Х1окху урокехь шуна хуур ду, цхьанатайпанарчу меженашца муьлха хуттургаш лела а, цаьрца х1ун сацаран хьаьркаш х1иттайо а.
Цкъа хьалха, цхьанатайпанара меженаш стенах олу, карладаккха деза:
Цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш а йолчу меженех предложенин цхьанатайпанара меженаш олу.
1) Бацалахь лепара ц1ен, сийна, можа зезагаш.
2) Ден, ненан хьехарш ч1ог1а мехала ду.
3) Къоман г1иллакхаш, 1адаташ дика девзаш вара иза.
Схьалохур ю цхьанатайпанара меженаш.
1) Хьалхарчу предложенехь–цхьанатайпанара къастамаш — ц1ен, сийна, можа.
2) Шолг1ачу предложенехь- цхьанатайпанара къастамаш — ден, ненан.
3) Кхоалг1ачу предложенехь – цхьанатайпанара кхачамаш — г1иллакхаш, 1адаташ.
Цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло хуттургаш: а, амма, бакъду, иштта кхиерш. Масала:
1) Марем а, Зезаг а, Седа а юьртарчу школехь доьшуш ю.
2) Мархас меллаша, амма ц1ена яздо.
3) Орга чехка ду, бакъду сирла дац.
Хуттург а цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа я царна уллохь лела, запятой цунна т1ехьа юьллу, амма предложенехь т1аьххьарчу а хуттургана т1ехьа запятой ца юьллу.
Амма, бакъду — хуттургашна запятой хьалха юьллу.
Х1окху предложенешкахь оьшучохь запятойш х1итто хьовса:
К1ант хиларх Олдам а Элашби а ч1ог1а воккхавеш вара.
Хьавраа г1уллакхаш ц1ена до амма сиха ца до.
Сан дахаран некъ хала амма сирла бара.
Х1инца талла нийса х1иттийний шаьш запятойш.
К1ант хиларх Олдам а, Элашби а ч1ог1а воккхавеш вара.
Хьавраа г1уллакхаш ц1ена до, амма сиха ца до.
Сан дахаран некъ хала, амма сирла бара.
1амийнарг т1еч1аг1деш, карлаяккха пхоьалг1ачу классан нохчийн учебник т1ера 16-г1а бакъо.
Урокана лерина хан чекхйолу. Шун 1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат».Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарг — Исраилова Луиза Абдул-Галимовна