Урок №30 Йиш хадоран хьаьрк.

Урокан тема ю :Йиш хадоран хьаьрк.
Цкъа теманах дикка кхета, йиш бохучу дашна синоним, гергара маь1на долу дош, далор  ду:  йиш-аз.
Нохчийн меттан абатехь 49 элп ду. Царна юккъахь, хьаьркаш ю аьлла, билгалйина муьлхачу элпийн ц1ерш ю? 
Ъ-ч1ог1а хьаьрк, Ь-к1еда хьаьрк.
Вайна ма –хаъара, Ъ ч1ог1ачу хьаьркаца шалха элп къ кхоллало:
Масала:
къолам, хьекъал, къам, некъ, докъар. 
Цхьадолчу дешнашкахь Ъ-ч1ог1ачу хьаьрках йиш хадоран хьаьрк хуьлу.
Масала: 
маъ (ольха)
Юха а дика ладог1ал, муха олу и дош — ма  (цхьа а дуьхьало йоцуш хецна олуш ду)  (цу т1е йиш хадоран хьаьрк туьйхи вай), ц1еххьана, аз хадош, дош саций вай. 
МАЪ
Дашна юккъехь я чаккхенгахь мукъа аз ц1еххьана йиш хадош олучохь йиш хадоран хьаьрк  (ъ) язйо.  Масала: 
Терахьдешнашкахь (цхьанна т1ера – пхеанна т1е) 1-5 кхаччалц:  цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ; 
Цхьайолчу   долахь ц1ерашкахь: Асмаъ,1айнаъ, Лайлаъ, Зараъ, Зураъ, Зулпаъ, Зайнаъ, Хьовраъ,Хасраъ;
Иштта кхидолчу а дешнашкахь: меъ, х1оъ, х1аваъ, лиъна, хаъал, тоъал.
Ъ – ч1ог1а хьаьрк цхьадолчу дешнашкахь къасторан маь1нехь а  лела, масала:
Шелъелла, жимъелла, дуръяла, йицъян, лергъяхар, матаръюлу, юьстахъюьйлу, меттахъхьайна.
Х1окху масалшкахь Ъ –ч1ог1ачу хьаьрко цхьа а аз билгал ца до.
Х1инца д1аязде  кхаа б1ог1амалге дешнаш. Хьалхарчу б1ог1амалге йиш хадоран хьаьрк йолу дешнаш, шолг1ачу  б1ог1амалге -къасторан хьаьрк  йолу дешнаш, кхоалг1ачу б1ог1амалге- шайна юккъахь шалха элп къ долу дешнаш
К1ад…елла, х1о.., нек.., ди…на, харж…ян , цхьа.., хьек…ал, матар…юлу, мук.., Асма.., , ме..,  стам..елла, дук…ош, Зура.., ди.., к…амк…арг, хан…яьлла, овк…арш
Х1инца хьовсал, муха нисдина хила деза и дешнаш.
Хьалхарчу б1ог1амалгехь-дешнаш:
х1оъ 
диъна 
цхьаъ 
Асмаъ 
меъ  
Зураъ 
диъ 
Шолг1ачу б1ог1амалгехь: 
к1адъелла 
харжъян
матаръюлу 
стамъелла 
ханъяьлла
Кхоалг1ачу б1ог1амалгехь: 
некъ 
хьекъал 
мукъ 
дукъош 
къамкъарг
овкъарш
Юха а вай дийцинарг т1еч1аг1деш, х1окху таблицех пайдаоьцур бу вай:
1. Йиш хадоран маь1нехь лела:    меъ, маъ, х1оъ, х1аваъ, лиъна,хаъал, тоъал, цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, Асмаъ,1айнаъ, Лайлаъ, Зараъ, Зайнаъ, Хьовраъ,Хасраъ. 
Кхоалг1а, Ъ-ч1ог1ачу хьаьркаца шалха элп къ кхуллу.
2. Къасторан маь1нехь лела:   шелъелла, жимъелла, дуръяла, йицъян, лергъяхар, матаръюлу, юьстахъюьйлу,
меттахъхьайна.
3. Шалха элп — къ кхул:   къолам, хьекъал, къам, некъ,халкъ, закъалт (залог),дукъ, йокъа, къамел, къонах, къахк (клён)
Ц1ахь йиш хадоран хьаьрк юккъахь йолу дешнаш  шайца  долу байташ карайой хьовса, царна т1ехь, вай йийцина бакъонаш карла а йохуш, болх бе.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Исраилова Жерадат Магомедовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close