Урок №46 Ц1ердешнийн терахьаш

Ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларх  лаьцна дуьйцур х1окху урокехь ду.
Ц1ердешнийн ши терахь ду: цхьаллин, дукхаллин.
Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалйо. 
Дукхаллин терахьо шиъ я цул сов х1уманаш билгалйо.
Масала:
Стом- стоьмаш
Шо-шераш
Дош-дешнаш
Х1усам- х1усамаш
Човка- човкарчий
Ча-черчий
Хьалхарчу б1ог1амалгера ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь ду, шолг1ачу б1ог1амалгеранаш дукхаллин терахьехь ду.
Цхьадолчу ц1ердешнаша, дукхаллин терахье довлуш, шайн кеп хуьйцу. Масала:
Стаг — нах;
Йо1 — мехкарий;
Ваша — вежарий;
Цхьадолу ц1ердешнаш  цхьаллин терахьехь бен ца лелаш хуьлу. Масала:
Даймохк                                                    
сий   
т1о                                                               
моз                                                           
ирс
машар
Дукхаллин терахьехь бен ца лелаш ц1ердешнаш  а  ду вайн маттахь. 
Масала:
йоькаш                                                 
дуьйраш
йовхарш                                                                                             
атарш
Х1инца текст юкъахь билгалда вай цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь долу ц1ердешнаш. Уьш шина б1ог1амалге д1аяздийр ду; 
Мархаша хьулдина лаьмнийн кортош наггахь бен гучу ца довлура. Хьалххе еанчу гуьйрено, лаьмнашна т1ера аьхкенан баьццара хут оззийна охьа а даьккхина, царна т1е тесира шен можа кортали. И а, де-дийне мел дели, гуш лаьтташехь макхлуш, 1аржделира т1аьххьара а. Кест-кеста дог1анаш оьхура, мохо раз деттара дерз.  
Х1инца, аш т1едиллар муха кхочушдина хила деза хьовса:
Цхьаллин терахь 
гуьйрено  
хут 
кортали  
мохо 
дерз
Дукхаллин терахь
мархаша
кортош
лаьмнашна
дог1анаш
Х1окху урокехь ц1ердешнийн терахьашах вайна хиънарг карлдоккхур ду вай:
1) Ц1ердешнийн ши терахь ду: цхьаллин а, дукхаллин а;
2) Цхьадолчу ц1ердешнаша, дукхаллин терахье довлуш, шайн кеп хуьйцу;
3) Ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь бен цалеларш а, дукхаллин терахьехь бен цалеларш а хуьлу;
Ц1ахь, предложенеш х1иттае иштта ц1ердешнашца: яхь, г1айре, дуьне, х1аваъ.
Т1ейог1учу урокехь вай  ц1ердешнийн классаш 1амор ю. 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Амерханова Бирлант Шарпудиновна
Алиханова Малика Лечаевна

Close