Урок №23 Мукъа а, мукъаза а аьзнаш.

Юьхьанцарчу классашкахь 1амийна, вайн хууш ду аьзнаш шина тайпане декъалуш хилар:
мукъа а, мукъаза а.  (Оьрсийн маттахь гласные и согласные звуки).
Багахула х1аваъ арадолуш, цхьа а новкъарло а йоцуш, хецна алалучу озах мукъа аз олу.
Мукъа аз нохчийн  маттахь исс ду:
а, аь, и, о, оь, у, уь, ы, э. 
Ши аз билгалдеш долу мукъа элп ялх ду:
е(йэ), ё(йо), ю(йу), я(йа), юь(йуь), яь(йаь). 
Олучу хенахь багахь я къамкъаргехь х1аваана цхьацца дуьхьалонаш хуьлуш долчу аьзнех мукъаза аьзнаш олу.
Мукъаза аьзнаш, аларан башхалле хьаьжжина, кхаа декъе декъало:
Зевненаш.
Зевне аьзнаш кхоллалуш г1овг1а а, йиш а хуьлу. 
Уьш нохчийн маттахь 13 ду: б, в, г, г1, д, ж, з, й, л, м, н, р, 1. 
Къоранаш.
Къора аьзнаш кхоллалуш г1овг1а бен ца хуьлу:
Уьш а  13 ду: п, с, к, т, ш, кх, х, хь, х1, ф, ц, ч, щ.
Легашна т1еранаш. 
Легашна т1ера аьзнаш  къоранаш санна кхоллало.
Уьш 7 ду: к1, п1, т1, ц1, къ, ч1, йиш хадоран  аз ъ.
Цхьадолчу зевнечу аьзнашкахь дакъалоцуш йолу йиш д1акъастийча, царех тера къора аьзнаш кхоллало: 
б-п, в-ф, г-к, г1-х, д-т, ж-ш, з-с, 1-хь. 
Шайх тера къоранаш доцу зевне аьзнаш ду: л, м, н, р, й.
Шайх терра зевненаш доцу къора аьзнаш ду: кх, х1, ц, ч, щ.  
Элпаш ё, ф, щ, ы, т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.
Масала: вышка, ёлка, щетка, футбол.
Дешнаш д1аязде, цкъа хьалха – мукъачу элпашца долалуш дерш, т1аккха –  мукъазчу элпашца  долалурш:
Орам, нана, юрт, лами, урам, оьпа, аьлха, б1аьсте, етт, шортта, ерстина, толам, юрг1а, эмкал, ялг1у, ялх, кхойтта, эзар, йома, 1амал.
Х1окху дешнийн нийса д1ах1иттор иштта хир ду:
Аьлха, б1аьсте, ерстина, етт, йома, кхойтта, лами, нана, орам, оьпа, толам, урам, шортта, эзар,  эмкал, юрг1а, юрт, ялг1у, ялх,  1амал.
Ткъа х1инца, цхьа жима стихотворени д1а а язйина, цу юкъара дешнашкахь зевне аз билгалдечу элпашна буха сиз хьакха беза аш, къора аз билгалдечарна т1ехула сиз хьакха беза. 
                           Нене.
Дуьненна латтаян серло цу малхана,
Алийша,мичара даьлла-те нур?
Нана, хьо кхоьлина схьагича селхана,
Мархаша хьулдира д1о маьлхан нур.
Кхийтира со хиларх цу маьлхан серлонца,
Тийшира со хиларх цу маьлхан серлонца 
Хьомечу хьан б1аьргийн нур. 
(Гайтукаева Б.Г.)
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Ц1ахь   5-чу классан учебник т1ера 26-г1а, 27-г1а бакъонаш карлаяха. Вай х1окху урокехь дийцинарг шайн дагахь латтаде.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Close