Урокан тема ю: Деха а, доца а мукъа аьзнаш.
Шуна хуур ду мукъа аьзнаш деха а, доца а хилар, цуьнца доьзна дешнийн маь1на хийцадалар а, цхьадолу деха аьзнаш йозанехь билгалдохуш хилар а.
Мукъа аьзнаш дехий, доций хуьлу. Уьш деха я доца хилар дахдина аларца билгалдолу.
Масала:
Бертахь даха деза вай.
Кхин цкъа даха дезаш ду вай г1ала.
Хьалхарчу предложенера даха бохучу дешан хьалхарчу дешдекъера а аз деха ду. Ткъа шолг1ачу предложенехь даха бохучу дешан хьалхарчу дешдекъера а аз доца ду.
Яздар цхьатерра делахь а, дешнаш тайп-тайпанчу маь1не дерзадо мукъачу аьзнийн деха а, доца а хиларо.
Мукъа аьзнаш дехий, доций хиларе хьаьжжина, дешнийн маь1на хийцало. Хьовсур ду вай иштта дешнашка а:
Деха Доца
Дог1а — дог1а
(Не1арна дог1а туьйхира. / Арахь дог1а доладелира.)
Ваха – ваха
(Кху лаьтта т1ехь, хьанала къа а хьоьгуш, ваха деза./ Сан гена ваха деза.)
Ша – ша
(Ша виснера иза ц1ахь./ Ша каг а бина, хи ийцира дадас.)
Са – са
(Тахана йохка-эцарехь дика са хилира суна./ Сайн са санна, дукхабеза суна Даймохк.)
Гур – гур.
(Суьртана хаза гур бира вашас./ Кхана гур ду вай.)
Мукъа аз деха я доца хиларо дешнийн маь1на хийцар го вайна х1окху масалш т1ехь.
Ткъа х1инца тидаме эца деза, цхьадолу деха мукъа аьзнаш йозанехь билгалдохуш хилар. Уьш шиъ ду: и, уь. Церан деха хилар йозанехь й элпо билгалдоккху.
И — ий, уь- уьй
Масала :
Доца Деха
хица — хийца
кира — кийра
сина — сийна
дуьлу — дуьйлу
Х1окху масалша вайна гойту, цхьадолчу мукъачу аьзнийн деха хиларца дешан маь1на хийцаделла ца 1аш, уьш йозанехь Й хьаьркаца билгалдаьхна хилар.
Х1инца, 1амийнарг карладоккхуш, цхьа жима талламан болх кхочушбийр бу вай. Х1ара дешнаш нийса д1аяздан деза:
Д(и)цар, х(и)цам, д(и)цдина, д(уь)цу,х (уь)цу, л(и)ттина, д1а(и)ци, схьах(и)ци, л(уь)та, т(уь)ра, т(у)р, б(уь)р, б(уь)рк, с(уь)ре.
Х1инца шаьш бинчу балхана таллам бе:
Дийцар, хийцам, дицдина, дуьйцу, хуьйцу, литтина, д1аийци, схьахийци, луьйта, туьйра, тур , буьйр, буьрк, суьйре.
Вайна х1окху урокехь хиънарг карладоккхур ду вай.
1. Мукъа аьзнаш деха а, доца а хуьлу. Уьш деха я доца аларца дешан маь1на хийцало.
2. Мукъа аьзнаш и, уь деха хилар й элпаца билгалдоккху.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Ахматова Зулихан Аухадовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна