Урок №11. Предложенийн цхьанатайпанара меженаш (поменять таблицу)

Урокан тема ю: Предложенийн цхьанатайпанара меженаш.
Цкъа хьалха дагадаийта деза  предложенин  меженаш муьлханаш ю.
Предложенин меженаш ю: сказуеми, подлежащи, кхачам, къастам, латтам. 
Уьш х1ора а  шиъ я масех хила а  тарло предложенешкахь. 
Масала:
Кхузахь вина, кхиъна Мохьмад. Доггаха хьистина иза дас, нанас. Жимчохь хийла ладийг1ина к1анта церан туьйранашка, дийцаршка, иллешка. Цунна цара  довзийтира хаза, оьзда г1иллакхаш.  Юьртахь а, махкахь а дика вуьйцура иза.
Хьалхарчу предложенехь: (х1ун дина?) вина, кхиъна. (сказуемеш ду)
Шолг1ачу предложенехь:  хьистина (хьан?) дас, нанас. (подлежащеш ду)
Кхоалг1ачу предложенехь: ладийг1ина (стенга?) туьйранашка, дийцаршка, иллешка. (кхачамаш бу)
Йоьалг1ачу предложенехь: (муха?) г1иллакхаш хаза, оьзда. (къастамаш бу)
Пхоьалг1ачу предложенехь: вуьйцура (мичахь?) юьртахь, махкахь. (латтамаш бу)
Х1окху предложенешкахь  цхьана дашах йозуш а, цхьана хаттарна жоп луш а шишша а, кхоккха а меженаш ю. Уьш вовшех къастайо запятойца (подчеркнуть запятые).
Цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш йолчу меженех цхьанатайпанара меженаш олу.
Х1инца  предложенешкахь карор ярий шуна цхьанатайпанара меженаш? Билгалдаккха муьлхачу дашах йозуш ю уьш? Цхьана хаттарна жоп лой цара? Цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха, йог1учохь запятой  а  йилла. 
Хьешашна хьалха дехкира 1ежаш кхораш кемсаш. 
Седарчий а схьакхетта бутт а стигланаш а латта а Дала кхоьллина. 
Гурахь а 1ай а б1аьста а меца хуьлу олхазарш.
Хьалхарчу предложенехь 1ежаш, кхораш, кемсаш – цхьанатайпанара меженаш ю, царна вай хаттар ло сказуемина т1ера,  дехкира (х1ун?) 1ежаш, кхораш, кемсаш — х1орш цхьанатайпанара кхачамаш бу. Цхьанатайпанарчу меженашна юккъахь вай запятойш йохку. 
Шолг1ачу  предложенехь седарчий бутт стигланаш  латта – цхьанатайпанара меженаш ю, царна  хаттар  х1оттор ду сказуемина т1ера- кхоьллина (х1ун?) седарчий,  бутт,  стигланаш,  латта. Х1орш а цхьанатайпанара кхачамаш бу. 
Кхоалг1ачу предложенехь гурахь,1ай, б1аьста — цхьанатайпанара латтамаш бу. Царна вай сказуеми т1ера хаттар ло, меца хуьлу (маца?) гурахь, 1ай, б1аьста. 
Х1инца х1окху таблице а хьовсуш, юха а карладоккхур ду вай  тахана 1амийнарг.
Цхьанатайпанара меженаш 
                                             Масалш
подлежащеш
Х1ун? Х1ун?
Дехьа 1охку дадин шуьйра доьхка, т1оьрмиг.
сказуемеш
Х1ун дора?
Х1ун дора?
Иза волалора, юха д1ах1уттий лаьттара,карахь куьзганаш ловзош.
кхачамаш
Стенга?
Стенга?
Ахь хьогаме ладуг1у ширачу эшаршка а, турпалаллин иллешка а.
къастамаш
Стенан? Стенан? Стенан?
1едало зударшна совг1атана елла дарин, чилланан, бархатан а кучамаш т1ехь товш яра.
латтамаш
Муха? Муха?
Лаха чохь Орга доьдура сиха а, даьржина а.

Вай х1окху урокехь дийцинарг т1еч1аг1деш, ц1ахь цхьанатайпанара меженаш юккъахь йолуш, барх1 предложени х1оттае.
Кху т1ехь вайн  урок чекхъели. 1одика йойла шун. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Исраилова Жерадат Магомедовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close
Яндекс.Метрика