Урок №28 Деха а, доца а мукъа аьзнаш.

Урокан тема ю: Деха а, доца а мукъа аьзнаш.
Шуна хуур ду мукъа аьзнаш  деха а,  доца а хилар, цуьнца доьзна дешнийн маь1на хийцадалар а, цхьадолу  деха аьзнаш йозанехь билгалдохуш хилар а.
Мукъа аьзнаш дехий, доций хуьлу. Уьш деха я доца  хилар дахдина аларца билгалдолу. 
Масала:
Бертахь даха деза  вай.
Кхин цкъа даха дезаш ду вай г1ала.
Хьалхарчу предложенера даха бохучу  дешан хьалхарчу дешдекъера а аз деха ду. Ткъа шолг1ачу предложенехь  даха бохучу дешан хьалхарчу дешдекъера а аз доца ду. 
Яздар цхьатерра делахь а, дешнаш тайп-тайпанчу маь1не дерзадо  мукъачу  аьзнийн деха а, доца а хиларо. 
Мукъа аьзнаш дехий, доций хиларе хьаьжжина, дешнийн маь1на хийцало. Хьовсур ду вай иштта дешнашка а: 
Деха      Доца
Дог1а — дог1а 
(Не1арна  дог1а туьйхира. / Арахь дог1а доладелира.)
Ваха – ваха  
(Кху лаьтта т1ехь, хьанала  къа а хьоьгуш, ваха деза./ Сан гена ваха деза.)
Ша – ша 
(Ша виснера иза ц1ахь./  Ша каг а бина, хи ийцира  дадас.)
Са – са  
(Тахана йохка-эцарехь дика са хилира суна./ Сайн са санна, дукхабеза суна Даймохк.)
Гур  – гур. 
(Суьртана хаза гур бира вашас./ Кхана гур ду вай.)
Мукъа аз деха я доца хиларо дешнийн маь1на хийцар го вайна х1окху масалш т1ехь.
Ткъа х1инца тидаме эца деза, цхьадолу  деха мукъа аьзнаш йозанехь билгалдохуш хилар. Уьш шиъ ду: и, уь. Церан деха хилар  йозанехь й элпо билгалдоккху.
И — ий, уь- уьй 
Масала :
Доца         Деха
хица    —     хийца
кира    —     кийра
сина    —     сийна
дуьлу  —     дуьйлу
Х1окху масалша вайна гойту,  цхьадолчу мукъачу аьзнийн деха хиларца дешан маь1на хийцаделла ца  1аш, уьш йозанехь  Й хьаьркаца билгалдаьхна   хилар. 
Х1инца, 1амийнарг карладоккхуш, цхьа жима талламан  болх  кхочушбийр бу вай.    Х1ара дешнаш нийса д1аяздан деза:                                    
Д(и)цар, х(и)цам,  д(и)цдина, д(уь)цу,х (уь)цу, л(и)ттина,  д1а(и)ци, схьах(и)ци, л(уь)та, т(уь)ра, т(у)р,  б(уь)р, б(уь)рк, с(уь)ре.
 Х1инца шаьш бинчу балхана таллам  бе:
Дийцар, хийцам, дицдина, дуьйцу, хуьйцу, литтина, д1аийци, схьахийци, луьйта, туьйра, тур , буьйр, буьрк, суьйре.
Вайна х1окху урокехь хиънарг карладоккхур ду вай. 
1. Мукъа аьзнаш деха а, доца а хуьлу. Уьш деха я доца аларца  дешан маь1на хийцало.
2. Мукъа аьзнаш и, уь деха хилар й элпаца  билгалдоккху.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.  1одика йойла шун! 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Ахматова Зулихан Аухадовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close