
Дс.    говрал      шакарал         йишел           лулахочул.
Х1ора легарехь ц1ердешнийн дожарийн чаккхенаш тайп-тайпана ю.
Таблици т1ехь гойтур ю вай уьш муха нислуш хуьлу. 
Дожарш
      1 легар
      2 легар
     3 легар
     4 легар
              Цхьаллин   терахь
Ц1.
——
——
——
——-
Дл.
-ан
 
-нан
-аран
-ин
 
-чун
Л.
-на
-ана
-нна
-арна
-ина
 
-чунна
Др.

 
-но
-аро
-о, -но
-с, -ас
-чо
К.
-ца
-аца
-нца
-арца
 
-ица
 
-чуьнца
Х.

-ах
-нах
-арх
(-арах)
 
-ех
 
-чух
М.

-не
-аре

-ига
-чуьнга
Дс.
-ал
-нал
-арал
-ел
-чул
Кхузахь  гайтина ю деа а легарна чу дог1учу ц1ердешнийн цхьаллин терахьехь хуьлу дожарийн чаккхенаш. Церан нийсаязъяр дагахь латто деза аш шайна.
Х1инца, цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса.
Предложенеш д1а а еший. Къовларш юкъахь долу ц1ердешнаш хила ма деззара, дожаршка д1ах1иттаде, церан чаккхенаш балгал а йохуш.
1.  (Малх) дохдинера латта. 2.Со (да) шеца г1ала вигира. 3. (Гата)  юьхь-куьг дакъийра ас. 4. (Доттаг1) кехат яздира к1анта. 5. ( Лулахо) талла вахара Мансур. 6. (Хало) кхийринарг диканах кхетта вац. 7. (Б1аьрг) гинарг тешаме ду (лерг) хезначул а. 8. (Юьрт ) къийсинарг юьртах ваьлла.9. (Стешхачу ж1аьл) т1ехьашха катуху.10.Хьайга далург (нах) де ма ала.
Аша и болх нийса бинехь предложенеш иштта хила еза:
1.Малхо дохдинера латта. 
2.Со дас шеца г1ала вигира. 
3.Гатанца юьхь-куьг дакъийра ас. 
4.Доттаг1чуьнга кехат яздира к1анта. 
5.Лулахочуьнца талла вахара Бисолта. 
6.Халонах кхийринарг диканах кхетта вац. 
7.Б1аьргана гинарг тешаме ду лергана хезначул а. 
8.Юьртаца къийсинарг юьртах ваьлла.
9.Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху.
10.Хьайга далург нахе де ма ала.
Тахана вай дийцира ц1ердешнийн деа а легарехь цхьаллин терахьан дожарийн чаккхенаш нийсаязъярх лаьцна. Т1ейог1учу урокехь шуна довзуьйтур ду дукхаллин терахьан ц1ердешнийн легар.
Ц1ахь кхочушде  т1едиллар: легаде ц1ердешнаш: сурт, ч1уг, мача, ламанхо.
 
Урок кечйинарш:
Магомадова Банат  Ибрагимовна
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна

Close