Урокехь дуьйцур ду диалогах лаьцна, йозанехь цуьнца сацаран хьаьркаш нийса х1итто а 1амор ду.
Арсанукаев 1абдуллин «Нохчийн литературин 1илманан терминийн луг1ат» т1ехь диалогах лаьцна иштта яздо:
Диалог — (грекийн маттахь-шинна юкъара къамел)- шина (я масех) стага вовшашца ден къамел.
Хьовсур ду вай, йозанехь диалоган кеп муха гайтина:
— Стенна ха деш бу хьо, лам?
— Ас ларбеш бу Къоьзан -1ам.
— Х1унда 1алашбо ахь иза?
— Т1аьхьенна лууш и биса.
— Муха ду цу чуьра хи?
— Цунах хьоьгуш хиллал тхи!
Х1ара шинна юккъара къамел ду.
Шина я масех стага вовшашца дечу къамелах диалог олу.
Диалогехь долчу х1ораннан къамелах реплика олу.
Х1ора реплика керлачу мог1анехь язйо, доккхачу элпаца, хьалха тире а юьллуш.
Х1инца хьовсур ду вай, х1окху диалогехь х1ун сацаран хьаьркаш ю:
— Стенна ха деш бу хьо лам?
— Ас ларбеш бу Къоьзан — 1ам.
— Х1унда 1алашбо ахь иза?
— Т1аьхьенна лууш и биса.
— Муха ду цу чуьра хи?
— Цунах хьоьгуш хиллал тхи!
Вай далийначу масалехь хьалхара предложени хаттаран ю. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк юьллу. Иза цхьаннан къамел ду. Цунах реплика олу. Шолг1а предложени дийцаран ю. Чаккхенга т1адам биллина. Иза а ю реплика. Цу диалогехь ялх реплика ю.
Вай далийначу масалехь авторан дешнаш дацара.
Диалог хуьлу шеца авторан дешнаш долуш а.
«Барзо 1ахарца мохк къовсар» ц1е йолчу туьйранан цхьа кийсак толлур ю вай, цкъа хьалха еша а ешна.
Мацалла дар а елла лелачу барзо,1ахар баа дог хилла, дов хьедина цуьнга:
— Х1ара хьо бежаш, ахь буц юуш болу мохк сан дех бисина сан мохк бу, д1абала беза хьо кху сан махка т1ера!
-Х1ан-х1а, борз, бакъ ца лоь хьо. Хьан бац х1ара, сан ден хилла мохк бу х1ара. Кху махка т1ехь бан а бина, кхиа а кхиъна со.
— Делахь дика ду, — аьлла барзо,- х1ара мохк хьайн хилар, кхана теш ахь а валаве, х1ара сайн хилар ч1аг1деш, ас а валор ву.
(Халкъан туьйра)
Барзана а,1ахарна а юккъахь хилла къамел диалоган кепехь д1аяздина ду.
Шуна гуш йолу диалог д1айолийна, авторан дешнаш а далош.Авторан дешнашна т1ехьа шит1адам (:) биллина. Х1ораннан реплика йозанехь керлачу мог1анехь, доккхачу элпаца д1айолош, язйина, хьалха тире а юьллуш.
Х1инца хьовсур ду вай х1окху реплике:
— Делахь дика ду, — аьлла барзо,- х1ара мохк хьайн хилар кхана теш ахь а валаве, х1ара сайн хилар ч1аг1деш, ас а валор ву
Кхузахь авторан дешнаш репликина юккъахь нисделла, царна шинна а аг1ор запятой, тире юьллу.
Таханлерчу урокехь вай дийцира диалогах лаьцна.
Ц1ахь: 1амийнарг т1ечаг1деш, х1оттае диалог « Доттаг1чуьнца къамел»- темина лерина.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу.
1одика йойла шу, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Абдурзакова Шагидат Нажмудиновна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна