Урок №06. Предложенин коьрта меженаш

Вай рог1ера  урок лерина ю предложенин  коьрта  меженаш 1аморна.
Предложенин  меженаш  шина  тобане  екъало: коьрта а, коьртаза  а.  
Предложенин коьрта меженаш ю — подлежащи, сказуеми.
Предложенехь  сказуемино  шех  лаьцна  дуьйцучу  коьртачу  меженах  подлежащи  олу.
Нохчийн маттахь  подлежащи  хила тарло ц1ерниг, доланиг, лург, дийриг, меттигниг  дожаршкахь.  
Цундела  вайн  маттахь   подлежащин  хаттарш  хуьлу:
Мила? муьлш? х1ун? хьенан? стенан? хьанна? стенна?
хьан? стен? хьаьнга? стенга? Масала:
Хьава дика  доьшуш ю. 
Мархин кхана институте яха деза. 
Хедина вуно хаза яздан  хаьа.
Дешархочо  книгашший, тетрадашший ц1ена леладо. Амнате стихотворени  дика  ешало.    
Х1окху предложенешкахь  подлежащеш  х1орш  ду: 
1. доьшуш ю (мила?) — Хьава
2. яха деза (хьенан?) — Мархин 
3. яздан хаьа (хьанна?) — Хедина  
4. леладо (хьан?) — дешархочо 
5. ешало (хьаьнга?) — Амнате  
Предложенехь  подлежащих  лаьцна дуьйцучу  коьртачу меженах  сказуеми олу.  
Цо  жоп  ло  (х1ун  дан?) (х1ун хила?) бохучу а, хенашца хийцадаларца царех схьадевллачу а хаттаршна. Масала:
Б1аьста  бовхачу  махкара  олхазарш  схьадог1у. 
Оха  классехь  хаза  дийцар  дийшира. 
Дешархоша экзаменаш дика д1алур ю.
Аьхка  хьалххе  сахуьлу.  
Х1окху  предложенешкахь  сказуемеш  ду: 
1. (Х1ун до?) — схьадог1у 
2. (Х1ун дира?) — дийшира 
3. (Х1ун дийр ду?) — д1алур ю.
3. (Х1ун хуьлу?) — сахуьлу  
Билгалдаккха деза  сказуемешна х1окху тайпа хаттарш х1иттош хилар а:
(х1ума х1ун ю?) (Мила ву?) (Хьенан?) (стенан ю?) (маса ю?) (муха ю?) (мичахь ю?)
Малх седа бу. (х1ун ю?) бохучу хаттарна жоп ло сказуемино. 
Мамакаев 1аьрби яздархо ву. Кхузахь (мила ву?) бохучу хаттарна жоп ло.
И книга сан ю. (Хьенан ю?) сан ю, сказуеми ду. 
Шозза шиъ диъ ду. (маса ду?) диъ ду- сказуеми. 
Сан нана дика ю(муха ю?) дика ю — сказуеми ду
Тхан юрт г1алина генахь ю(мичахь ю?) генахь ю.
Х1окху текстехь предложенийн коьрта меженаш схьа а лахий, сиз а хьокхуш, билгалъяха.
Вахас шен веше кехат яздира. Ваша г1алахь институтехь доьшуш ву. Иза кестта каникулашна ц1а вог1ур ву. Вахас кехата т1ехь доьхура шена ч1ерий леца м1ерий дар. Х1инцале лехна цо айманаш йолу меттигаш. 
Текст юккъахь пхи предложени ю.
1-чу предложенехь — (х1ун дира?) — яздира (сказуеми), яздира (хьан?) — Вахас (подлежащи).
2-чу предложенехь — (х1ун деш ву?) — доьшуш ву (сказуеми), доьшуш ву (мила?)- ваша (подлежащи)
3-чу предложенехь — (х1ун дийр ду?) —  вог1ур ву (сказуеми), вог1ур ву (мила?) — иза (подлежащи).
4-чу предложенехь — (х1ун дора?)- доьхура (сказуеми), доьхура (хьан?) — Вахас (подлежащи).
5-чу предложенехь (х1ун дина?) — лехна (сказуеми), лехна (хьан?) — цо (подлежащи).
Вай 1амийра предложенин коьртачу меженех лаьцна. Рог1ерчу урокехь йовзуьйтур предложенин коьртаза меже — кхачам.
1амийнарг т1еч1аг1деш, карлаяха учебник т1ера 8,9 бакъонаш, кхочушде 55-г1а шардар.
Вайн урок чекхъели. 1одика йойла шун!
 Пайдаэцна литература
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Абдулханова Аза Ахметовна
Алиханова Малика Лечаевна

Close
Яндекс.Метрика