Урокан тема «Дифтонгаш» ю.
Вайна евзар ю дифтонгаш, 1емар ду уьш нийса еша а, язъян а.
Дешдекъехь цхьаьнакхеттачу шина мукъачу озах дифтонг олу.
Грекийн маттара схьаэцна дош ду и, вайн маттахь «ши мукъа аз» бохург ду иза.
Дифтонгаш вовшахкъасто йиш а йоцуш, цхьанаийна шалха мукъа аьзнаш ду.
Масала:
де- д[иэ] (г1уллакх) тоха- т[уо]ха (г1аж)
хье-хь[иэ] (поппар) го- г[уо] (бира)
д1ате-д1ат[иэ] (сихха) ло- л[уо] (къолам)
зе-з[иэ] (накъост) кхолла-кх[уо]лла (стихотворени)
эца- [иэ]ца (шекар) дог1а-д[уо]г1а (синтар)
Хьалхарчу б1ог1амалгехь долчу дешнашкахь цхьанаийна ши мукъа аз [иэ] хеза.
Шолг1ачу б1ог1амалгера дешнашкахь [уо] хеза.
ИЭ, УО дифтонгаш ю. Хьалха ма-аллара, дифтонгаш вовшахкъасто йиш а йоцуш, цхьанаийна шалха мукъа аьзнаш ду.
Нагахь санна дифтонгаш иэ, уо хезачу дешнийн маь1нех, шеко йоцуш, кхеташ хилахь, дифтонгийн метта е, о, э яздан магош ду.
Масала:
Тоха, кхолла, эца, эт1а, хеца, седа, лепа.
Нагахь санна дифтонг йолчу дешан маь1нах шина аг1ор кхеташ хилахь, дифтонг язъян магош ду.
Масала:
Луо (Хьава, Малике еша книга луо) — ло (Хьавас Малике еша книга ло)
Со — суо (Со-суо ларор ву х1окху балхаца) — со (Со ларор ву х1окху балхаца.)
1. Билгалъяьхна дифтонгаш иэ, уо язъян ма- еззара д1аязъе э, е, о элпашца.
Бес-бесара стоьмаша вайн бошмаш хазйо,
Дашуо малх биэлало, муохк, латта хаздо,
Даймехкан беркатуо ирс, дахар туодо,
Вайн мехкан 1илмануо хьекъалаш шуордо.
Х1инца шаьш нийса язйиний хьовса
1амийнарг карла а доккхуш, нохчийн меттан учебник т1ера 34 бакъо еша, цу т1ер 161-ра шардар кхочушде.
Цу т1ехь вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Ахматова Зулихан Аухадовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна