Урок №22 Элпаш, аьзнаш, абат.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой. Таханлерчу вайн урокан тема ю: Элпаш, аьзнаш, абат. Царех лаьцна вай юьхьанцарчу классашкахь дуьйна 1амош схьадог1уш ду, пхоьалг1ачу классехь  царех  кхид1а а дуьйцур  ду вай.
Д1аяханчу урокехь вай шуьца дийцира аьзнийн кхолладаларх лаьцна.
Цкъа хьалха карладоккхур ду вай, стенах олу аз.
Багахь олуш а, лергашна хезаш а долчух аз олу. 
Масала: 1ахар– х1окху дашехь вайна хеза 5 аз (1), (а), (х),(а), (р) 
И дерриге аьзнаш цхьана аларо дош кхуллу. 
Къамелан аьзнаш элпашца билгалдоху. 
Куьйга яз а деш, б1аьргашна гуш долчух элп олу.  
Цхьадолчу дешнашкахь аьзнаш элпел сов а, элпаш аьзнел сов а хила  тарло. Масала:
Итт бохучу дашехь кхо элп, ши аз ду. 
(кху дашехь «тт» шала элп ду, цо цхьа аз (т) бен  ца кхуллу)
Ял бохучу дашехь ши элп, кхо аз ду (х1унда аьлча, я элпо ши аз билгалдо (й), (а)) 
Х1ора элпан шен-шен меттиг ю. 
Рог1ехь  д1ах1иттийначу элпех абат олу. Нохчийн абатехь 49 элп ду. 
Х1инца вайн абат т1ера  элпаш  карладохур ду, церан ц1ераш а йохуш:
Зорбанан элпаш
Элпийн ц1ераш
Зорбанан элпаш
Элпийн ц1ераш
А  а
А
С  с
Эс
Аьаь
аь
Т  т
Тэ
Бб
бэ
Т1т1
т1а
В  в
Вэ
У  у
У
Г  г
Гэ
Уьуь
Уь
Г1г1
Г1а
Ф  ф
Эф
Д  д
Дэ
Х  х
Ха
Е  е
Е
Хьхь
Хьа
Ё  ё
Ё
Х1х1
Х1а
Жж
Жэ
Цц
Цэ
З  и
Зэ
Ц1ц1
Ц1а
И  и
И
Ч  ч
Чэ
Й  й
Й
Ч1ч1
Ч1а
К  к
Ка
Шш
Ша
Кхкх
Кха
Щщ
Ща
Къкъ
Къа
Ъ
Ч1ог1а хьаьрк
К1к1
к1а
Ы
ы
Л  л
Эл
Ь
К1еда хьаьрк
М  м
Эм
Э  э
Э
Н  н
Эн
Юю
Ю
О  о
О
Юьюь
Юь
Оьоь
Оь
Я  я
Я
Пп
Пэ
Яьяь
Яь
П1п1
П1а
1

Рр
Эр
 
 

Далош долу дешнаш абатан  рог1аллехь  д1аязде. Т1аккха шаьш и болх нийса биний хьовса. Диц ма де, нагахь санна дешнашкахь хьалхара элпаш цхьатера нислахь, церан рог1алла т1аьхьа дог1учу элпашца къастало.
Цхьогал, аьрзу, г1ум, белхало, ж1ов, йо1, аьлха, говр, п1елг, 1уьйре, къам, суьйре, вота, йовлакх, кхоккха, к1ур,  хьоза,  итт.
Дешнийн нийса яздар иштта хуьлу.
Аьлха, аьрзу, белхало, вота, говр, г1ум, ж1ов, итт, йовлакх, йо1, кхоккха, къам, к1ур, п1елг, суьйре, хьоза, цхьогал, 1уьйре.
Х1инца д1аязйинчу стихотворенин кийсаке хьовса. 
Кхузахь, дешнашкахь элпийн метта дехкина т1адамаш ду. Аша маь1ница дог1у элпаш  д1ах1итто деза. Цул т1аьхьа вай шуьца и кийсак нийса д1аеша  хьовсур ду.
Хь…зано к1…рнеш …хнера
Т…ов к1…лахь, к…рниза ч…хь.
Х…дд…за х…зара ц…ран
Ц…а г1…йла, ц…а б…ткъа м…хь.
С…в сиха хь…йзара  н…н…,
…хьара ц…пцалг я ц1…з.
Т…хана с…нна, и кхана 
Х…лура к1…рнеш …зош.
(Нийса жоп уроке хьаьжча хуур ду)
Элпийн рог1алла дагахь латтор ч1ог1а мехала а, оьшуш а г1уллакх ду. Иза бен а доцуш х1оттийна яц, аьзнаша (элпаша) вай буьйцучу маттехь, дечу къамелехь дакъалацаре хьаьжжина х1оттийна ю. Оцу рог1ехь х1иттийна тайп-тайпана дошамаш, справочникаш, спискаш.
Кху т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу. 
1одика йойла шун! Марша 1ойла!

Close