Урок №39 Дешнаш кхолладаларан а, хийцадаларан а некъаш

Таханлерчу урокан тема: дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш ю.
Стенах лаьтташ бу вай буьйцуш болу мотт?
Вай буьйцу мотт  дешнех лаьтташ бу
Ткъа и дешнаш муха хуьлу?
Тайп-тайпана хуьлу, шайн маь1на а долуш.
Муха нисло дешнийн кхолладалар? 
Хьовса х1окху дешнашка:
ч1ерийлецархо
бешлелорхо
Кхузахь шина дашах кхолладелла дош: 
ч1ерий + лецархо           —             ч1ерийлецархо
беш  + лелорхо              —              бешлелорхо
Тидам бе кхечу дешнийн:
йоза, дешар
де , буьйса
Кхарах цхьацца дош кхуллур ду вай:
йоза, дешар             —                 йоза — дешар
де, буьйса                —                  де – буьйса
Ч1ерийлецархо, бешлелорхо, йоза-дешар, де-буьйса чолхе дешнаш ду, х1унда аьлча уьш кхолладелла шишша дош вовшахкхетарца. Цхьадолу чолхе дешнаш юккъахь дефис йолуш яздо.
Кхин цхьа масала а далор ду вай:
дейиша
дечигпхьар
урамнекъ
Х1орш а чолхе дешнаш ду, хьалхара дош дацдина далийна, шолг1аниг-дуьззина.
ден йиша           —  дейиша
дечиган пхьар   —  дечигпхьар
ураман некъ      —   урамнекъ
Шуна юьхьанцарчу классашкахь дуьйна а девза  дешхьалхе боху дешдакъа.
Йозанехь иза муха билгалйоккху а хаьа шуна.
Дагадог1ий шуна, стенах олу дешхьалхе?
Орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на луш долчу лардан декъах дешхьалхе олу.
Ткъа х1инца хьовсур ду вай дешхьалхенан г1оьнца дешан маь1на муха хийцало.
Масала: дош ваха , цунах кхуллур керла дешнаш:  
ваха — д1аваха — т1еваха — чуваха
Д1а-, т1е-, чу-  дешхьалхенийн г1оьнца ваха бохучу дашах керла дешнаш  кхолладелла.
Керла дешнаш кхуллуш кхин муьлха дешдакъа ду?
Суффикс ю. Дешан орамна т1ехьа а лаьтташ, керла дешнаш кхуллучу лардан декъах суффикс олу. 
Масала, тидаме оьцур ду вай дешнаш:
дешар
жима
1илма
(х1ун?) дешар           (мила?) дешархо
(муха?) жима            (муханиг?) жиманиг
(х1ун?) 1илма          (мила?) 1илманча
Дешнаш дешхьалхенийн а, суффиксийн а г1оьнца кхоллало.
Масала:
д1ахьадар
схьакхетор
д1ааьлларг
д1ахьадар – д1а+хьада+р
схьакхетор – схьа+кхето+р
д1ааьлларг – д1а+аьлла+рг
Дешнаш кхолладаларан масех некъ бу:
1. Дешнаш я цуьнан дакъош вовшахкхетарца        
2. Дешхьалхенийн г1оьнца
3. Суффиксийн г1оьнца        
4. Дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца.      
Т1едиллар кхочушде:
Легаде  дешнаш:
Таллархо, аьхке.
Дешнийн легар иштта хила деза:
Ц1. таллархо                                аьхке
Дл. таллархочун                         аьхкенан
Л.  таллархочунна                      аьхкенна
Др.таллархочо                            аьхкено
К.  таллархочуьнца                    аьхкенца
Х.  таллархочух                           аьхкенах
М. таллархочуьнга                     аьхкене
Дс. таллархочул                          аьхкенал
Дожаршца х1ара дешнаш хийцича, хийцаделлий церан маь1на? Муха ю церан чаккхенаш?
Чаккхенаш тайп-тайпана ю. Чаккхенаш хийцича, дешан маь1на ца хийцало, хийцалуш ерг дешан кеп ю.
Х1инца дешнаш дукхаллин терахьехь д1а а яздеш, церан х1ун хийцам хуьлу хьовса:
Г1иллакх, хаам, ловзар, г1а, юьхь, юрт, борз.
Дукхаллин терахьехь х1ара дешнаш иштта нисло.
г1иллакх — г1иллакхаш
хаам —  хаамаш
ловзар — ловзарш
г1а — г1аш
юьхь — яххьаш
юрт — ярташ
борз — берзалой
Дожаршца а, терахьашца а дош хийцадаларх дешан лексически маь1на ца хийцало, цуьнан хийцалург грамматически кеп ю.
Кху т1ехь вай урок чекхйолу.
 
Урок кечйинарг
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close
Яндекс.Метрика