Урок №21 Аьзнийн кхолладалар.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой. Тахана урокехь аьзнийн кхолладаларх лаьцна дуьйцур ду вай. Юьхьанцарчу классашкахь 1амадаре терра, вайна массарна а хууш ду предложени дешнех лаьтташ хилар, дешнаш- дешдакъойх,  дешдакъош  элпех лаьтташ хилар.
Ткъа стенах олу аз? Муха кхоллало и?
Багахь олуш а, лергашна хезаш а долчух аз олу.   
Аьзнаш 1амочу 1илманах фонетика олу. 
Фонетика грекийн дош ду, вайн маттахь фонетика – «фоне» – аз, йиш, бохург ду. 
Аьзнаш х1аваах кхоллало, уьш кхоллалуш коьрта меттиг д1алоцу матто, кхийолчу меженаша цунна г1о до.
Масала: лор, кор, толам, доьхка, бамба, дарба, латта, меттиг.
Йозанехь аьзнаш элпашца билгалдоху.  
Куьйга яз а деш, б1аьргашна гуш  долчух  элп олу.
Дешнаш  нийса д1а а доьшуш, хьовсур ду вай х1ора дашехь  маса аз, маса элп ду:
Малх,  газа, алкханч,  хьач,  хаттар.
Малх — 4 аз  (м, а, л, х),4 элп
Газа — 4 аз (г, а , з, а), 4элп
Алкханч — 6 аз (а, л, кх, а ,н, ч), 6 элп
Хьач- 3 аз (хь, а, ч), 3элп
Хаттар-5 аз (х, а, т, а, р), 6 элп.
Х1инца  хьовсур ду вай  маса аз ду х1окху дешнашкахь а:
хьаша– (хь), (а), (ш), (а) – 4 аз 
говр–  (г), (о), (в), (р) – 4 аз 
зурма– (з), (у), (р), (м), (а) — 5 аз 
ч1ара– (ч1), (а), (р), (а) – 4 аз 
цициг– (ц), (и), (ц), (и), (г) — 5 аз 
олхазар-(о), (л), (х), (а), (з), (а), (р) – 7 аз 
Нохчийн маттахь оьрсийн маттахь санна аьзнаш шина декъе декъало: цхьадерш вайга хецна алало, цхьа а дуьхьало йоцуш, ткъа вуьйш олучу хенахь цхьацца дуьхьало йолуш, мелла а хала алало.
Хьовсур ду вай х1инца х1окху дешнаш юккъера, цхьа а дуьхьало а йоцуш, хецна алалуш долу аьзнаш билгалдийр ду вай:
Хазалла, къолам, бода, х1усам, стигал.
Хазалла – х1окху дашехь 6 аз ду, 7 элп ду. Хецна, цхьа а дуьхьало а йоцуш алало а – аз. 
Къолам – кху дашехь 5 аз ду, 5 элп ду. Хецна алало аьзнаш   о, а.
Бода – бохучу дашехь 4 аз ду, 4 элп ду. Хецна алалуш долу аьзнаш о, а ду.
Х1усам – 5 аз ду, 5 элп ду. Хецна вайга алало  у, а  аьзнаш.
Стигал – х1окху дашехь 6 аз ду, 6 элп ду. Хецна алало вайга аьзнаш   и, а.
Х1окху дешнашкахь вай билгалдаьхнарш мукъа аьзнаш ду, вуьйш мукъаза аьзнаш ду.
Т1ейог1учу урокашкахь вай къаьсттина дуьйцур ду царех лаьцна.
1амийнарг т1еч1аг1деш ц1ахь 5-чу классан нохчийн меттан  учебник т1ера 24-г1а бакъо карлаяккха.
Кху т1ехь вай урок  чекхйолу. 1одика йойла шун. Марша 1ойла. 

Close