Урок №1 Мотт – адамийн уьйран уггаре а мехала гIирс.

Мотт-иза Дала вайна делла  доккха совг1ат ду, адамийн уьйран уггара мехала г1ирс бу.
Дуьненахь меттанаш дуккха а ду. Царна юкъахь шен башхаллашца къаьсташ бу вайн мотт.
Ненан маттал сийлахь хIума дац. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге дахар: уьйраш, гергарлонаш, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. 
Нохчийн халкъан яздархоша дукха хестийна вай мотт шайн произведенешкахь, масала: Шайхи Арсанукаевс язйинчу «Ненан мотт» цIе йолчу стихотворени тIера могIанаш:
Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», –
Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.
Схьахьажал цкъа соьга, «хьекъале корта»,
Схьахьажал, яккхий дIа лергара потт:
Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
(Арсанукаев Ш.)
Вайн мотт гIиллакхе а, оьзда а, мерза а хилар гойту  вайна х1окху мог1анаша. 
Шен мотт ца безачунна шен къам а дезар дац, мохк а безар бац. Цундела, сий а деш, ларам а беш, Iамо беза вайн нохчийн мотт. 
Юьхьанцарчу классашкахь Iамийна долу къамелан дакъош кардохур ду:
ЦIердош (имя существительное)
Билгалдош (имя прилагательное)
Терахьдош (имя числительное)
ЦIерметдош  (местоимение)
Хандош (глагол)
Х1ора къамелан дакъа карладаккхар:
ЦIердош. 
Ц1ердашо хIума билгалйо,  мила? муьлш? хIун? бохучу хаттаршна жоп ло.
Масала: гата, куьг, говр, сурт, стом, кIант,адамаш.
ЦIердешнийн ши терахь ду: цхьаллин, дукхаллин.
кор – цхьаллин терахь, кораш – дукхаллин терахь;
ког – когашдитт – дитташ.
ЦIердешнаш дожаршца хийцало.
Нохчийн маттахь бархI дожар ду, хIора дожаран шен-шен хаттарш а долуш. Дош дожаршца хийцадаларх легар олу.
ЦIердош нана легар: 
 
1) ЦIерниг (мила? муьлш? хIун?) нана
2) Доланиг (хьенан? стенан?) ненан
3) Лург    (хьанна?  стенна?) нанна
4) Дийриг  (хьан?  стен?) нанас
5) Коьчалниг (хьаьнца?  стенца?) ненаца
6) Хотталург (хьанах?  стенах?) ненах
7) Меттигниг (хьаьнга?  стенга?) нене
8) Дустург   (хьанал?  стенал?) ненал
Хьовсур ду вай, муха хийцало дожаршкахь мотт боху цIердош а.
ЦIерниг (мила?  муьлш?  хIун?)   мотт
Доланиг (хьенан?  стенан?)  меттан
Лург (хьанна?  стенна?)  маттана
Дийриг (хьан?  стен?) матто
Коьчалниг (хьаьнца?  стенца?) маттаца
Хотталург (хьанах?  стенах?)  маттах
Меттигниг (хьаьнга?  стенга?) матте
Дустург (хьанал?  стенал?)  маттал   
Ткъа хIинца вай дуьйцур ду билгалдашах  лаьцна.
Билгалдош.
ХIуманан билгало гойту, муха? муьлха? хьенан? стенан?мацалера?мичара? бохучу хаттаршна жоьпаш ло оцу къамелан декъо.
Масала:
Оьзда, Iаьржа, ненан, коран,стохкалера, г1алара
Муха? муьлха? бохучу хаттаршна жоп луш долу билгалдешнаш цIерниг дожар доцчу массо а дожаршкахь чаккхе чу йолуш хуьлу. 
    
Оьзда стаг боху дешнийн цхьаьнакхетар легадар:
ЦIерниг  мила? оьзда стаг
Доланиг хьенан? оьздачу стеган
Лург  хьанна? оьздачу стагана
Дийриг хьан? оьздачу стага
Коьчалниг хьаьнца? оьздачу стагаца
Хотталург хьанах? оьздачу стагах
Меттигниг хьаьнга? оьздачу стаге
Дустург хьанал? оьздачу стагал
Хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш долу билгалдешнаш массо а дожаршкахь, хийца а ца луш, цхьатера хуьлу.
Легор ду вай ненан мотт боху дешнийн цхьаьнакхетар.
ЦIерниг х1ун? ненан мотт
Доланиг стенан? ненан   меттан
Лург  стенна? ненан   маттана
Дийриг стен? ненан   матто
Коьчалниг стенца? ненан   маттаца
Хотталург стенах? ненан   маттах
Меттигниг стенга? ненан   матте
Дустург стенал? ненан   маттал
Терахьдош.
Терахьдашо гойту хIума маса ю, масалгIа ю. 
Маса?— кхоъ, шийтта, б1е, ткъе итт
Масалг1а?— кхоалг1а, шуьйтталг1а, б1олг1а, ткъе уьтталг1а.
ЦIерметдош.
ЦIеран метта  лелаш ду иза, аьлча а, цIердешан, билгалдешан, терахьдешан метта  лела.  
Масала: Со, хьо, и (иза),тхо, шу, уьш,вай, хIара, муха, муьлха, маса, масалгIа.
ЦIерметдешнаш а хийцало дожаршца.
ЦIерниг мила? со
Доланиг хьенан? сан
Лург  хьанна? суна
Дийриг хьан? ас(аса)
Коьчалниг хьаьнца? соьца
Хотталург хьанах? сох
Меттигниг хьаьнга? соьга
Дустург хьанал? сол
Хандош.
Х1уманан дар я хилар гойту цо. ХIун дан? хIун хила? бохучу хаттаршна жоьпаш а ло хандашо. 
Масала: ала,олу, аьлла, эр ду, деша, доьшу, дешна, доьшур ду
Вай х1окху урокехь дийцира  нохчийн маттах а, цуьнан сийлаллех а, кIоргаллех а, иза Iамо безаш хиларх а лаьцна.
Карладехира  къамелан дакъойх (цIердашах,  билгалдашах, терахьдашах,  цIерметдашах,  хандешах ) долу хаарш.
Ц1ахь кхочушде х1ара т1едиллар:
Вай тахана урокехь далийначу масалшка а хьожуш, легаде цIердош да, цIерметдош хьо; йозанца дуьззина жоп а ло х1окху хаттаршна:
«Хьан маса ваша ву?  Хьан маса йиша ю? Хьо масалг1ачу классехь доьшуш ву?»
Кху тIехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла! Марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992, аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн меттан 1илманан терминийн луг1ат». Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Гелагаева Асет Хасолтаевна.
Яралиев Юсуп Сардал-Алиевич.

Close