Урок №13. Цхьанатайпанарчу меженашца хуттургаш

Х1окху урокехь шуна хуур ду, цхьанатайпанарчу меженашца муьлха  хуттургаш  лела  а, цаьрца х1ун сацаран хьаьркаш х1иттайо а.
Цкъа хьалха, цхьанатайпанара меженаш стенах олу, карладаккха деза:
Цхьана хаттарна  жоп а луш, цхьана дашах йозуш а йолчу меженех  предложенин цхьанатайпанара  меженаш олу.
1) Бацалахь лепара ц1ен, сийна, можа зезагаш.
2) Ден, ненан хьехарш ч1ог1а мехала ду.
3) Къоман г1иллакхаш, 1адаташ дика девзаш вара иза.
Схьалохур ю цхьанатайпанара меженаш. 
1) Хьалхарчу предложенехь–цхьанатайпанара къастамаш — ц1ен, сийна, можа.
2) Шолг1ачу предложенехь- цхьанатайпанара къастамаш — ден, ненан.
3) Кхоалг1ачу предложенехь – цхьанатайпанара кхачамаш — г1иллакхаш, 1адаташ. 
Цхьанатайпанарчу меженашца хила тарло хуттургаш: а, амма,  бакъду, иштта кхиерш. Масала:
1) Марем а, Зезаг а, Седа а юьртарчу школехь доьшуш ю.
2) Мархас меллаша, амма ц1ена яздо.
3) Орга чехка ду, бакъду сирла дац.
Хуттург а  цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа я царна уллохь лела, запятой  цунна т1ехьа юьллу, амма предложенехь т1аьххьарчу а  хуттургана т1ехьа запятой ца юьллу. 
Амма, бакъду — хуттургашна запятой  хьалха  юьллу. 
Х1окху предложенешкахь   оьшучохь запятойш  х1итто хьовса:
К1ант хиларх Олдам а Элашби а  ч1ог1а воккхавеш вара.
Хьавраа г1уллакхаш ц1ена до амма сиха ца до.
Сан дахаран некъ хала амма сирла бара.
Х1инца талла нийса х1иттийний шаьш запятойш.
К1ант хиларх Олдам а, Элашби  а  ч1ог1а воккхавеш вара.
Хьавраа  г1уллакхаш ц1ена до, амма сиха ца до.
Сан дахаран некъ хала, амма сирла бара.       
1амийнарг т1еч1аг1деш, карлаяккха  пхоьалг1ачу классан нохчийн учебник т1ера 16-г1а бакъо.
Урокана  лерина хан чекхйолу. Шун 1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат».Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарг — Исраилова Луиза Абдул-Галимовна

Close